„БIаьрлагIа ю Европехула кхерсташ- терроран бIаьрлагIа“, - иштта ала мегар ду кху деношкахь, вевзаш волчу шина классикан, Марксан, Энгелсан дешнаш мелла а хийца а хийцина. Массо а аьлча санна тIеIаткъаме Малхбузера пачхьалкхаш чIагIлуш ю, террорхоша дан тарлучу тIелатаршна кийча хилархьама.
Юкъараллехь а, телевизионашкахула а, хаамийн гIирсашкахь а лоьмар цхьаъ хилла дIахIоьттина радикала исламхойх а, джихадхой а болу кхерам. Ур-атталла яккхийчу Европерчу шахьарийн урамашкахь а гуш бу меттигерчу Iедалийн сингаттам- майданаш а, туристаш лела меттигаш а, пачхьалкхан мехала объекташ а кIирделла хан деш ю Парижехь терроран тIелатарш хилчу дуьйна схьа.
Иштта, масала, масех де хьалха цхьана террорхойн тобанца тIеман тассадалар хиллачу Белгехь Iедалхоша эскар урамашка даьккхина, къепе ларйарехь дакъалаца – 300 сов салти ву Брюсселан а, Антверпенан а гIаланийн кхерамазалла ларйан араваьккхина.
Хууш ма-хиллара, Антверпен гIалахь Европехь уггаре а яккхийчех жуьгтийн диаспора ю, цундела цу къоман векалш беха кIошташ а, жуьгтийн музей, церан дашо а, алмазаш а духку туьканаш а ларйийр ю эскархоша. Иштта террорхойн тобанца тIеман тассадар хиллачу Верьве гIалахь а хир бу салтийн къепеларйарехь дакъалоцуш.
Белгехь хиллачу тIеман тассадаларх аьлча, дечкен беттан I5-чохь Верве гIалахь террорхойн къайлахчу тобанна дуьхьал лерина операци дIаяхьира белгихойн полицино.
Цу пачхьалкхан инарла прокуратурано бинчу хаамца, Шемахь тIамехь дакха а лаьцна, юхабирзина хилла джихадхой Белгехь терроран тIелатарш дан кечлуш хилла. Уьш лаца дагахь йолийначу операцехь тIеман тассадалар а хилла, террорхойн тобан ши декъашхо вийнера, ткъа цхьаъ лазийна Iедалхойн каравахнера.
Амма масех джихадхочун ведда къайлавала кадаьллера. ХIинца Марокко пачхьалкхара орамаш долу цхьа жимстаг лохуш бу Белгера Iедалхой. И 27 шо долу Iабдулхьамд Аббауд цIе йолу кIант шаьш йохийначу террорхойн тобан куьйгалхо хилла аьлла тешна бу уьш. Карарчу хенахь я Туркойн махкахь я Грецехь къайлаваьлла а лору цара иза.
Грецехь а, ала дашна, дIаяхьира кху деношкахь Iедалхоша джихадхошна дуьхьал лерина операци. Шота дийнахь цигахь лецира виъ стаг, радикала исламхойн хьежамаш кхобуш хиларна шеконе а лаьцна. Цкъа хьалха, Белгерчу а, Грецерчу а Iедалхоша хаамш баржийра, и лаьцнарш Белгехь Iедалхошца тIом бинчу тобанера хила там бу аьлла, амма жимма тIаьхьуо и хаам бацаре бира цара.
Джихадхошца къийсам латторан эстафета шега оьцуш Италино а кху деношкахь махках ваьккхина исс стаг. Царна юккъехь Тунисан а, Мисран а, Мароккон а, Пакистанан а бахархой бу. Цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министр волчу Алфано Анжелинос журналисташка бинчу хаамца, цу иссамо ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанна декъашхой лохуш хилла Италехь, ткъа царех шиъ шаьшшиъ а хилла Иракъе ДаIишах дIакхета ваха кечвелла.
ХIинца шайн даймехкашка экстрадици шаьшна йинчул тIаьхьа, шайн кадалахь, цигара дIа шайна лууче баха йиш хир ю церан элира Алфанос, и тактика, - террорхошца гергарло долу нах махкара арабахар - кхин дIа а шуьйра юхьара лаца дагахь ду шаьш аьлла тIе а тухуш. Цул совнаха, цуо хаам бира, Италера 59 стаг хIинцале а ДаIиш тобанах дIакхетта аьлла, уьш берриш а шаьшна цIерашца бевзаш а бу, аьлла.
Австрера хIинцале а Шемахь а, Иракъехь а тIемаш бан баханчу нехан терахь 200 стагал совдаьлла. Царех доккха цхьа дакъа нохчех лаьтташ бу бохуш чIагIдо меттигерчу Iедалша. Изза сурт ду Германехь а, Францехь а.
И сингаттаме хьал бусулбачу нахана шаьшна шайн дин харцахьа кхетар а, дуьнене а цара иза цундела гарачу хьесапехь кхийдош хилар а хета политологна Асхабов Хьамзатна. Цунна хетарехь ши фактор – бусулбачийн, къаьстина къоначийн, шайн дин ца довзарий, Малхбузерчу Iедалхоша, цу нахаца болх барна метта, и хIума шайн Iалашонашкахь ловзорий хета цунна хIоттаделлачу хьолан бахьана.
Асхабов: „Бусулбана нехан шайн динах долу хаарш тоуьш ца хилар а, умматана юккъехь и дин доллучу дуьненна а машар а, беркат а дохьуш хилар а, цу динан исбаьхьалла а дIагайта, дIакховдон хууш болуш нах ца хилар а гойту хиллачуо. Амма иштта декъаза сурт ду Европан а, Малхбузенан а куьйгалхоша хIоьттинчу хьолах лелош дерг а, царна а ца хаа кху хьолехь говза муха леладеза, дика-вуон муха къастон деза, церан реакцих гуш ду церан гуьнахь ца хилар“.
Цунах терра ойла йовзийтира вевзаш волчу Iамеркахойн арахьарчу политикан аналиста Шапиро Джеремис ша Дойче Велле агенталлина еллачу интервьюхь. Цунна хетарехь, йоллу Малхбузе террорхой тIелатаран кхерамехь ю бохург дукхатIех даздина дийцар ду.
ХIора а теракт хиллачул тIаьхьа дуьненчохь даьржа цу кепара и кхерам бестийна бийцар, амма хIораза а гучудолу иза бух боцуш хилар, элира цуо. Европера кхерамазалла ларйаран ницкъаш шайн болх дика бевзаш а, иза дика беш а бу, цуо дийцарехь. Ткъа юкъараллехь кхерамаш дебор – иза уггаре а хьалха аьтто-радикалхошна а, расистийн хьежамаш болчарна а санехь ду аьлла хета аналистана.
Масаллийно цуо даладо Францерчу „Къоман Фронт“ цIе йолчу ултра-аьттора партино шена цу террорхойн зуламах пайда бан гIертар а.