ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ярлыкапов Ахьмад: "Интернетехула шен могIарш дузу "Исламан пачхьалкх" олучу тобано


Оьрсийчоь -- Ярлыкапов Ахьмад.
Оьрсийчоь -- Ярлыкапов Ахьмад.

Лурчаха Шемахь Асад Башарна дуьхьал тIемаш бечу меттигерчу а, тIебаьхкинчу а тIемалоша "Исламан пачхьалкх" кхуллу, шаьш Шемин а, Иракъан а дакъош тIехь, цигара дIадолор ду дуьне а Исламна муьтIахьдар, аьлла. АхбIе сов мохк бу тахана «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанна дуьхьаллаьтташ. Амма хIетте а кхуьуш бу цуьнан могIарш.

Iаьрба мехкашкара хилла ца Iаш, вуно дукха бу «Исламан Пачхьалкх» шех олучу тIеман тобанехь Советан Iедал лаьттинчу мехкашкара кегийрхой: Юккъерчу Азин къаьмнийн векалш, Оьрсийчуьра кхаьчна гIезалой, нохчий, гIебартой, балкхараш, кхарачой, Дагестанан къаьмнашкара кегийрхой.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан, ФСБ-н куьйгалхочун гIовса Смирнов Сергейс дIахьедира дукха хан йоццуш, «Исламан Пачхьалкх» олучу тобан агенташ лела Къилбаседа Кавказера жима чкъор Шема а, Иракъе а гIазот даккха гIо бохуш, дIаийзош, аьлла.

Оццу маьIнехь дара ши кIира хьалха Къилба федералан гонан гIантдас Меликов Сергейс аьлларг а. Къилбаседа Кавказерчу студенташа юзу «Исламан Пачхьалкх» олу джихIадхойн тобанаш, бохура цо.

Хууш ду, Европера а, Азера а, ша аьлча, Оьрсийчуьра а Шемин, Иракъан агIор боьлху некъаш ма-хуьллу къуьйлу пачхьалкхашкарчу Iедалша. Йоккхачу тергонца лоьху «Исламан Пачхьалкх» олучу кхоллараллин агенташ. Амма мухха а карабой а, тобанашна тIе некъаш а карош, церан могIарш бузу кавказхоша а, уьш боцчара а.

И стенна нисло ишта, боху хаттар лела шайн мехкашкара нах Шема а, Иракъе а кхаьчна бохуш, сагатдечу Iедалийн.

Хаттарна мелла а герга жоп луш бу Москох дуьненца юкъаметтигаш йозаран институтан, МГИМО-н, Кавказан проблемийн, регионан кхерамзаллин Центрехь болх бечу Iилманчас Ярлыкапов Ахьмада бина таллам.

Цо бахарехь, уггаре боккха болх «Исламан Пачхьалкх» олу тобанаш юзуш бо цуьнан агенташа интернетехула. «Вестник Кавказа» телевизионехь динчу къамелехь 1илманчас боху, воьдург д1авахана д1акхетта ваьлла «Исламан пачхьалкх» тобанех.

Ярлыкапов: «Кхачийна лимит, дIабаха луурш дIабахана, дIакхетта царех. Тамаше ду, цига баханчарана юхабахка ца лаьа, уьш цигахь дIатарбелла. Дашна ала, шатайпа ю Дагестанан Iедалан белхан кепаш а, цо, масала, дIахьийсабо цига, тIаккха тIаьхьа нах бохуьйту, цIа ма дахкахьара шу, бахийта. Иза пайде некъ хила а тарло, хIунда аьлча, «Исламан Пачхьалкх» олчучу тобанех дIа а кхетта, цIаоьхучара боккха кхерам бохьу Оьрсийчоьнна. Уггаре боккха кхерам бу цаьргара, цара терораш дарна».

«Исламан Пачхьалкх» кхоллаялале мелла а ницкъалахь бара Кавказан Имарат шех олу болам. Иза кхоллаелчхьана дуьйна, лурчаха гурахь Умаров Докка, Имаратан коьрта амир, кхалхале а дIаэха буьйлабелира Каказера гIаттамхой Шемарчу тIаме.

Ткъа тIаьхьо Кавказан Имаратерчу дакъоша, къаьсттина, Дагестанерчу жамаIаташа, байIат дан долийра «Исламан Пахьалкх» олучу боламна.

Оцу бахьанийца Имарат Кавказах хилларг иштта го шена аьлла дийцира Москох дуьненца юкъаметтигаш йозаран институтан, Кавказан проблемийн, регионан кхерамзаллин Центран белхахочо Ярлыкапов Ахьмада кхиндIа къамелехь..

Ярлыкапов: «Бакъду, Кавказ Имарат, масала, лилхаяьлла. Шаьш, Имарат лидерша а до цунах даре. Оцу бахьанийца шайн проблемаш кIаргъелла, боху. ХIунда аьлча, берраш а санна дIабахана Шема а, Иракъе а. Ткъа Кавказ Имарат, хьовсал, терроран тобанан могIара яьлла. «Исламан пачхьалкх» олучу тобанца юьстича, цуьнан-м яц цо доладеш меттигаш. Аьлча а, Къилбаседа Кавказехь джихIад бохург тIе ца оьцу-кх наха».

Иштта бу Кавказан Имаратна «Исламан Пачхьалкх» олу болам кхоллабелча хилла эшам. Шема а, Иракъ а, аьлча а, цигара тобанаш ю дуьнетIерачу массо а джихIадхошна гергахь, сийлахь.

ХIоттаделлачу суьрто гойту, «Исламан Пачхьалкхо» дуьнентIера радикалан хьежамаш болу бусулбанаш шена гонаха а, герга а узуш буйла.

Ткъа оцу новкъахь, тергамчаша даре а деш, уггаре дика аьтто бо «Исламан Пачхьалкхьхошна» агитаци яржош а, Iехабелла кегийрхой шена гергабалош а интернето.

XS
SM
MD
LG