ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шьаш байинчу нохчех а украинахоша байина шайн нах "бо" оьрсаша


Нохчийчоь --Оьрсийн эскарша байина нохчий,1995. Украинан эскаро байина оьрсий тIехь болу сурт ду аьлла гайтина и сурт деношкахь Кремлан пропагандисташа.
Нохчийчоь --Оьрсийн эскарша байина нохчий,1995. Украинан эскаро байина оьрсий тIехь болу сурт ду аьлла гайтина и сурт деношкахь Кремлан пропагандисташа.

Хакерийн "Кибер-беркут" тобанан аьтто баьлла Киевехь лаьттачу рекламаш гойтучу экранашна чукхача. Дуккхаъчу а адамийн бIаьргашна яйра инзаре, къизалла гойтучу суьртех хIоттийна видео. Оьрсийн эскарша украинхошна тIехь бина ницкъ, гIело, къизалла Iорайоккхуш кечйина видео яра иза.

Сурташ тIаьхьий-хьалхий хийцалора хакершна халкъан мостагIий, тIом баккхарна бехке хетачу политикийн сурташца. Церан могIарахь вара Украинан премьер-министр Яценюк Арсений, парламентан спикер Турчинов Александр, Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Аваков Арсен, «Правый сектор» (Аьтту сектор), «Свобода» (Маршо), «Радикальная партия» (Радикалан парти) олучу партийн куьйгалхой а. ХIора суртана тIехула къаьсташ дара «Зуламхо» аьлла яздина йоза.

Украинан парламентан - Лакхарчу Радин - харжамашна кечамаш бечу тIаьххьарчу дийнахь гучуелира и материал. Видео гайтар кIеззиг ханна нисделлехь а, дукхахболчу нахана иза гира, бохуш дуьйцу тайп-тайпанчу хаамийн гIирсашкахь.

Ткъа Украинехь шен харц болх дIакхоьхьучу Оьрсийчуьрчу «Хьалхарчу каналан» каделира экрантIехь йоьдучу видеон сурташ даха. Амма инзаре хетарг кхин дара. Оцу видеора цхьа сурт Нохчийчохь оьрсийн эскарша маьршачу нахана тIехь шаьш латтийначу къизаллийн дозаллийца даьккхина сурт дара, цу тIехь украинахоша байина оьрсий бу гойтуш, аьлла.

I995-чу шарахь бехк-гунахь доцуш, хIаллакбина маьрша нохчийн цхьана коша дIабухкуш даьккхина ду и сурт. Масситта шерашкахь интернетехула лела иза даьккхинарг оьрсийн фотограф Неменов Александр ву.

«Нохчийчохь маьрша нах къиза хIаллакбинчу оьрсийн фашисташа, тахана цхьа а эхь а ца хеташ, оцу халкъана гойту шайн ямартло, къизалла, тахана Донбассерчу оьрсашна тIехь къизалла латтаеш украинхой бу бохуш», яздина интернехь цхьана украинхочо блогера «Ибигдана».

Оьрсийн зорбанан гIирсашкахь дуьххьара дац Украинехь лаьттачу хьолах лаьцна и тайпа харц хаамаш кхайкхор. Оьрсийн пропагандисташа кхечу пачхьалкхашкахь даьхна къиза суьрташ а, видеош а гойту, уьш Украинехь даьхна ду бохуш. Цунах лаьцна дуккхаза а йина Маршо Радионо репортажаш.

Масала, ГIирма дIалаца Путинан го кечлучу деношкахь дуккха а телевизионаша гайтира цхьа сюжет а. ГIирмахой-оьрсий эзарнашкахь уьду украинахойн къизаллина кIелхьара, Оьрсийчоьнан дозанах чекхбовла рагI ларъеш лаьтта, бохуш, гойтура доза а, цуьнан кевнна бертте таттаделла адам а. Ткъа тидича, яьккхина видео яра, даима а санна, Европе кхача арабевлла, Полшин дозанехь лаьтта украинхой гойтуш.

Иштта, Украинера вахархочух Петков Андрейх лаьцна а кхоьллира бес-бесара туьйранаш оьрсийн уггаре а дукха адам хьожуш йолчу телевизионаша. Масала, НТВ-но иза ву бохура мостагI, «Правый сектор» («Аьтту сектор») олучу экстремистийн тоба нах байъа Iамош волу инструктор.

Ткъа «Россия» канало Петков Андрей ву бохура Украина федерализаце ерзорехьа лаьтта, оццу «Правый секторерчу» экстремисташа йиттина охьавиллина стаг.

Кхушеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира куьг яздинера 300 сов газетан а, телевизионан а белхахошна «ГIирмера хьелаш ма-дарра довзийтарна» аьлла совгIаташ деш.

Сила йолчу оьрсийн пачхьалкхана и тайпа харц хаамаш бар шайн телевизионаша стенна мега, стенна магадо хета хьуна, аьлла, хаттар дира Маршо Радионо дукха хан йоццуш социологин Левада-центран директоре Гудков Левга. Цунна бахьана иштта го.

Гудков: «Пропаганда еш вуно мехала ду, хьулуш дерг кхечу агIор хила мега бохург юкъара дIадаккхар. Алтернативан информаци цахилийтар. И бахьана долуш Iедалша дуьйцучух тешаш боцу нах цхьа аьтто боцуш хьулу кхечу хаьжарца болх бан. Иза ду пропагандехь коьртаниг».

Оьрсийчоьнан политикехь мел чорда ду бакъдолчунний, харцдолчунний юкъахь лаьтта тIай, го тахана. Кремлна сийлахь болу журналисташ дуьненна хьалха аьшпаш кхуллу говзанчаш бу. Иза кест-кеста хоуьйту Европерчу хаамийн гIирсаша.

XS
SM
MD
LG