Москох - Прага. ХIавел Вацлаван аэропортехь кемантIера охьайоьссича, суна дуьхьалбаьхкинчу нохчаша «Привет!» я «Hello!» сайга олучу меттана, цIенчу нохчийн маттахь къамел дича, со гIеххьачул цецъелира. ХIунда аьлча, Европе дIабаханчу нохчийн лар йовр ю, «яйна тIаьхье» ю, къоман гурашкара а бевлла, хийрачу нехан динца нохчий лелаш бу, шайн мотт а бицбина, бохуш, Нохчийчохь даим олуш хеза.
Сан лаам хилира гинчу суьртах тоам а ца беш, кхидIа а талла Нохчийчохь цхьаболучара «яйна тIаьхье» олучу нехан Iер-дахар. Оцу Iалашоно ялийра со Австрехь, шен оьмаро, шех доьзна доцчу бахьнашца, Нохчийчуьра хийрачу махка кхачийначу Сатаева Iайшатан хIусаме.
Iайшат кхаа доьзалхочун нана ю, берийн бераш а долуш. ТIеман шерашкахь оьрсийн эскарша цIийнда вигина, доьза вайина цуьнан.
Маршо Радиоца хиллачу къамелехь цо бовзуьйту Европехь бехачу нохчийн хIусамашкахь ша бина тидамаш.
Нохчийчоьнах шайн бозу маша хадарна кхоьруш, нохчалла ларъеш, Даймахке сатуьйсуш, лерг диллина, цхьана дикане сатуьйсуш Iаш, Даймахкахь долчуьнга ладоьгIча, «тхо-м масмаликаш ма ду» олий хета шена боху Iайшата.
Iайшатан йоI Марха яра шен нана йолчу хьошалгIа еана. Австрехь дуьненчу даьлла цуьнан кхуьй а бер. Доккхахдолу ши бер немцойн берашца цхьаьна берийн беша лелаш ду. Цо дуьйцу шайн хIусамехь лелачу ламастех лаьцна.
Нохчаша ког биллаза латта хир дац кху дуьненчохь. Гоьяьлла нохчийн иллиалархо Рамзаева Бирлант еха Канадехь. Цо тахана а йоху шен къомана а, шена а хьайначу баланех, лайначу а, ловчу а халонех эшарш. Къамел долалуш, ас сайн программин тема йовзийтича, цо элира: «Телефонехь дийцар-м дош а дера дацара, хьан тхо долчу ян аьтто хилча, факташ хир яра хьан».
Канадица къамел дерзийча, Маршо Радио зIене елира Швецица. Цигахь беха нохчий а кхеташ бацара, хIунда олу шайх «яйна тIаьхье»? Тхоьца хабаре ваьллачу поэта, Даймахкахь а, Европехь а нохчийн, шведийн, ингалсан меттанашкахь арадийлина тептарш а долчу Юсупов Iилмана дийцира шена зенделларг.
Нохчийчоьнца дахаран некъаш хеддехь а, ца хедда дукхахболчу Ероперчу нохчийн Даймахкаца йозу синан зIенаш. Буьйцучу меттан а, буучу кхачанан башхалла а шайн къоманиг ю нохчийн доьзалашкахь: чIепалгаш, хингалш, жижиг-галнаш, бIараш.
«Со мила ву? Муьлш бу сан ворхIе а дай? Сан орамаш? Сан мохк?» - цу хеттаршна жоьпаш леха а ца оьшуш карадора тхан къамел хиллачу хIора а Европерчу нохчочунна.
Даймахках къастаран бахьанаш мухха хиллехь а, цара цкъа а диц ца до шайн орамаш, шаьш оцу орамех Кремло хердинехь а.
Амма массо а вац нисвелла, чIагIвелла, вуьззина динца, маттаца лелаш кхузахь. Вайн цIахьберш а ма баций гIиллакхехь-оьздангаллехь тIех совбевлла, бохура Австрехь вехачу боккхачу доьзалан дас Магомадов Виситас.
Малхбузерчу дахаран хотIе бирзина, я нийсачу некъах боьхна лелаш ца карийра суна вайн махкахой. Дехха хилира тхан къамелаш. 13 шарахь Сибрехахь Даймахках хьегначу вайн дайн-нанойн сингаттамаш хаалора церан аьзнашкахь.
Нохчийн барткхоллараллера ду хIара дийцар: «Ширачу заманахь, хIинца нохчий бехачу лаьтта тIехь, ваха хиина, боху, цхьа стаг. Декхначу дийнахь анайистехь гучуяьлла, боху, цхьа исбаьхьа хаза йоI – Малх-Аьзни. Дала оцу лаьтта тIехь цхьаьна даха, цхьа доьзал кхион кхоллам белла хилла царна.
ЦIийнадас, доза къастош, нахарца мохк а аьхна, аьлла, боху: «ХIинца дуьйна хIокху лаьтта тIехь вехар ву со, сан доьзал а, сан доьзалийн тIаьхьенаш, диканца веанчу хьешана хьошалла а деш, тIом бохьуш веанарг тIамца вуха а тухуш, гIиллакх-оьздангалла а ларъеш.
Кхул тIаьхьа буьйцур бу хIокху лаьтта тIехь дехачу адамаша нохчийн мотт, хIиттор ду ловзарш, дийр ду хелхарш, эр ду наноша аганан иллеш, кхиор бу оьзда доьзалш».
И аьхна дийцар дIадахдеш, лаьар-кха пана махкара вайн йижарий, вежарий цIа а бирзина, хIуттийла и той…