Боккха бохам а бохьуш, мохкбегийна шоьтадийнахь Непалехь, цуьнан шахьарна Катмандуна 80 чаккхарма юьстах. 8 балле кхоччуш хилла латта дегоран барам, 600 сов бу белла нах. ТIаьххьарчу 81 шарахь оцу кепара хилла а боцчу Iаламан бохамо херцийна ишта а къен бехачу непалхойн хIусамаш.
Рейтерс-агенталло хаамбо, Катмандухь шина бIе шарахь лаьттина Дарара олу гIап а йоьхна хиларх, бухахь массех стаг а вуьсуш. Непалехь мохкбегош хааделла генарчу Пакистанехь а, ХIиндойчохь а.