ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Брюсселера арабохуш бу Оьрсийчоьнан айкханчаш


Caricature of spies
Caricature of spies

Масcех кIира хьалха Атлантикан тIеман альянсан (НАТО) векалша дIахьединера, шен Брюсселерчу коьртачу офисехь болх бечу Оьрсийчоьнан делегацех ах сов шпионалла лелош гечуваьлла шайна аьлла. ХIинца оцу оьрсийн айкханчех шен кхерч цIанбан болийна Къилбаседа Атлантикан альянсо.

Охан-бутт юккъе болучу хенахь рогIера гIовгIа яьржинера, Европерчу оьрсийн айкханчашца йоьзна йолу. ХIетахь НАТО тIеман альянсан шен цIе ца йовзийтинчу векало дIахьедар динера Оьрсийчуьрчу „Коммерсант“ газете, цу альянсан Брюсселерчу штаб-квартирехь болх беш болчу Оьрсийчоьнан векалех ах сов айкханчаш бу, оьрсийн къайлахчу сервисашца боьзна болу, аьлла.

Цо дийцарехь, даханчу шарахь дуьйна кхоллаелла яра НАТО куьйгаллехь оьрсийн белхахой шалха Iалашонаш йолуш буй-те аьлла, цундела церан терахь дацдеш, цу белхахойн доккхаха долу дакъа кесталгIа белхан меттигех а бохийна, цIехьа хьажор болуш бу, аьлла.

„Брюсселерчу НАТО штаб-квартирехь болх бечу 7I оьрсийн делегатах 38 шпион ву. Тхоьга ца девлла бен, мискъазаратталла бен Оьрсийчоьнан векалшца уьйраш ма лелайе аьлла. Нагахь санна царех цхьанца тхан цхьа зIе хиллехь, оцу сохьта тхан куьйгалхошка иза дIахаийта декхарийлахь а дина тхо, “ - иштта дара цу цIе ца яьккхинчу альянсан векало нийса бутт хьалха далийна хилла терахь.

ХIеттехь цу дIахьедарна комментари йинчу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллин векалша журналисташка элира, Европехь лерина Оьрсийчоь сийдоцчу вастехь юьйцу, цунна демонизаци ян а гIерташ, шайна кхин а керла санкцеш юккъеяха бахьана хилийтархьама, аьлла. Шайн дешнаш тIечIагIдеш оьрсийн дипломаташа далийра, айкханчех дерг бакъ делахь, тIаккха царна официала бехк хIунда ца буьллу Къилбаседа Атлантикан альянсо, бохург.

Иштта, арахьарчу гIуллакхийн министраллин прессица болх баран департаментан куьйгалхочун гIовс йолу Захарова Мария гIехьчул бегдаккха гIоьртира хилларг. „Цкъа оьрсийн векалташкахь шпионаш карабо царна, тIаккха оьрсийн хакерш гучубовлу, Iамеркахойн адимнистрацин системашкахь талорш лелош, тIаккха юха оьрсий Европина тIелатаран кхерам кхоллало“, - элира цуо, Малхбузенах параноя лазар кхетта, Оьрсийчуьра богIу кхерам лехарехь аьлла тIе а тузуш.

Амма Оьрсийчоьнан векалш мел шайн пачхьалкхан айкханчашца йоьзна йолу рогIера скандал пайдабоцучу яккха гIертахь а, бакъдолчехь цу шпионех яьккхина ю Малхбузера массо а аьлча санна мехала институци, бохуш диьйцира Маршо радионе Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочуо, политолога Асхабов Хьамзата. ХIинца, хIокху муьрехь, Оьрсийчоьнна шена доллу а дуьне дуьхьал ду аьлла хетачу хенахь-м муххале а.

Асхабов Хьамзат: „Оьрсийн пачхьалкхе доллучу дуьненна ша дуьхьал а хIоттийна, цхьа дуьненца къийсам латтон гIерташ схьайогIуш ю. И берриге а шена гуонахьа болу мехкаш а, цкъа хьалха Советашна юккъехь хила меттигаш а ша шен тергонехь латон еза а моьттуш.

Вуьшта доллучу дуьнентIехь а беш бу цара и болх, шайн айкханчаш цига дIа а оьхуйтуш. ХIинца-м цара иза тешна а жигар баьккхина. Коьрта Iалашо церан шайн ницкъ баржор а, нахана хетачунна тIеIаткъам бар а ю“.

Политологан дешнаш тIечIагIдо иштта кху деношкахь Брюсселера кхаьчначу костано а, хетарехь, НАТО куьйгаллин шеконашна тоъалла тоьшаллаш карийна хилар гойтучу. Шинари дийнахь гучудаьлла ма-хиллара, Брюсселера арабаха болийна цхьа могIа оьрсийн делегаташ.

Иштта The Daily Mail газетано яздарехь, хIинцале а иттанаш оьрсийн белхахой, даржех а бохийна, цIехьа хьажийна.

Нагахь санна хIинцалца схьа айкхалла лелорна шеконаш 38 стагана дуьхьал бен ца хиллехь, хIинца уьш 45 ву, газетано шен Брюсселерчу хьостанашна тIе а тевжаш чIагIдарехь.

Карарчу хенахь Брюсселерчу НАТО тIеман альянсан кхерчаш уллехь терго еш стаг а воцуш маьрша дIасалела бакъо йолуш оьрсийн делегатех виъ стаг бен вац. Кхин дIа болу делегаташ юххе ваьлла цхьа тергоешверг ца хилча, цу альянсан штаб-квартирехула волавала йиш йоцуш ву.

Хьахон догIу, карарчу хенахь айкханчаш бахьана долуш НАТО тIеман альянсаний, Оьрсийчоьнний юккъехь кхоллабелла болу цатам иштта а кху тIаьхьарчу шарчохь шелйеллачу Малхбузенан, Кремлан юкъаметтигашна вуно эшаме хир бу. Оьрсийчоьно ГIирма ахгIайренна аннекси яр бахьана долуш даханчу шеран охан баттахь Къилбаседа Атлантикан альянсо иштта а цхьана ханна сацийнера Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбарш.

Ткъа оршот дийнахь журналисташца шен хиллачу къамелехь цу альянсан инарла секретара Столтенберг Йенса шаьш цкъачунна Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбар юхаметтахIоттон дагахь ца хилар а хоьуйтуш элира, 30 оьрсийн делегат шортта тоьуш ву Брюсселехь, аьлла.

XS
SM
MD
LG