Дозанашкахь Iохкучу Шелковск, Новр, Теркйист, Гуьмс а кIошташкахь бехачу бахархоша даре а деш, пIераскана дийнахь де суьйренга ластарций, тIийриг а йина, иттаннаш, ткъаннаш машенашкахь нохчийн кегийрхой а, уьш боцурш, мелла а хенарниш а махках буьйлу садаIа а, сакъера а. Царна юкъахь кIезиг бац мехкарий а, хенара зударий а.
ТIех эвхьазабевлла, маьттаза а лела бохуш, коьртах а баьхна, тахана бийцаре беш бу къаьсттина и тIаьххьарниш. Цкъадолчу декъана цунна бахьана ду, кху деношкахь Старопромысал кIоштехь шен йоI йийначу Даурбеков Султанан дов хатта доладар а.
ГIиллакх-оьздангаллех воьхна доьзалхо иймане веха, лартIа вало, луьра тIеIаткъам бар доцург, кхин некъ цагурш Iаламат дукха бу. Къар ца луш, шен а, цIерачийн а сий дайина лела зуда йийна дIаяккхар бен кхин некъ гуш боцчарна гергахь цхьанна, шинна, кхаанна и тайпа кхел йича, кхечара ойла йийр ю, эхье некъ буьтур бу.
Цу хьокъехь сан къамел деъна Теркйист кIоштерчу шовзткъе иттара бевллачу бахархошца Эльсанукаевца а, Магамадовца а, Мурадовца а.
Кест-кеста тергаллехь хуьлу Нохчийчохь оьзда ца лелачу, шайн лааме бирзинчу зударшна гергарчара шайггара кхел яр. Официалана гIара а долуш масала, Нохчийчохь кху тIаьхьарчу 5-6 шарчохь ткъа сов зуда йийна. Шуна хIун аьлла хета, аш муха кхетадо цу кепара деш долу таIзарш? Оцу хаттар тIера доладелла тхан къамел.
Мурадов: « ХIун аьлла хета, йийна дIаяккха еза-кх! Даьржина хIума ду-кх хIара хIокху заманан, кIиранна юьххьехь кегийнаш сакъера арабовлуш, лула мехкашка дIататталуш».
Эльсанукаев: «Эвхьаза буьйлуш белахь корта кхоьссина дIабахийта беза. ШолгIаниг IадIийр ву. Пятигорске, Прохладни сакъера дIа мел таьIаш верг, боьрша а, сте а бен дац, шен метта охьахао веза. Ца хаахь, новкъара дIаваккха веза.»
Маршо Радио: Массара а хьехош берш зударий бу, божарий хьеха а ца бо?
Эльсанов: « Цхьа башхалла а яц, боьрша стаг а сацо веза, зуда а сацо еза. Цу боьршачу стага йоккхуш ю зуда эвхьаза а. Масалш кIезиг дац, оззийна тIера хеча яккха еза, ца яккхахь, тоьхна вен веза. Бусалбан динехь магош дацахь а иштаниг, вийча хIумма а дац».
Магамадов: «Шай болчара совцо безара мехкарий а, зударий а. ЙоI мича йоьду а, мичара йогIу а хаа деза. Зудаберашкара яккхий телпонаш дIаяха езара. Хьул а елла, къовлаелла а елла йоI дIахIоьттича, бусалба ю шайн йоI, олий хета дена-нанна а.
Сан лергашна хезна ду-кх хIара, со а ву юкъ-кара таксахо болх беш. ТIехьаьжча чIарх аьлла, тIедуьйхина Iаьржа духар а долуш, товш ши йоI тIеяхна таксисташна, шайна хIара машен еза аьлла. Шайна езза машен а хаьржина, дIаяхана ши йоI.
Кхано вахнарг схьавеъча,воккхочу таксахачо бехк баьккхина вукхуьнга: «Со ма вара хьол хьалха дIаваха везарг, соьга стенна ца бигийтира ахь уьш? РагI стенна йохий ахь? Вукхо жоп дела: «Хьо вахнехь, цара хьо вовшахъвоккхур вар-кх, махкара ара а бевлла, шайн сакъера арабевлла мехкарий ма бара уьш».
ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь мел дукха бу хаьий хьуна и саннарш? Хьо човхо воьлча, бехк баккха воьлча, мел дуьхьал бовлу хаьий хьуна? Ахь пIелг схьаIоттал сох, со дай боцуш ю моьтту хьуна, олий хьуна чукхоссало. Ахь хIун дийр ду?»
Маршо радио: Кху Нохчийчохь цхьаъ бу мехкарий, лула-кула мехкашка дехьабевлча кхинаш бу..
Мурадов: «ЦIерачара магош дерг ду-кх цара лелош дерг. Дех,ненах кхоьруш уьш белахьара, цара иза лелор а дацара. Нохчийн къам бехдо-кх. Шайггара кхел яр нийса ду-кх, и ца дича уьш совцур а бац».
Элсанукаев: «Хьажа а хьаьжна, муха, хIун ду а хиъна, бехк боцург вита веза. Цхьадолу хIумнаш дукха тIех а дан а ду. Бехкберг а, боцург а хьийзийна меттигаш а дукха ю. Цунах лардала деза.»
Маршо Радио: Билггал хаа а хууш, шена ма-тов лелла цхьаъ, вашас я девашас и йийна, цунна Оьрсийчоьнан низамехь таIзар дан догIий?
Мурадов: «Ца догIу. Цунна хIунда деш ду таIзар?! Нохчийн Iедалехь юьхьIаьржонах ларвала гIоьртина-кх иза. Оьрсийчоьнан субьект елахь а, шен доьзалан доладан гIоьртинарг чуволла хьакъ вац.
Тахана террорист къайлаваьккхина я цунна гIо дина гучуваьлларг цIийнах а, цIарх а ваьккхина махках воккхуш ву, галбевлларш лартIа бало гIертарг, чу стенна вуллуш ву?! И нийса дац».
Ишта-вуьшта лела бохуш,коьртах бевллачу зударех соьца къамел дина Мурадов а, Эльсанукаев а, Магамадов а тешна бу, Оьрсийчоьнан низамаца ца догIуш, мел бIоста нислахь а, шайн догIмех йохка-эцар йина, лахбелларш байина дIабаха беза аьлла.
Къамелехь а хаалуш ма-хиллара церан хьажам, цхьана агIор, кхето хала дац: махкахь дукха меттигаш Оьрсийчоьнан низам лар цадар магош, тIемалойн бу бохучий ...