ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инарла Мунаев кхелхина, цуьнан метте хIоьттина майор Осмаев


Украинехьа тIом бечу Дудаев ЖовхIаран цIархчу дуьненаюкъарчу машаран батальон олучу декъан коьртехь шоьтадийнахь кхелхинчу Ичкерин инарлин Мунаев Iисан меттиг дIалаьцна цуьнан гIоьнчас Осмаев Адама. И хаам тIечIагIбо Украинерчу дуккхаъчу агенталлаша.

Мунаев Iиса Дебальцево гIалина гергахь сепаратисташа динчу тIелатарехь чов хилла валар бакъдина цуьнан куьйгалхоша а, тIеман накъосташа а.

Осмаев Адам ву Одессин вахархо. Лурчаха, лаьцна, ши шо хан текхна цо шена тIехь ен кхел ерззалц. Оьрсийн президент Путин Владимир вен кечлуш хилла иза бохуш, Кремлан агIончаша ден тоьшаллаш бакъ а ца дан делла, кхечу кегий зуламашна бехке а вина, кхайкхийна хан набахтехь цо текхна хилар чоьте а оьцуш, ши бутт хьалха маьршавалийтира Осмаев. ХIеттехь вахара Мунаев Iисан батальоне. Украинан эскаран майор даржехь ву Дудаевн батальонан керла хьалханча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG