Йозанчаш Нохчийчохь бIеннашкахь белахь а, нохчийн литература кхиошболчийн могIарш готто бу.
ХIунда аьлча, бакъболу яздархой денна кхуьуш бац, олуш ма-хиллара.
Маршо Радион къамел хилира нохчийн «Орга» журналан редакторца Минкаилов Эльбрусца. Цо дийцира тахана нохчийн литература муьлхачу хьолахь ю, бовзийтира литература кхиорехь тоьлла яздархой а.
Минкаилов: «Нохчийчохь яздархой бу нохчийн маттахь, оьрсийн маттахь язъеш. Верриге а яздархойн юкъараллехь лаьтташ бIе сов ву. Уьш берриге а цхьатерра бу аьлча нийса дац, цхьаберш геннара похIма а долуш, лаккхара говзалла а йолуш пхьераш бу, кхиберш Iемаш бу.
Яздархойн хьал а, яздархойн цIе а мел а хийцаелла хета сунна тахана?ЦIераш йохуш багарбича, прозехь язъеш Ахмадов Муса, Бексултанов Муса, поэзехь Абдуллаев Леча. Царна тIехьахIиттина кхин цхьа чкъор ду говзачу кегийчех, мехкарийн тоба: Петирова ПетIамат, Сагаева Залина, Арсалиева Люба. Дика язъеш схьабогIуш, шайн хатI лоьхуш, поэзехь некъ бо цара».
«Орга» журналан редакторан гIовс ю Алиева Зарина. Дуккха а шераш ду цо яздархошца уьйраш латтайо а, литературан критикехь къахьоьгу а.
Заринас бовзийтира Нохчийчоьнан литературехь ирхенаш яьхна, шена дикачех бу аьлла хета яздархой.
Алиева: «Нохчийчохь дуккха а бу яздархой, ца хила йиш а яц. Массо заманахь хилла а бу, хир болуш а бу.
Маршо Радио: Къаьстттина похIма долуш мила ву? 2-3 цIе йоккхур ярий ахь?
Алиева: «Гой хьуна, хьо провокацин хеттарш деш ю! (еларца). Цкъа яздархой буй хаьтти ахь, юха цIе яккха эли ахь 2-3. И кхоъ ас даима а вуьйцуш ву, цундела цу тIе доьгIна-а-а дуй-те и хьан хаттар, аьлла хета суна!
Яздийраш дуккха а бу, амма цунах шайн дахар а дина, шайн дуьненчохь уггар деза хIума а дина, ас лоруш, суна билгалъваьлла прозехь къахьоьгуш Ахмадов Муса, Бексултанов Муса ву, поэзехь Абдуллаев Леча, Бисултанов Апти - иза хаза нехан санна дика поэт ву, тахана цIахь вацахь а. Уггаре коьртаниг хIун ду цу яздархойн - нохчийн мотт кхиор»!
Яздархочунна шен кхоллараллехь кхиа дешархо оьшу, олу, шех кхеташ волу дешархо. ТIаккха кхоллало, кхиа а кхуьу литература.
Хьалхалерачу яздархойн цIераш муьлххачу а дешархочунна евзаш яра, цул совнаха церан йозанаш а. Бадуев СаьIид, Хамидов Iабдул-Хьамид, Гайсултанов Iумар, Мамакаев Мохьмад, Исаева Марем, Сулаев Мохьмад, кхин а дуккха а яра гоьевлла цIерш.
Уьш къомана бевзаш а бара, цара яздина жайнеш дукха ца хиллехь а.
ХIун бахьана ду тахана къоначу чкъурана шайн заманан яздархо цавовзар?
Критика Алиева Заринас довзийтира тахана книгаш йоьшурш хьалха санна дукха цахиларан бахьанаш.
Алиева: Дуьненахь дерриг ду Нохчийчохь дерг а. Массо а телефонна, интернетна тIевирзина, цундела ду. Вуьшта, йоьшуш нах бан-м бу, делахь а, тахана йоьшуш нах кIеззиг бу аьлла, ца язъеш Iойла а дац. Цкъа мацца а, цхьана заманахь, хьажахь, вайн нохчийн васт ишта хилла-кх, бохуш, еша луушберш хир бу. Цундела, язъян еза! ПохIма долучара язъеш хилча кхин а дика дара, делахь а, уьш тахана кIеззиг бу-кх».
ТIаьххьарчу хенахь дийцаре даьлла вайн юкъараллехь, нохчийн мотт дуьненчуьра дIадовла тарлучу меттанех цхьаъ бу бохуш.
Амма Маршо Радиоца къамелехь хиллачара билгалбаьхна яздархой къоман мел бу, дегайовхо ю хIораннан а, нохчийн маттахь дIа мел Iоьттина къолам мехала хирг хиларан а, уьш мел бу нохчийн литература зазадоккхуш кхууьрг хиларан а.