Итт кIиранахь яхъеллера Бостонера теракт ярна бехке леринчу Царнаев Джохарна тIехь Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь дIахоьш йолу кхел. Бахана охан бутт юккъебаьлчу хенахь Бостонерчу куьпа кхелахь гулбеллачу бехккъасторхоша цуьнан бехке хиларх ца хиларх йолу шайн вердикт йовзийтинера. Цара иза дуккхаъ адамаш дойъуш долу герз дарна а, цу герзах пайда а оьцуш, нах байъарна бехке лерира.
20I3-чу шеран Охан-беттан 15-чохь Бостонерчу марафонехь хиллачу эккхийтаршкахь 3 стаг вийнера, 264 стагана чевнаш йинера. Цу зуламна бехке хиларна сихонца шеконаш кхоллаелира Iедалхойн Бостон гIалахь вехаш а, доьшуш а хиллачу нохчийн къомах волчу шина вешех, ЦарнаевгIарах Тамерланахий, Джовхарахий.
Цул тIаьхьа дехха Бостон гIалера а, Массачусетс штатера а Iедал а тIаьхьа а лелла, цу Iедалца герзаш дIасатохар а хилла, воккхах волу ваша Тамерлан вийра, ткъа Джовхар чевнаш йинчул тIаьхьа лаьцна набахте воьллира. Иза бехке вира терроран акт кечйарна а, дIаяхьарна а. ХIетахь иза лаьцначу хенахь а, цул тIаьхьа а доллучу дуьнентIехь дукха нах бар и кIант бехкехиларх шеконаш йолуш.
Дукха цхьа Голливудан филмашкахь санна хетара нахана иза Iедалах идар а, Iедал цунна тIаьхьа далар а, и боллу хилам а, цхьа къиза башхалла бен йоцуш – киночохь санна а доцуш, боккъалла а болу нах байъира терактехь, киночохь санна а доцуш бакъдолу герзаш дара ЦарневгIара а, Iедалхоша а дIасадиттинарш.
И Бостонехь дина долу зулам данне а теракт санна тудар нийса ца хета шена бохуш дийцира Маршо радионе Малхбузехь вехачу политолога Асхабов Хьамзата. Цо дийцарехь, вайн заманчохь и террор а, теракташ а боху кхетамаш церан бакъболчу чулацамах генарчу хIуманашна а тIе ийзош, дукха эвхьаза баьхна.
Асхабов: „Ма-дарра аьлча, цу зуламех теракташ алар нийса дац. ХIунда аьлча теракташ еш болчу наха цхьа политикан Iалашо а лоций, цхьа мостагIа билгал а воккхий, шаьш стенна хIун леладо а хууш до терроран тIелатарш. Масала, мацах Оьрсийчохь революци йоккхучу заманчохь санна.
Ткъа цхьана стаго, бомба а юьллий, шен цхьа билгал Iалашо а йоцуш, шена цкъа а гина а боцу нах бойар – иза бех боцу адам дер ду, зулам а ду, амма теракт цунах ала ца догIу. И хIума дина волу стаг, шеко а йоцуш, кхераме зуламхо ву, иза вен а вогIу шарIаца а, сан сайн кхетамца“.
ХIинца цу ехачу кхелан процессан, инзаре боккха юкъараллин а, хаамийн гIирсан тидамехь дIайоьдучу, тIаьхьарлера агIонаш луьйтуш ю. Шинарий дийнахь дуьйна Бостонерчу кхело хаьржина волу 12 бехккъасторхо ву, Царнаев Джовхар вен вогIу я велла дIаваллалца набахтехь яккха хан тоха йогIу цунна бохург луьттуш.
Царнаев Джовхарна дуьхьал тоьттуш болчу бехкан 30 эпизодах 17 бахьана долуш цунна меттигерчу низамашца вен кхел ян бакъо ю. Нагахь санна массо а бехккъасторхоша цхьатерра цунна цу 17 эпизодах цхьаъ бахьана долуш мукъане а верца бекхам бан богIу аьлла сацам бахь, и гIуллакх дIахьочу федерала кхелахочуо Отул Джорджа цунна верца кхел кхайкхор ю.
Ткъа нагахь санна 12 бехккъасторхойх цхьаммо мукъане а Царнаев Джохарах къинхетам бахь, цунна велла дIаваллалца чохь валла хан тухур ю.
Царнаевн адвокаташ а, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара адамийн бакъонашларйархой а, ткъа иштта цу кIантах къахеташ болу могIарера юкъараллин жигархой а цунна кхайкхон йолу кхел вер ца хиларе сатуьйсуш бу.
Амма нагахь санна Царнаев Джохар боккъал а шена дуьхьал туьттучу зуламна бехке велахь, ткъа иза бехке хилар Iедало бехккъаторхоша тешалла гайтина, - тIаккха цуо ша динчух жоп дала деза аьлла хета политологна Асхабов Хьамзатана. ХIунда аьлча нах баъа кийча верг ша динчух жоп луш вала а кийча хила веза.
Асхабов: „Суна иза нохчо велахь а бен дац, муьлхачу къомах велахь а бен дац, цуо и зулам динехь цу стагана верца кхел йогIу аьлла хета суна. ХIунда аьлча, айха динчу хIуманна жоьпалла тIе эца кийча хила веза хьо, хьо бехк боцу нах байъа кийча велахь тешна а. Цара цунна вен кхед яхь, иза цара цу кхелаца вехь, дуьненчохь ша динчу зуламах бехк цуо текхна хиларх терра, эхартахь аттох хила мега-кх цунна“.
Бехккъасторхой шайн сацам бина билгал маца бевр бу бохург цкъачунна хууш дац. Там бу уьш кхин а масех дийнахь хьебала. Там бу цара амма шайн сацам еари сарахь дIакхайкхон а. Мухха а делахь а, вайн заманахьлерчу уггаре а гIовгIане а, драматике а дахар а, кхоллам а хиллачу стеган валар-висар ду церан карахь дерг.