Хьалха заманчохь уггаре а мехалчу политикан цхьаьнакхетарийн жамIех хаамийн агенталлийн костанашкара а, лайф эфирехь болхбечу я цу хиламехь акрредитаци йинчу журналистийн хаамашкара а девзаш хиллехь, тIаьхьарчу шерашкахь и жамIаш а, ткъа иштта шуьйрачу юкъараллийна ца гуш, ца хезаш йисна йолу деталаш а социалан машанашкара евза могIарерчу нахана.
Дукхахьолехь лаккхарчу тIегIантIерачу цхьаьнакхетарийн декъашхоша шаьш яздо шайн агIонашна тIехь мехалчу хиламех а, шаьш бинчу белхех а лаьцна. Иштта шинари дийнахь Сочехь Оьрсийчоьнан президентаца Путин Владимирца а, арахьарчу гIуллакхийн министраца Лавров Сергейца а цхьаьнакхетта волчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона шен Твиттер тIерчу агIонехь яздинера, шайн къамел къайленаш йоцуш эвхьаза дара, аьлла. Иштта цо хаам бира, шаьш дийцаре динарш таханлерчу дийнан коьрта хеттарш дара, шайна юккъехь Украинера хьал а долуш.
Амма, хетарехь, и лакхарчу тIегIанера къамел маьрша а, эвхьаза а хиллехь а, хIара аьлла хийцамашка я керлачу хьеле ца кхачийна цо декъашхой.
Иштта, Reuters агенталле Оьрсийчоьнан президентан гIовс волчу Ушаков Юрийс динчу дIахьедарца, деа сохьтал сов дахделлачу Путин Владимиран, Керри Джонан цхьаьнакхетарехь бу аьлла дIабийца мехала сацамаш ца хилла, и къамел ларамца а, вовшашна хетачуьнга кIирбелла ладогIарца а дIадаьхьнехь а.
Ушаковс билгалдаьккхира, Оьрсийчоьнан президента Вашингтонерчу хьеше дIахаийтина, Кремл Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш тойалийта лууш хилар аьлла.
Сочера воьдушехь Туркойн махкарчу Антальехь кхаари дийнахь дIахьочу НАТО тIеман альянсана юккъе йогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрийн саммите вахана волчу Керри Джона цигахь журналисташца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, шен рогIехь, кхин цкъа а дийцаре дира шен Оьрсийчоьнан куьйгаллица хиллачу къамелан жамIаш. Цуо карладаьккхира, Минскехь бина хилла барт кхочушбар Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш юхаяхарна оьшуш долу коьрта хьесап хилар.
Цо иштта бовзийтира Широкино олучу меттехь а, Донецкерчу кеманийн портехь а дIадоьлхуш долчу тIеман тийсадаларийн хьокъехь шен сингаттам а. Цул совнаха, Оьрсийчоь кхин а дIа а сепаратисташна цара шайн куьйгакIела ерзийнчу меттигашна дола дан а, урхалла дан а гIодеш хилар а хьахийра цуо догмовлаваларца.
„Тхуна ца лаьа Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш лелон, амма и санкцеш оьшуш ю, Украинера тIом сацабайтархьама“, - иштта дахкадо ТАСС хаамийн агенталло Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран дешнаш. „Сочера цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа ас НАТО альянсерчу партнерашка церан жамIаш довзийтира, цул тIаьхьа тхан цхьа барт хилира, хIинца тIекхаьчнарг критикан мур бу бохучунна тIехь: Оьрсийчоьно а, сепаратисташа а Минскера барт ларбан а беза, Европехь кхерамазаллин а, цхьаьнаболхбаран а юкъараллин тергамхой конфликтан зоне кхачийта а беза, цигара, къаьстина Широкинера, тIемаш совцорхьама“, - элира Керри Джона кхин дIа а.
Кхеташ ма-хиллара, кхаарий дийнахь Антальехь дIаяхьанчу НАТО тIеман альянсан саммитехь а коьртачех тема яра Украинера хьал а, Оьрсийчоьно цигарчу кризисехь ловзош йолу рол а.
Хьеший тIеоьцучу Туркойн махкан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавутоглу Мевлюта элира шен къамелехь, Оьрсийчоьно шен лулахошна дуьхьал лелош долу хIумнаш цхьанна а кепара бакъдан йиш йолуш дац, аьлла, Украиний, ГIирма ахгIайрей, Гуьржичой а хьахош. Анкара шен рогIехь кийча ю элира цуо, Малхбузенний, Оьрсийчоьнний юккъехь барт баран Iалашонца юкъаралла лелон.
Къилбаседа Атлантикан тIеман альянсан инарла секретар волу Столтенберг Йенс кхин а дерох вистхилира. Цуо Оьрсийчоьне сихонца шен Малхбалерчу Украинера эскарш арадахера а, ша сепаратисташна деш долу гIо-накъосталла сацадаре а кхайкхира, багахь Кремлан куьйгалхоша хIуъу дийцахь а, церан леламаша массо а хIума ма-дарра схьагойтуш ду аьлла тIе а тухуш.