ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СемаIашка: Бекхам боцуш дисина зулам


Нохчийчоь -- Оьрсий, April 1995
Нохчийчоь -- Оьрсий, April 1995

20 шо хьалха, кху деношкахь, оьрсийн эскархоша СемаIашкахь дIабаьхьна „зачистка“ олу лерина тIеман барам дуьне а цецдоккхуш бара шайн къизаллийца. Маршо Радионо бовзуьйту хIетахь цу юьртахь бехаш хиллачу, и бохам шайн бIаьргашца гиначу нехан дагалецамаш.

Хан-зама дIа мел йолу чевнаш алсам лозуш, цара синна а, дегIана а тIеIаткъам беш хуьлу наха лайначех цхьадолу хIумнаш. Ишттачех лору синойн лазарш толлучу лоьраша, масала, бекхам а, нийсо а йоцуш, цхьа а бехкенаг жоьпалле озийна а воцуш, дисина долу зуламаш.

Вайнзаманахьлерачу дуьненахь, хIора а зуламхочунна шена догIуш долу гIуда а, жоьпалла а тIедожош йолу бакъонийн система мел кIезга а кхиинчу пачхьалкхашкахь дIахIоьттина яьлла аьлла хетачу, къаьсттина гIелоне ду, зуламхоша цхьана адамана дуьхьал дина ца Iаш, доллучу къомана дуьхьал дина долу зуламаш, цхьа а бехкенаг, я жоьпе озийнарг а воцуш дисар.

Ишттачех ду ткъо шо хьалха оьрсийн эскархоша СемаIашкахь динарг. Цкъа хьалха кеманашца а, ракеташца а шайн ка ма-доллу и маьрша нах бен чохь боцу юьрт йоха а йина, цул тIаьхьа кхаа дийнахь дийнна ардангаш оьрсийн салтий а, эпсарш а, контрактхой а хьаьвзира СемаIашкахула, нах бойъуш, багош, къоланаш деш.

Цхьа а кхерч, я цхьа а доьзал а ца бисира цу юьртахь хIетахь оьрсийн эскархойн къиза талораш шайх хьакхадаланза. БIеннашкахь байъинарш, тIепаза байнарш, чим беш дагийна нехан цIенош а, цу цIенош чуьра нах а – иштта дара оьрсийн чаьлтачийн цу юьртахь къепе юхаметтахIотторан операцин жамIа.

ТIаьхьарчу шерашкахь я Нохчийчуьрчу Iедалша а, я Москохано-м тешна а, ур-аталла журналисташа а хила а ца хилча санна, тийна-таьIна, ца хьахош дуьтуш долу и инзаре зулам, хIетте а, меттигерачу бахархойн иэсара дIадаккха ницкъ бац цхьангехь а.

Кху деношкахь хIетахьлерчу оьрсийн эскархойн сел къинхетамза хьовзарехь шайн байънарш, гIелонца ницкъ бинарш, дийна боллушехь багийнарш дагалоьцу цу юьртарчу наха, шаьш дуьненан тайп-тайпанчу маьIIехь дIасабаьржина белахь а.

Дагалоьцу цу денойн къахьалла, иштта Германехь бехачу Сагаипова Асетан доьзало а. 50 шо долу Асета дуьйцу, I995-чу шеран Охан-баттахь шена а, шен гергарчарна а оьрсийн чалтачаша тIехIоттийна хилларг.

Сагаипова: „Штурм йийр йолуш ю бохуш дуьйцуш дара, амма тхо ца тешара, хIинцалц схьа гинчул совнаха къизалла цигахь кхин гур ю бохучух. ХIетте а тхан дас тхо, зударий а, бераш а, арадовлийтира, чохь ца дуьтуш. Иза ша I9I9 шарахь вина вара, шена цара хIуммаъ дийр дац, ша воккха хиларна, аьлла.

Тхоьца аравала ца туькуш чохь Iийра иза. Амма воккха ву аьлла ца витнера оьрсийн салтеша а, эпсарша а иза. НеIарга а баьхкина, чохь мел долу хIума тIекIел а тухуш, къаьркъа схьа да шайна бохуш, гIело йинера цара тхан дена. Цул тIаьхьа иза а, тхан ден вешин кIант а, кхин болу тхан лулара нах а цара лийцина, юьртан йисте шайн посте дIабигина, цигахь эчиг тухуш чIагIдинчу цхьана ор чу боьхкинера.

Кегий нах царех къастийна, дехьа орчохь хиллера, тIаккха цу кегийчарна дукха ирча ницкъ бинера цара. Тхан дас дуьйцура, луларчу орчохь болчу цу кегийчу нахера оьхуш долу маьхьарш хезаш, царна орцах довла йиш йоцуш, чIогIа ницкъ хуьлура шайна бохуш“.

Тахана ша ехачу Германехь немцойн юкъаралла а, цу пачхьалкхан Iедал а хIинца а, шозлагIа дуьненан тIом дIабирзинчул тIаьхьа 70 шо даьлча а, шайн къомах болчу наха лелийначу зуламанашна бехкала бахана хилар гуш, кхета хала ду шена бохуш дуьйцу Сагаипова Асета, оьрсийн Iедало мискъазаратталла гIулч яьккхина ца хилар, СемаIашкахь зуламаш лелийнарш жоьпе озорхьама. Оьрсийн эскарерчу зуламхоша нохчашна тIехь динарг дисина даьлла аьлла хета цунна.

Сагаипова: „Цхьа а тайпа СемаIашкахь и къизалла лелийначу салтешна а, эскархошна а, контрактхошна а кхел йина, я уьш жоьпалле озийна хIума хилла дац, я суна хезна а дац. Тхуна тIехь цара динарг царна дисина даьлла ду-кх. Шайна луург де, гIело а йе, байъа а байъа уьш аьлла чухецна бара-кх уьш цу чу оьрсийн Iедалша“.

Ткъо шо хьалха шена СемаIашкахь гинарг а, шена а, шена лулара я бовза-безачу нахана тIехь оьрсийн эскархоша хIетахь хIоттийнарг а дагалеца тахана а хала ду Сагаипова Асетна. Елха а йоьлхуш бен тахана а, оццул хан-зама яьллачул тIаьхьа а, ца дийцало цуьнга цунах лаьцна. Къаьстина кху деношкахь, и бохам хилла 20 шо кхочучу муьрехь, холчу долу шена и хIума дагалийцар, бохуш дуьйцу цо.

Сагаипова: „Кху деношкахь Iаламат хала ду тхуна, дерриге а юха карла а даьлла. Тхайн лулахой а, юьртахой а, гергарниш а, и бала мел лайна болу семаIашкахой, цу оьрсаша мел байъина болу тхайна безнарш, бевзинарш дагатуьйсу. Цхьаболчарна дицделла хила мега цу оьрсаша вайна тIехь лелийнарг. Тхуна-м ца дицло иза“.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG