ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоь Европа яцаре терра...


Туркойчоь --ХIинцца схьакхаьчна Нохчийчуьрчу мухIажирийн тоба, 2012
Туркойчоь --ХIинцца схьакхаьчна Нохчийчуьрчу мухIажирийн тоба, 2012

Нохчийчуьрчу тIемаша бохийна, дуьненан еа а маьIIе дIасабевллачу нахах тахана мелла а тоьллачу хьелашкахь беха Европе кхаьчнарш. Амма ледара хьал ду Туркойчохь севццачу нохчашкахь. Цигарчу массех къоштарчу мухIажирша довзуьйту шайн дахар.

Туркойчоьно, ша Европан Берта юкъахь яцаре терра, цигарчу мухIажиршна тIех генадаьхна дуьненаюкъарчу хьукматаша кхачош ахча-бохча дацаре терра, кIезиг тергойо цига Нохчийчуьра тIаьххьарчу шина тIамо лаьхкинчу нохчийн.

Я домократехь яхчаелла а, я нийсонан терза, Европехь санна, тIех сема болхбеш а доцчу Туркойчоьнан Iедало ца до мухIажирашна, уьш реза боллуш, шайн махкахь когахIитта накъосталла.

Оцу а, кхечу а бахьанашца бозу цигарчу мухIажирша балхабе баланаш.

Нохчийчохь хьехна а, школан директор лаьттина а ю хIара мухIажир.

Айзигахь боллу дегабаам бу Туркойчоьнан Iедалшка Iелин а, Цо иштта довзийтира шен а, гонахарчу кхечу нохчийн мухIажирийн а хьал.

Нохчийчу юхавоьдийла дац Туркойчохь сецначу Асланан. Ша а, ша санна болу кхин мухIажирш а стенна ца хIуьтту даймахка дIабаха, цо иштта кхетадо.

Туркойчу кхаьчначу нохчашкара хьал иштта ду. Оцу нахе, цIехьа кхойкхуш, дIахьедарш дора лурчаха а, цул хьалха а. Ткъа тахана уьш цIабоьхуш, я бахча, царна баха маршо луш а стагга вац тахана Нохчийчохь. Iаьхча, баьрзо бахьарна кхоьруш, ца Iаьхча, жаIуно берна кхоьруш бисина нохчийн кицано буьйцу Iахар санна, дIаIа тахана мухIажирш. Амма яц церан шайна орца кхочур ду ала меттиг.

XS
SM
MD
LG