Iамеркехь ЦарнаевгIеран луьстучу девнан тергойо Нохчийчохь ши шо хьалха иза доладеллачу дуьйна. И пачхьалкх генахь хиларна цунах долу керланаш оьрсийн хаамийн гIирсашкахула бен девзаш дацахь а, дийна висинчу Царнаев Джохаран хьокъехь бийрболчу сацамах а шеко яцара юкъараллехь.
ЖовхIара а, цул воккхахволчу цуьнан вашас Тамерлана а динарг, нахана юккъехь бомба эккхийтар, цхьанна а пачхьалкхехь луьра таIзар ца деш дуьтур доцийла хаьа массарна а. Амма, дегайовхо яра Iамеркан кхело, аьлча а, бехккъастархошп къинхетам бер-кха, аьлла. Ткъа и сатийсамаш кхочуш ца хили.
Царнаев Джохаран дешичас Царнаев Сайд-Хьуьсейна Маршо Радиога вистхуьлуш Бостонехь хиллачу терактах бехк берриг а тIебиллира Iамеркерачу къайлахчу сервисашна.
Царнаев: «И дIадоладелча дуьйна Iамеркарчу къайлахчу сервисаша сан гергарчу шина кIантана тIететтина. И лелхарш хилале, цуьнан сценарий хIоттинийла хууш ду. Ша долчуьнга хьаьжча, харцонна тIехь кечдина и гIуллакх чекхадаккха юьхьаралаьцна дара цара, чекх а даьккхина цара. И шоу санна чекхадаккха гIерташ лелош ду цара. Кхин хIумма а дан а дац цигахь».
Тамерланан а, Жовх1аран ден а ненан а, могашаллийн хьал дика дац боху Царнаев Сай-Хьуьсейна. Цо бахарехь, вуьйш кхел ян мега аьлча-м, иза гуттара а телхина схьадогIуш ду.
Царнаев: «Цаьргара хьал вуно ледар ду. И г1уллакх хьахийча а, вистхила воьлча а, биэн доцуш санна т1еоьцу. Шайна тIебоьссина бала ца лалуш дикка хьекъална эшна и шиъ».
ХIинца кхеле озийначу Жовх1аран а, вийначу цуьнан воккхахволчу вешин Тамерланан а гергарчу наха даима леррина сервисаш юьйцу, цаьргахула, цара урхалла а деш хилла Бостонехь и теракт, бохуш. Хьуна а и аьлла хета. Тоьшаллаш долуш бохий аш иза, аьлла деллачу хаттарна, иштта жоп делира церан дешичас Царнаев Сайд-Хьуьсейна.
Царнаев: «И шиъ ца хилча а, цара кхиверг хоржура вара. Политикех хьакхалуш хIума ду иза. Цу хенахь гIовгIа а яьккхина лийлира уьш, амма кхин дIа а ца дахна церан иза. Суна стохка бахка а баьхкина, Тамерланна боллу бехк тIе а теттина, жимахверг кIелхьаравоккхура вара, бохуш.
И хIун къамел ду? Воккхаверг и эккхар хуьлучу хенахь 7 чакхарма гена хилла. Жимах вверг университетехь доьшуш хилла. Кхин хIун дийца оьшу? Бехк буй-баций ас хьехаш а дац».
Нохчийчн юккъараллехь а халахетарца тIеэцна Iамеркехь бехккъастархоша Царнаев ЖовхIаран хьокъехь бина болу и сацам. Ша журналист хиллачу Мусаев Русланна, муьлхачу нохчочунна санна къахета оцу жимачу стагах. Амма, Iамеркерачу Iедалша, бусулбачу пачхаьлкхашкахь лелочунна реза ца хилча, цигара дIаваха везара и шиъ, элира цо.
Мусаев: «Жимастаг ма вай иза. Иза вен веза аьлча, ирча хIума ду иза. Царна шаьш деш дерг, цхьа ловзар ду моьттина хир ду. Байинарш а, лазийнарш а нах ма бу. Цигахь, атта дуьне дуур ду, атта хир ду аьлла дIавахана ма хиллий и шиъ. Цигахь паргIат ваха а ца вехаш, лелла и шиъ.
Хьо реза вацахь, оцу пачхьалкхера ара а валий, дIагIо. Миска нах дуьненчохь шортта бу. Марафонехь, спортхой лелхийтар нийса ца хета суна. Амма, Жовх1аран жималлах къахета. Иштта зулам динчунна, таIзар деш ца хилча, Iен а, баха а буьтура бац. Я Нохчийчохь а, я Iамеркехь а».
Тахана дерриге а дуьненахь бусулбачу наха вовшашна еш йолу гIело а тоьар ю, керстанаша а, кхечара а еш ю бохучул а. Шаьш оцу пачхьалкхе дIакхаьчча, цигахь дIа а ийна, машаре баха безара уьш. Барт а, иман а цахилар ду, тахана бусулбачу нахана юккъахь иштаниг нисдалар, аьлла билгалдаьккхира Мусаев Руслана цу хьокъехь.
Мусаев: «Бахьана кара ма дой: Иракъехь гIело йо, кхечанахь гIело йо, бохуш. Бусулба нах бу-кх, шаьш бусулбанашна гIело еш. Жовх1ар а, Тамерлан а Iамийнарш мел бу, вай цкъа а барт хира бац, я лелочуьнах иман а, беркат а хир дац. Соьга вейтал стаг?
Ас журналист болх а бина, президенташ а гина суна. Соьга ма ца аьлла цхьаммо а иза. Хьекъале, говза нах ма бу уьш. Iамерке мил-мила а ма ца кхочу. Вохка ма лохьа. Хьан хьайн корта а ма бу ойла ян».
Царнаев Жовх1ар бехкевечу 30 артикална юккъахь I7-ннах, нагахь санна цуьнан бехк бехкъасторхоша тIечIаг1бина. Гергарчу шина баттахь цара къастор ю, цунна ян йогг1у кхел: вен я велла дIаваллалц чохь набахтехь кхаба.