Оьрсийчоьнан статистико даржочу терахьаша бахарехь, Нохчийчохь болх бан де а долуш, иза лохуш, амма боцуш веха хIора веа вахархочух цхьаъ.
Официало ишта боху, ткъа нахе ладоьгIча-м дуккха а дукха бу болх боцуш бисина нах.
Нагахь хьан 50 шо кхаьчнехь, Iедало хIоттийна пенси догIуш велахь, хьан дог дохийла яц кхин дIа болх бан. Хьуна тоа деза 20-25 шарахь хьанал ахь хьегначу къинан мах хадийна, Iедало хьайна хIоттийна 5-6 эзар сом юург-мерг латто, молха-дарба эца, коммуналан декхарх цIанъяла а.
Белхан меттигийн кризисца къовсам латто декхаре долчу Iедало махкахь нахана къахьега меттигаш йохкучу меттана хаьржинчух тера ду шена атта некъ - къена нах дIа а баьхна, церан метта кегийнаш охьаховшо.
И некъ, мел шога белахь а, чекхбала тарлора, нагахь санна тоъал говзанчаш махкахь хилча.
Амма хууш ду Нохчийчохь лаьттинчу тIемаша, социалан кегарийно мел йохийна мехкан демографи. Говзанчаш я белла бомбанашна кIел, я набахтешкахь бохку, цара тIемаш бина аьлла, лецна, я махкахбевлла кхечу пачхьакхашкахь беха.
Даймахках ца бовлуш, цуьнан дика а, вон а ловш баьхна нах, корматалла шайца йолу говзанчаш, кхеташ ду, къанбелла. Уьш цундела, мел гIора долуш, говзаллехь шарбелла белахь а, кегийчу бахархойх хийца дагахь долчух тера ду Iедал
Маршо Радиос тидаме ийцира Нохчийчуьра масех пенсионер. Соьлж-ГIалин цхьана дарбанан цIийнан лор ю Саралапова Зулихан. Уггар халчу шерашкахь, алапа лахара долушшехь балхах тийсаелла ша боху цо, ткъа тахана совъяьлла ша.
Саралапова: «Ас болх бен 32 шо ду. ТIеман холчу шерашкахь а бина, чохь шийла йолуш, арара дечиг доккхий, чукхоьхьуш, цIера дакъийна буха тахка чIешаш кхоьхьуш, чохь цомгашчунна йовха хир яр-кх бохуш. Бахначу баттахь 55 шо дуьзна сан, хIинца пенсихь ю хьо, балхара дIаяла боху соьга тхан коьрта лоьро.
Кегийнаш балха баха меттиг йоцуш бу, царна меттиг оьшу боху. Лоьран корматалла шерашкахь бен карайоьрзуш яц, даима доьшуш хила везаш ву лор. Тахана со а, со санна болчарна а корматалла карайирзина, деша ваха-ван аьттонаш бу, бераш даккхий хилла, ткъа тахана цIахь Iе боху».
Саралапова Зулихан санна сингаттамехь ю Веданарчу школехь болх беш йолу Аюбова Зураъ. Цхьанне кепара бух боцуш, цкъачунна багахь даржийна ду боху цо, пенсионераш балхара дIабахар, цундела цкъачунна дегайовхонца ю Зураъ, ша балхах йохор яц аьлла.
Аюбова: «Суна ца хаьа оцу хабарна буха диллина хIун ду, арадаьлла низам суна сайна дайна дац. Тхан школан директора чу а кхайкхина дIахьедира тхоьга, хIара шо дирзича, кхин дIа болх бан пенсихь волчун бакъо яц аьлла. Къоначаьрга, хIинцца дешна бевллачаьрга дIало боху болх. Кегийнаш башха тIера а бац болх бан, тхо балхара дIа а ца дохуш, оцу кегийчарна гIо дан, хьеха дуьтуш хилча а дара ша».
Ткъа хIун боху къинхьегаман кодексо? Маршо Радиос оцу хаттарна жоп дийхира Москох адвокат волчу Хадисов Мусага.
Хадисов: «Оьрсийчохь хIоьттина хьал муха ду хьуна аьлча, пенси ваха хан йолуш хьо велахь, тоттий аравоккху корматаллина тIекхиъна, говза специалист. Нохчийчохь кху муьрехь хьехархой, лоьраш цIа оьхуьйтуш бу. И хьал кхолладаларан бахьанаш ду кризис хIоттар.
Вуьшта низамехь цхьанхьа а дац, хIокхуьнан оццул хан кхаьчна, кхиндIа болх бан йиш яц бохург. Iаламат зиэне хIума ду и, пенси ваха хан кхаьчнарг уггар кхиина ваьлла белхахо ву, и санна белхахо кхин карор вац атта. Кхеле уьш бовлахь а шайн бакъонаш къовса, хетарехь шансаш кIеззиг ю. Йоллу кхелаш коррупцих йоьттина ю».
Нохчийн доьзалашкахь, дукха хьолахь, цIенна напха латтор деден я дененан белшаштIехь хуьлу. ХIинцачул тIаьхьа дIакхехаьалур дуй-те цаьрга и дукъ, деккъа цхьана пенситIехь дуьсуш хилча? Я уьш балахара дIа а баьхна, церан метта къона чкъор охьахаийнера аьлла, толур дуй-те белхаш боцччу нехан хьал?