ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лайкаш ма хIиттае, набахте кхача ца лаахь!


Франци -- Ибрагимов Сайд-Эми, политикан мухIажир.
Франци -- Ибрагимов Сайд-Эми, политикан мухIажир.

Тайп-тайпана некъаш ду стагана хьалха хIуьттуш, вина мохк, шен цIа, доттагIий дIа а тесна, кхечу пачхьалкхе тховкIело ехаран. ХIунда гIур ву хийрачу, цабевзачу махка, хьайчул а къаьсташ синбахамаллаш йолчу пачхьалкхе, аьлла хIуттучу хаттарна жоп цхьана маьIница дала хала хир ду.

Цхьаьнаккхеттачу Къаьмнинй юкъаралло динчу хьесапашца, 18 шо хьалха 7 эзар Оьрсийчуьрчу вахархочо тховкIело ехна Малхбузене а, Малхбалене, амма царех 700 стагана бен жоп делла дац.

Муха ду терахьаш тIаьххьарчу шерашкахь? Хийцаделлий уьш?

Оьрсийчоь кхераме пачхьалкх ю цу чохь бехачарна, кхайкхоза тIом бу цо шен бахархошка беш, бохуш, шуьйрра дуьйцу интернетехь, зорбанехь а.

Дахначу пIераскандийнахь Москохара Кунцевскан кхело лаца кхайкхийна карарчу хенахь Украинехь эмиграцехь веха оппозицин жигархо Шехтман Павел. Кхелан ладегIаршкахь вацара ша бехкевийриг. Хьалхо цIера аравала Iедало дихкина волу иза Украине дехьа ваьлла, цигахь шена тховкIело а йоьхуш.

Оццу муьрехь Финляндино тховкIело елла Магнитогорск гIаларчу вахархочунна Романов Андрейна. Иза а, Украине дIавахана Шехтман Павел а бехкево Оьрсийчоьно интернетан машанашкахь экстремистийн йозанаш зорбане дахарна.

Киевехь оьрсийн политикан эмигранташна гIо-накъосталла дечу юкъараллин куьйгалхочо Курносова Олгас «Дозушдоцу газете» («Независимая газета») хаамбина, Оьрсийчоьно Украинаца лелае харцо ца лайна кхуза сехьабевллачарна таIзардан гIерта Кремл, цара къорза революци чухкхойкху, бохуш.

Хетарехь, оцу бахьанашца нах лецар, бехкебар алсам дер ду Оьрсийчохь, хIунда аьлча, дукха хан йоццуш пачхьалкхан ДУМАно низам чIагIдина, Кремлан хьежамашца ца догIург яздинчунна я нехан йозанашна лайкаш хIиттийнарш, цаьрца резахилларш набахте хьажо догIучу зуламхойн могIара ду, бохуш.

Европехь, Iамеркехь, Малхбалехь, дуьненан еа а маьIIе , даймохк а битина, дIасабахана беха нохчийн политикан мухIажирш. Я Оьрсийчуьрчу а, я Нохчийчуьрчу а Iедалшца амал ца йогIуш, цIа баха йиш йоцуш беха уьш.

Шо, ши шо хьалха хьахадора, уьш цIаберза беза олий, хIинца дага а ца богIу цхьанненна а. Уьш къанбелла, тишбелла, баларе сатуьйсуш санна, хетало Iедало, хьуна хIун хета оцу хьокъехь, аьлла хаьттира Маршо Радионо Нохчийчуьра дIавахана, Францино тховкIело елла вехачу Нохчийчохь президентийн Дудаев ЖовхIаран а, Масхадов Асланан а заманашкахь зIенан министр лаьттинчу, хIинца политик ларалучу Ибрагимов Сайд-Эмига.

Ибрагимов: «Цу мехкан бала болуш хилча кхузара нах цIа берза гIуртур бара. Тахана махкара арабевлларш, Iедалца цхьацца проблемаш хилла арабевлла бу.Тахана политикех болу сан хьежамаш церачаьрца богIуш ца хилча, юха а къийсаме вала дезар ду цаьрца.

Нийсонца къовсам латто бакъонца диалог ян цхьа агIо яц Нохчийчохь, елахьара адам цIа доьрзур дара аьлла хета суна. Кхузахь массо а велла дIавер ву бохург, цхьана агIор нийса ду, вукху агIор диллича, Дала мукъалахь, хийцамаш хир бу аьлла хета суна, хан ялале».

Нохчийчуьрчу хьаькамийн шайн бала ца кхачар, хила дезарг долуш санна, тIеоьцу нохчийн эммиграцино. Амма царна халахета шайн Нохчийчуьрчу къомо, аьлча а, цхьана декъо олуш: шу мохк а битина, юьстахдевлла, гIуллакх дац аш тхан кхузара хьелаш я дийцаре даха а, я тхан дахар тергонехь латто а.

Оцу хьокъехь иштта элира Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир Гаагерчу трибунале озавайта гIерташ, шерашкахь дуьненаюкъарчу урхаллашка кхойкхуш вехачу Ибрагимов Сайд-Эмис.

Ибрагимов: «Миччахь велахь а, къоман бала стеган хила безаш бу, генахь велахь а, юххехь велахь а. Вайна тIом чубеана, вайн къам хIаллакдина, тIехь ницкъ бина, нохчийн къам гора хIотто гIерташ Оьрсийчоьно, хIетте бакъдерг ала а таро ца хилча, нийсо мичахь ю»?

Таханлерчу Оьрсийчоьнан Iедалшна томехь долчух тера ду махкара политикаш, Iилманчаш, интеллигенци, шеца тIех къийса а ца луш, дIаоьхуш. Амма шеко а йоцуш цхьа хан хIуттур ю и уггаре а хьекъале нах махкахбовларо Оьрсийчоьнан дахаран массо а агIонашна эшамбеш.

XS
SM
MD
LG