ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIорда тIехь лечу мухIажирийн хьокъехь


Итали -- Бердашка кхаьчна генара мигранташ.
Итали -- Бердашка кхаьчна генара мигранташ.

Эзарнаш мигранташ ле хIора баттахь Лаьттаюкъерчу хIурдахула Европе кхача гIерташ. Даханчу кIиранахь цхьа хIурдакема харцар бахьана долуш велларг вара бархI бIе сов стаг. Цудл тIаьхьа сихонца вовшахкхеттачу Евробертан куьйгалхоша цхьа могIа керла сацамаш тIеэцна, мигранташ кIелхьарабахархьама.

Лаьттаюкъерчу хIурдалахь эзарнаш адамаш леш хиларо цхьа могIа керла сацамаш бар тIедожийна Евробартана. Легала некъашца гIап санна массо а агIор дозанаш дIа а къевлина, чIагIйеллачу Европе кхача шайн аьтто ца хиларна, шайн дахарна боккха кхерам хилар тергал а ца деш, новкъа бовлу дан амал доцу Африкерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара миска нах.

Царех дукхахберш Шемахь а, Иракъехь а болчу тIемех уьду, вуьш къеллах а, декъазчу дахарах а кIелхьарабовла гIерта. Ткъа церан гIелонах пайда оьцу уьш хIурдахула дIасалелочу контрабандхоша.

ТIаьхьарчу шерашкахь миллионашкахь ахчанаш хьийзадо бизнес а хилла дIахIоьттина и болх нехан бохамна тIехь сайокхучу талорхошна. Ткъа церан сутаралла цхьана агIор, адамийн бакъонаш ларйар байракх а йина, доллучу дуьненна а кхайкхочу, амма шен неIаран бертехь сел дукха адамаш леш хилар тергал ца деш хIинцалца цхьа Iийна йолу машаран Нобелан совгIатан да Евробарт бахьана долуш, тоххарехь иттанаш эзарнаш нехан юкъара каш хилла дIахIоьттина Лаьттаюкъера хIорд.

ХIинца амма эххар а хийцадала мегаш ду хьал, рогIера бохам хиллачул тIаьхьа Евробертан куьйгалхоша цхьа могIа сацамаш тIеэцар бахьана долуш. Кхузза алсамахох ахча Лаьттаюкъарчу хIурдалахь „Тритон“ цIе йолу лерина операци ярна хьажон сацам бира цара шайн сихонца вовшахтоьхна хиллачу саммитехь еари сарахь.

Иштта кхин а алсамо хIурдакеманаш а, биркеманаш а хьажор ду цу хIурдалахь ха дан а, бохам ловш болу нах кIелхьарабаха а. Немцойн канцлера Меркел Ангелас цу хьокъехь ма-аллара, „бIеннаш адамаш леш лаьттачохь ахчан барам мехала хила ца беза“. Цул совнаха, Евробертан куьйгалхойн Iалашо ю, Либехь а, кхечу Европанца хIурда доза долчу меттигашкахь а мухIажарийн лагерш яхка а, цигахь Европехь политикан тховкIело еха луучийн гIуллакхаш талла а.

Иштта мигрантийн даймахкашкахь экономикан хьелаш тодаран гIулчаш яха а. Амма тергамхойн яккхий шеконаш ю, Евроберто сихонца кхайкхийна йолу план гергарчу хенахь кхочушйан йиш ю бохучух а, и Iалашонаш бахьана долуш хIурдалахь леш болу нах кIезгалур бу бохучух а. Венерчу Малхбалерчу Европин Институтан белхахочунна Чапханов Русланна хетарехь, и Цхьаьнакхеттачу Европин куьйгалло лерина йолу гIулчаш реала дахарна а, хIинца хIокху сохьта адамашна хьалха лаьттачу халонашца а уьйраш йолуш яц. Мигранташ Европе уьдучура цу гIулчашца совца а лур бац.

Чапханов: „Цара хIинца дан леринчух цхьаъ ду цу къечу пачхьалкхашкахь экономикан хьал тодар. Иза реалан дахарна генара хIума ду, хIунда аьлча цу метигашкахь экономика кхин бIе шарахь а иштта толур яц.

Цул совнаха Либехь а, кхечу меттигашкахь а керла лагерш а ехкина, цигахь нахера азюлах долу дехарш тIеэцар башха бакъонца догIуш хIума дац, хIунда аьлча, масала, Австрин низамца кху махкахь тховкIело йоьхуш верг Австрин территори тIехь хила везаш ву. Цхьа башха гена ер йолуш проект ца хета суна иза“.

Евробертан куьйгалхойн саммитехь гулбеллачара иштта дийцаре дира, легала боцу мигранташ дIасалелочу контрабандхойн хIурдкеманаш леринчу тIеман операцешца хIаллакдар а.

Францин президента Олланд Франсуас АФП агенталлин журналисташка динчу дIахьедарца, Евробарто Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллера бакъо йоьхур ю, контрабандхойн хIурдкеманашна герз тоха. Амма мухIажарш байъа а ца бойъуш иза шаьш муха дан дагахь ю бохург ца хьахийра цо.

Цул совнаха, Евробертан куьйгалхойн барт хилла, мухIажарш массо а цу бартана юккъе йогIучу пачхьалкхашкахула дIасабекъа. ХIинцалца схьа царех дукхахберш шаьш дуьххьара ког левзинчу Италехь а, Грецехь а буьсуш бара, ткъа кхинйолу Евробертан пачхьалкхаш и хьал шайх хьакхалуш а доцуш санна, йистаха Iара. ХIинца амма Цхьаьнакхеттачу Европера 28 пачхьалкхах хIораммо а тIеэца безар бу мухIажарш.

XS
SM
MD
LG