ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевца гергарло ца тасаделлехь а, роман ца язъеш ца Iийна Леманн Барбара


Germany -- Journalist Barbara Lemann
Germany -- Journalist Barbara Lemann

Нохчийчоьнах а, нохчех лаьцна а тептарш Малхбузехь арадийлар цхьа а цец ца волу хIума ду. ТIамах, нохчийн Iадатех, исторех лаьцна жайнеш хIинцале а дуккха зорбане девлла Европехь. Амма нохчочунний, немцочунний юкъахь кхоллабеллачу безамах йолу роман дуьххьара язйина.

"Камикадзен йозанаш“, „Террорхойн закъалтехь“ - иштта зевне цIераш йолуш хуьлу Европехь Нохчийчоьнах лаьцна язйеш йолу исбаьхьаллин литература. И тептарш яздеш берш, дукхахьолахь, модехь йолчу нохчийн теманах пайда а эцна, шайн киса дузо а, яздархочун цIе шайн кхолла а Iалашо йолуш хуьлу.

Ткъа и тайпа киншка зорбане яла а кхиале, тайп-тайпанчу ток-шоу хуьйшу и нах, шаьш шайна „Нохчийчоьнах эскперташ“ олий йоккха цIе а туьллий.

Ишттачу авторийн могIарш стамделла кху шеран Заздоккху баттахь немцойн журналистана Леманн Барбарин „ТIеман заманара безам“ цIе йолу роман зорбане яьлчахьана.

ХIинцалца схьа Германерчу телехьовсархошна йорахчу ток-шоу ахчанах шен дай-наний шаьш шайна тоьхна цхьаьна дийнахь цхьаний даларх лаьцна дийца эхарца евзаш йолчу цу журналисто, шен дуьххьарлечу романехь эскперталла безамах дийцаран хьесапехь ешархойн тидаме а диллина.

Киншкин коьрта турпалхой немцойн журналист Дорой, цхьана хенахь вевзаш волу сарташдахархо хилла, ткъа хIинца тIемло волу Асланий ду. Цу шиннан безам, Соьлжа-гIалин херцашлахь кхоллабелла, Берлинан готтачу урамашкахь чIагIбелла а болу, шерашкахула чекхболу, халонаш а, цакхетамаш а, шиннан а дIадаьлларг а луьттуш, къардеш, къар ца луш.

„Иза корана хьалха лаьттачу гIента охьалахвелира. Сан петарахь и цхьа ширачу щаманера гIант доцург кхин хIуммаъ яцара ас айса эцна. Шен цIахь, Нохчийчохь, иштта хIумнаш йисна а яц, элира цо. Антиквариаташ, сарташ, ворхIе а дайшкара бисина бахамаш – дерриге а хIаллакдина дIадаьккхина ду, ларйоцуш.

Ур-аталла шен дагалецамашкахь а ца дисина царех хIумма а, элира цо. „Со манкурт ву. Дагалецамаш а, иэс а доцу адам. Дерриге а даьгна дIадаьлла“ - иштта яздо Леманн Барбарас шен безамах йозанахь.

Ешархочунна кхета хала дац, цу романехь Леманнс юьйцург иза ша хилар а, ткъа нохчийн турпалхочун метта милла а хила йиш хилар а. Амма журналист евзачарна дика евза иштта цо кху тIаьххьарчу итт шарахь сов язъйеш хиллачу цу романан истори а.

Дуьххьара, авторан ойланца, нохчочун меттахь хила везаш верг муьлха а цхьа вевзаш волу тIемалойн баьчча вара, идеалан кепехь Басаев Шемал. Дуьххьара ша Нохчийчу йоьдуш а цу Iалашонца, кадалахь Басаевца цхьаьнакхета а, цуьнан шега хьовзалахь корта хьовзабан, цул тIаьхьа цу доллучух лаьцна киншка яздан а Iалашонца ша яхана хилар журналисто хьул деш а дацара.

Амма цу шен Iалашонах гIуллакх хир доций, ткъа Басаевца безам кхоллабалар хьовха, иза генара ган шен ка ера йоцийла кхеттачул тIаьхьа, къардайна журналист мелла а эгIазох болу чIара лаца мукъане а кадер дацара-те аьлла, хIетахьлерачу Соьлжа-гIаларчу Оьрсийчоьнна муьтIахь долчу керлачу Iедалийн векалшна гуобаха йолаелира.

2004-чу шарахь Леманн Барбара шен хIинца араяьллачу романан материалаш гулйо Нохчийчу еанчу хенахь иза гергара евзина а, цуьнан бакъйолчу Iалашонашца тIаьхьакхиина хиллачу Соьлжа-гIалин яхархочо Сулаева Азмана иштта дагалуьйцу Германера хьаша а, цуьнан амалш а.

Сулаева Азман: „Дика дагайогIу суна Барбара. Хало стаг яра, цхьа шен амалш йолуш. Уггаре а чолхе хан яра иза кхузахь гучуяьлла хан. Соьлжа-гIалахь тхан лулахочун петарахь сецна яра иза. Киншка язъеш ю ша, материалаш гулъян еана олура цуо.

Кхинболу журналисташ Нохчийчу шаьш баьхкича, гIар ца бовла гIерташ, вайнахах тарбала гIертара. Ткъа хIара йовлакх тиллина, нохчийн зудчух тера хилийта гIоьртича, бIаьрг тIера дIаболушехь коьртара хIума охьа а йоккхий, даима а божарий болчу агIор дIагIерташ хуьлура“.

Киншка язъян шена материал гулъяран Iалашонашца кадечу журналиста лелош хилла хIилланаш а дика дагадогIу шена бохуш дуьйцу Азмана. ГIала гайтахьара аш шена олий, дехар а дой, шаьш цуьнца арадевллча, цо цхьа хьаштдоцург ца деш цIехьа ца доьрзур шаьш, бохуш дуьйцу цо.

Эххар а Леманн Барбара, хIуъу дина а, ша муьлхха а зуламхошка яда а яйтина, цунах шена турпалхочун цIе езаш хиларх кхийтира шаьш, тIаккха цуьнга, тхуна оьшуш яц ахь лелош йолу кхераме забарш аьлла, иза ша схьаеъначу юха хьажийра шаьш бохуш дуьйцу цо.

Сулаева Азман: „Тхо цкъа хьалха ца кхетара цо лелочух, амма тIаьххьара а кхийтира цуьнан политикех. Иза шена цхьа башха Iотта-баккхам безаш лелаш хиллера, цхьаммо ша ядийна, я шена цхьа кхин новкъахьовзам бина, тIаккха цунах шена киншка язъян тема хилийта.

Цуо масийтаза юхьIаьржа хIотточуьра девлира тхо, шеца арадовлахьара, шена гIо дахьара олий, цуьнца гIали юккъе девлча. Эххар а дера дист хила дийзира. Цхьа дийцар ца доккхуш кхузара дIаяха еза хьо, элира оха».

Амма журналистан цу кепара бакъболу Нохчийчуьра лехамаш романал арахьа бисина. Ткъа романа чохь кхин ду: де дийне мел долу радикале воьрзу немцойн журналистан Дорон везар Аслан. Иза ца лалуш йолу Доро дуьне мел ду репортажаш еш, когаакха йолий лела. Цу шинна безам херло. Аслан Нохчийчу юхавоьрзу, радикало санна джихад дан.

Эххар а иза хIинцалерчу Нохчийчоьнан Iедалхоша лоций, чувуллу. Кхеташ ма-хиллара цунна таIзар а до. ТIаккха и шийла кхаъ хезий, майра журналист Доро Нохчийчу хьоду, Аслан маьрша ваккха. Цу Iалашонца иза Нохчийчоьнан лакхарчу гIентан дайшна тIекхочу, дипломатийн говзаллийца, шен зудчуьн шармица, шен хазаллех а, эсалаллех а пайда а оьцуш. ТIаккха...

ТIаккха хIеппи энд хуьлу. Асланна а, роман дика йохкалуш хиларна Доро-Леманн Барбарина а.

XS
SM
MD
LG