ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькамех ларлолахь Кавказан некьашца!


Кадыровн кортеж
Кадыровн кортеж

Вовшашна некъ низамо ма-хьоьхху цабитар бахьана долуш хуьлу эзарнаш хьовзамаш, баларш. Кху деношкахь Дагестанан куьйгалхо вуьгуш йоьдучу ковранерчу цхьана машенчуьра гIажмаш етташ некъаца йоьлху нехан машенаш йохош гойту видео яьржина Ю-Тюбехь.

Денна хезаш, гуш ду вайна некъан декъахойн вовшашка боцу ларам бахьанехь хуьлу хьовзамаш, зенаш, зуламаш. Дахаран хиламаш санна тIеоьцу и тайпаниг.

Амма мехкан дайша, хьуна масална латта безачу Iедалан дайшкара харцахьарниг, низамашца догIуш доцург гича, инзаре хета хьанна а.

Деношкахь Дагестанан куьйгалхочун кортежо Махачкала гIали юккъехь некъатIехь кхечу машенашкахь лелачарна йина новкъарло, дина зен интернетан машанехь Iорадаьккхина видеоца.

Цу тIехь къасьташ ду, куьйгалхо Абдулатипов Рамазан эцна машенашкахь боьлхучара таIзар деш, корах ара полисхойн аьчга гIаж етташ, отуш машенийн куьзганаш, сихонца машенаш шайна хьалхара ца яьхна, аьлла.

Оцу видеоно доккха орца гIаттийна Ютюбехь, цуьнга хьаьжнарг ву 600 эзар стаг хIинцале а бохуш, билгалдоккху Дагестаннан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

ХIораммо а дехар до некъан зуламхошна Iедалан низамца доггIу таIзар дар, и тайпаниг кесст-кесста некъаца хуьлуш хиларна.

Совнаха дац ала, машенашца некъ къовсар сих-сиха хуьлуш хилар Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан хадархой бахьанехь а.

Интернетан хьостанашкахь дуьйцу, 56 машенийх йозуш йолу Кадыров Рамзанан кортеж бIаьрго ца лоцуш сихаллехь тIехэккха, шен масаллица некъан хьовзам беш гIашлойшна а, ур-атталла.

​ХIун ду-те цара шайн харц амалца, масалца гойтург?

Оцу хеттаршца Маршо Радио зIене елира Соьлж-ГIаларчу Батаев Салманца. Салман ша гIалин вахархо хиларе терра, Iедал белхахоша дохо некъан низамаш денна гуш ву.

Батаев: «Тахана даржехь воцуш, мацалла а хьегна стаг, цхьа бахьна а хIуттий нисло хьаькам хилар. Ша цига нисвелча, цкъа а дIа а воккхур вац, велла дIаваллалц хир ву даржехь, тIаьхьарчу тIаьхьалонна дIа а луш, моьтту цунна. Вайн цIахь дукха хилла некъаца и тайпа зуламаш.

Машенчуьра охьа а ийзабеш, тIе куьйгаш кхийдадеш, герзан мукъ бетташ тIе, шен бехках делахь а, ас оццул-хIоккхул мах белла машен ю, юхаметтахIоттор ахь бохуш, машенан догIанаш охьа а кхуьйсуш, дIаоьху».

Масала, Швейцарин федералан хьехамча Уили Мауреррий, Лондонан мэр Джонсон Борисий вилиспетахь лела денна балха.​

Шварценеггер Арнольд, Джонсон Борис балха воьдуш
Шварценеггер Арнольд, Джонсон Борис балха воьдуш

Ткъа Францин президета Олланд Франсуас ша дIасалелочийн терахь лахдина шинна тIе кхаччалц, цул совнаха дихкина царна, некъан низамаш талхор а.

Ткъа вайнахах цхьаболучарна хета, шена кара деанчу хьаькамалло ша гIентан да вина а ца Iаш, дуьненан да во. Дуьйцу Батаев Салмана.

Батаев: «Куралла юсу стеган дагчу, ша дарже нисвелча. Тахана верг, кхана ца хуьлу-кх цуьнах. Тахана хьоьца и мерза хиллехь, дарж кара кхаччалц хилла-кх и хьоьца ишта. Ахчано-бохчано, даржо, шена хIинца мегаш долчу хIумано а галвоккху стаг».

Вашингтонерчу Университето таллам беш юьстина 68 стеган вохалла. Царех кхоалгIачу декъе дехна, цхьанна тIехь урхалла дан шайн кара бакъо кхаьчна меттиг дагалацар.

Кхечу и санна декъе дехна, шаьш цхьаьннан куьйга кIел нисдалар дагалацар.

Цул тIаьхьа цаьрга хIоранга а, шайл цхьа ша лекхачу бIогIамна улле а хIоттийна, дехна шайн-шайн лакхалла юста.

ЖамI иштта хилла – дагалецамашкахь Iедал шайн каракхачар дагалецначу наха бIогIам шайл а лоха бу аьлла. Цхьаьннан олаллехь шаьш хилар дагалецначара нийсса йовзийтина шайн локхалла.

Iилманчаша гинарг оцу экспериментехь иштта ду – Iедал карадеъначу стагна ша дегIана а лекха хета.

XS
SM
MD
LG