ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Канташ - поэт, философ, афоризмийн пхьар


Ибрагимов Лоьма (Канташ), нохчийн поэт, прозаик.
Ибрагимов Лоьма (Канташ), нохчийн поэт, прозаик.

Вина де дара деношкахь нохчийн яздархочун поэтан, Канташ псевдоним лелаечу Ибрагимов Лоьмин. Иза декъалварца хьахаво Маршо Радионо а...

ХIинцачул 22 шо хьалха «Органехь» зорбане девлла цуьнан «Зиерийн зераш» цIе йолу хьекъалечу аларийн кочар. Цуц тIера ду хIара аларш, масала.

«Иэхьана жIаьлийн ун кхеттачу стагана боьхачу хIуманах хьожа ца йогIу». «Боьршачу стеган стен амалш дахар хаздан лууш хуьлу».

«Цкъацкъа вон амал ша вайна новкъа юй хиъча, дIаяха тохало. И вешан хиларна цунах къа а хетий, и дIайоьдийла ца лууш цунна хьестадала хIуьтту вай».

«Наб кIезиг, ойла дукха ян луу стаг, кхиберш-м бийца а ца оьшура,- дахкана а хуьлу новкъа». «Халкъан бала тида Iедал шен балано ца дуьту».

«ГIайгIа дикка лехча ирсан баьрччехь а карайо».

Ишта кхин дIа а. Iаламат дукха ду Лоьмийн цу могIарера, мух-мухха а доцу, «ойланийн литтанаш» херцадойтуш долу, ира аларш.

Делахь а суна гергахь Ибрагимов Лоьма уггар хьалха, бIаьрго схьа ма-лоццу, дуьне-Iалам хаздеш, бос лепош лаьтта, бес-бесара зезагаш санна, нохчийн исбаьхьаллин литература маьIне а, чулацаме а еш схьавогIу байтанча ву. Со тешна ву дерг ду а олуш, хьакъболлу мах а ца хадош, йисинчех ю аьлла цуьнан кхолларалла. Яздинарг масех дош бен дацахь а цуо кхетам дIа лоций, ахкаме йоху ойланаш:

« Нохчийчоь!

Мел чIогIа озийча а-оьмаран Iодара-

Муьлхачу харцоно хьуна хIун дийр дара? -

ТIехIотта дисинарг дукха ца хилча.

Ибрагимов Канташ дуьххьала дIа байтанча хилла ца Iа- иза философица юххера гергарло а долуш, хьекъалда-байтанча ву, йийцарехь а доцуш, халкъан барта кхолларалла а евзаш, къоман амал а, синмехаллаш а евзаш. Мохк а, дуьне а довза а девзина, зе а зийна, цхьана а кепара яста къайле йисна а йоцуш санна, валар-висарх ойлане вуьйлу цуьнан синхааман турпалхо:

Меттамотт биллина,меттан мотт Iамийна,

Iожаллин амало билгало кховдийча,

Сайн цIарх вон дика жамIате гулдина-

Цхьа лаам бара сан кхочушбан йиш хилча.

Сайн вонийн йозалла белша тIе йиллина,

Дикано белла ницкъ гIодаха хуьйдина,

Сан гIатта ойла ю кIайн кисин меттара-

Дуьсуча дуьненах бIаьг буза тIаьххьара…

ГIатталахь гIаьттина гIоттучу малхаца,

Бераллин некъашца эвлайисте вера ву.

Оьмаро хьаькхна сиз къаьстачу гу тIера,

Гилгаме жилIалам бIаьрсица хьостур ду.

Вахалахь,умматан кешнашка вахана…

Хьомсара хиллачийн баьрзнаш тIе хIоьттина:

Дуьненна къинтIера со вала хьожур ву,

И сайна къинтIера со даккха хьожур ву…

Канташан байталла евзаш тIех дика кхетало цуьнан синхааман турпалхо, шен сих-цIийх, дегIах, къасто йиш йоцуш, Нохчалла боху кхетам дIаийна, дуьненахь зеделла, цу хала, къиза деъначу дахарехь, диканах дог ца дуьллуш,къармазалла гойтуш чекхваьлла, вахчавелла дахарна тIера стаг хилар.

Сино хьоьххург дийца ондачех дог хилча.

Цу даге хьажжина дуьнен тIе дош хилча,

Ша кхача деззачу и дош дIакхаьчча-

Цхьаболчех хIун дора,цхьадолчух хIун дора?.

Сан цхьа хьашто а я Iалашо а яц Ибрагимов Лоьмийн хаарийн шорталла талла а, цо хIара ирташ тIехь а йолуш, оццул жарганаш ара а хецна, «Гоч» журналан редактор биста кхаччалц белхаш а бина, бохуш, хастамашца иза «вагарван». Суна тоаме ду, кхечара итттаннаш могIанашкахь, цхьа ойла кхала гIерташ далочу хенахь, цо церан мехха цхьана могIанехь лепадо исбаьхьаллин дош, «ишта а ала тарлуш хилла-кх хIара» бохучу ойланца, дешархо цец а вохуш.

Хила доьгIнарг хIун ца хилла? Хорша янза мила хилла?

Шен лаамийн да а хилла,хьан я хьаьнга хIун ца аьлла?.

Маьлхан дуьне мерза диъна,коьрта ойла даго йиъна,

Бохург хилла.аьлларг хилла, хьенан мила коша вижна?

Вала воьжча, хIун ца хезна? Дахар токхуш ,хIун ца гина?

Я цагинарг дикне кхаьчна, лаьттан маьIиг хьанна яйна?

Ибрагимов Канташан дукха ю дахарх, валар-висарх ойланаш йойтуш, мича Iалашонца веъна со дуьнене, хIун хила догIу стеган коьртачех коьрта декхар бохучу а, кхечу а, адамна даима а хьалха лаьттинчу хеттаршна жоьпаш лоьху байташ.

Ца лаьа кхин цкъа а дуьненчу вала,кхин цкъа а дуьнене со Iехавайта.

ЮьхьIаьржо йоцучохь – юьхьIаьржа хIитта, дуьненнал долу дог дуьненах къийла.

Iожаллех уьду са – сийдоцчу дийла, и дукхадезарах бехказвийла.

Ца лаьа йиш-ваша мах белла эца, адмалла йоцучохь дог буйна леца.

ТIаккха алуур дац,доцу де лехьо, бертазчу къиношца маликаш делхо.

Тоъалчух тоам бан са доцуш говза, жималлехь елийна сайн нана елхо.

Дешан говзанчо, мет-меттара дош карош, яьстина даймехкан а, къонахаллин а , гIиллакх-оьздангаллин а теманаш. Царех кхиа а, хьаамечу, мерзачу синхаамийн теш хила луучо уьш еша еза…

Схьагучу суьртехь, хийлабезамозийна а,вагийна а, хервина а, герга ийзийна а ву Ибрагимовн синхааман турпалхо. Стенна аьлча, цуьнан байталлехь тоьллачех тоьлла лара йогIу безаман лирика а. Ша муха хIун дуьйцу а хууш, хIора дош, дукха лерина «терзана» тIехь оза а узуш, балхабо цо безам.

Цкъа суна эшнера хьан дегайовхо –

Сихалло са дуург, сих ца луш далхо.

Совнаха ойланаш тIаьхьара яха,

Генара сатийсам куьг кхоче баха.

Цкъа суна хиънера хьан йилбаз хьаста –

Сан дукха хиллера цу сохьта къаста:

Де эшна висначохь,юьхькIайча хIотта,

Де тоьлла деанчохь, хьо сайха хIотта.

Цкъа суна лиънера хьо дола ерзо,

бIаьрсино эцале хьан куьцах марзо.

Сайчуьнца ца къуьйсуш, хьан дагца къийса,

Ховхаллин беркатан IиндагIе хийша.

Канташан кхоллараллехь цхьа билгало ю коьртах юьйлуш – шо-шаре мел долу а цуьнан байталлехь хаало, исбаьхьалла лах а ца луш, маьIнийн тIегIа стигал Iаьрчашка хьала а доьдуш, ойлананкIорге ястаран доза шорлуш хилар. Цу декъехь тахана,нохчийн исбаьхьаллин литературехь даладеллачех цхьаъ ву аьлла хета Канташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG