ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Литературехь хаза лар йитина ваха Канташ...


Нохчийчоь -- Яздархо Канташ (Ибрагимов Лоьма)
Нохчийчоь -- Яздархо Канташ (Ибрагимов Лоьма)

КIира кхечи нохчийн литературехь шен харш долуш, шатайпа къахьоьгуш схьавеъна Канташ (Ибрагимов Лоьма) цIеххьана дог а сецна шен 65 шо кхочуш велла.

Кху беттан 14-чу дийнахь махкана, къомана, нохчийн маттана,вайнахана деза а,сийлахь а мел долчу хIуманна лезна дог саца а сецна бакъ дуьнене дIакхелхина яздархо Ибрагимов Лоьма. И ван а вара цу дешан шуьйрачу маьIнехь яздархо – байтанча, драматург, критик, Iилманча. ТIехь бIаьрг соцуш,ойла ахкаме йоккхуш ду хIинцачул 23 шо хьалха «Орга» журналехь, критика декъехь Лоьмас зорбане баьккхина, «Нохчийн литературан беха-боца некъ» цIе йолу болх.

Чот йоцуш дукха ю цу тIехь тахана а мехалла яза,маьIне ойланаш. Масала нохчийн эланаш хилла а бац бохуш дозалла дечарна жоп дала санна авторо яздо: « Хьанна хаьа, уьш хиллехьара-м тахана вай йилла гIерта йозуш йоцу пачхьалкх йолуш вай Iаш долу дуккха хан яьлла хир ярий? Хьанна хаьа уьш цахиларо дахаран хьалхенна вай мел тIаьхьатеттина,титтина?» ХIетахь I990-чу шерашкахь цу кепара хеттаршка вийлина Ибрагимов Лоьма.

Оццу балха тIехь цо нохчийн литературан некъ шина декъе боькъуш долу терахь санна билгалдоккху къам дохийна I944-гIа шо. ХIетахь дуьйна нохчийн исбаьхьаллин литературо бинчу некъан башхаллаш билгалйохуш цо цхьа кхачамбацар санна 7 пунктехь даладо ишта тоьшалла а: «Iедална тиэкъар,цунна мукIарлонаш дар, тIетийжар.

ХIара дуьне кхолладелчахьана Iедалан бакъволу яздархочун барт хилла бац.Iедал-Iедал ду,искусство-искусство ю. И шиъ цхьана ненан а дац,я цхьана мехкан а дац. ХIораннан а шен-шен декхар ду, Iалашо а ю,цхьа цуьрриг а цхьана йогIуш а яц».

Ас юха а билгалдоккху Ибрагимов Канташа и а, кхин а чулацаме ойланаш ялхийна I992-шеран «Орга» журналан 3-чу ноьмарехь. Нохчийн литературехь дукха яц оццул кIорге а йолуш язйина талламан ирташ.

Со къастам боллуш ала вахьац мичахь, исбаьхьаллин литературан муьлхачу декъехь , тайпанехь дина Ибрагимов Лоьмас беркате, хьанала «охана», муьлха стом кхиийна цо къаьсттина дика?

Драматурги юьхьарлаьцча масала суна дало лаьа «Дуьххьарлерчу безамах туьйра» пьеси тIера дешнаш. Дикка хьалха язйина елахь а цу дешнаша хьакъболлу мах хадориш вай ду - адамаш. ШайтIа ду къамел деш. Цуо шайтIано боху:»…сайн вешех долийла со, цхьадолу адам вайл,шайтIанел, оьшуш дацахь.

Уьш Дала хIунда кхоьллина хууш дац-кх со. Адамаш ледара хIумнаш ю, делахь а дуьне дага а доьхна леш дохку. Ахча шайн сил дукхадеза. Ахчанах да а,нана а,мохк а,мотт а бохка реза бу. И ю церан синан гIело Цо вийна церан воцуш цатерг. Ша тхойга Iехабайта ца кхоьллинехь,суна-м ца хаьа уьш Дала стенна кхоьллина?»

Мотт керчар бац 13-14 шо хьалха цу кеппара хеттаре дийлинчу шайтIано дуьйцург тахана а бух болуш дац ала.

Ибрагимов Канташ коьрта редактор лаьттина «Гоч» журналан. Хьуьнаре куьйгалхо а хилла и каде хьийзар бахьнехь цу журнало шенчул дакъалаьцна нохчийн мотт «самсабаккхарехь»,цуьнан таронаш шорьярехь, Хатаев Хьусайнна а дайна, ненан маттана ша мел бу а,мича меха а бу хаийтарехь.

Дог-ойла кхето тигац муьлхха а цхьана журналан редакцехь, я цо тIаьххьара болх бинчу Iилманан цIийнехь вела а къежаш, шеха текхош къамел а деш, векхавелла, «хьо муха мичара кхечи « аьлла Кfнташ дуьхьал вер вац аьлча.Басарш дукъдина ала а ца оьшуш,Лоьмас хьасартне дакъалаьцна нохчийн афоризмийн а,ирчу аларийн а дозанаш шордарехь а.

Цу а, кхечу а декъехь вуно дукха ю цуьнан зорбане йийлина исбаьхьаллин ирташ,массара а кхаъ хуьлуш тIеэцна «Хьалхамартанхой энциклопедина» тIера, «Либретто» биста кхаччалц. Уьш ягарйина а, церан мах хадийна волийла а дац. Кхузара ас къамел Лоьмин байталлех доладо. Цара, дагна синтем бохьуш «лешачу» синтемечу,исбаьхьчу ойланаша даре до Ибрагимов дуьненан мехаллаш дика евзаш, дахаран хиламийн мах хадо хууш, мух-мухха а воцу дешан говзанча хиларан.

Ондда бух болуш ду Ибрагимов Лоьма Дала похIма делла байтанча- хьекъалда, исбаьхьаллин дош кIоргечу ойланца кхала хууш, даима а лехамехь байтанча-Iилманча а хилла бохург, Яздархьама а ца яздеш,ша дуьйцург,далхориг тIех дика кхета а деш,дешархочун ойла партала ца юьтуш,халкъан дIадаьлларг,цунна лазаме мел дерг карзахе карладоккхуш, Лоьмас санна тIаьхьаязийнарш нохчийн литературехь дукха бац.

Тахана суна синтеме кхаъ бу Ибрагимов Лоьма сап-сов а волуш,шо хьалха цуьнан кхоллараллех «Маршо радионо» хастаме дош аьлла хилар Дахаран мах хадош,мацах дIадаьлларг карладохуш ека цуьнан байташ, йоьшург хьа а веш. Цу могIарера ю аьлла хетта ,цкъачунна кхето цхьа атта хеталуш йолу «Бералла» байт а.

БЕРАЛЛА

Бералла сан ян а яцара,

Я со цуьнан а вацара.

Бералла сан ян а яцара,

Я со цуьнан а вацара.

Бералла, бералла,

Масане хьо йоьлуш яцара.

Сатеснарг – гIенаха гуора,

Цахиндерг – собарехь гуора.

Бералла, бералла,

Масане хьо йоьлуш яцара.

Цу хенахь и мичар хир яра,

Сан къоман лаг лаьцна хилча.

Бералла, бералла,

Масане хьо маьрша яцара.

Ибрагимов Лоьмин шатайпа кхоллараллин билгало, хIатI санна хета кхета аттачу кIеззигчу дешнашца яккхий ойланаш листийтар.

Лаамо шад тоьхча,

Лазамо ов туху,

Декъаза сатийсам

Овкъаршла божабеш.

Дахаро це тухий,

Дикано пе тухий,

Ойлане гуо бойту,

Ойлане болх бойту.

Кхолламан дог девза,

Оьмаран букъ бевза.

Дуучу дуьненан

Шен боллу мах бевза.

Хьалха а хьехийна ма-хиллара цуьнан синхааман турпалхо шен къомана юкъара къестамаш а ца беш «схьаэцна», кхето хала воцу,могIарерчарна юкъахь а могIарера, шена юххерчарех дог лозуш, цара мел лайнарг ловш, дахаран къахь дагца луьттуш,цаьрга нийсса чекхваьлла стаг ву. И бакъдерг дика тусало цуьнан байталлехь а.

Гуьйренан гIайгIа ю лаг лаца гIерташ.

ГIайгIанан бала бу са лаца гIерташ.

Со шеха кхийринарг тIекхечи суна,

ГIенаха мел гинарг самаха хили.

Куьйгаш тIехь лелийнарг мостагIа хили,

Ас емал мел динарг дог кIеда карий.

Со шеха кхаьрдинарг тIекхечи суна.

ГIенаха цагинарг самаха хили.

Моьттура, сайн бен дац сайх доьзна дерг,

Моьттура, нехан ду нахана хилларг.

Кхечунна тIедеъча, ас атта лайна –

ГIенах а цагундерг самаха хили.

Ибрагимов Лоьмас,кхечара масал эца адогIуш, кхиамца яьстинчех ю Даймехкан,безаман, Iаламан теманаш. Царех муьлха юьхьарлаца,муьлхачунна тIехь бIаьрг сацабе боху хеттарш чолхе дуьйлуш дукха ю шайх дийца догIу «кIорга» байташ.

САН КЪАМ

Синойн дуьхьа марха кхобуш,

Дилхан дуьхьа латта охуш,

Кхуьу адам –

Кхуьу сан къам.

Берийн дуьхьа хало токхуш,

Биэхкан дуьхьа Iазап токхуш,

Кхуьу адам –

Кхуьу сан къам.

Зерийн дуьхьа шахьар юьллуш,

Заан дуьхьа вала дуьллуш,

Кхуьу адам –

Кхуьу сан къам.

Исбаьхьаллин дош,дашо,дети варкъ дуьллуш кхин дIа кхала а лур дуй те аьлла, дог хьадещ дуьйцу синхааман турпалхочо Даймахках а.

НОХЧИЙЧОЬ

Иман доцчохь синтем боцуш,

Эвлаяъ воцчохь тоба доцуш,

Орца даккхал цхьалха висча,

Ас хьо Деле сайна ехна.

Къа латийча, къера хилла,

Халкъан гIайгIа хорам хилла,

Хьераваллал зама зийча,

Ас хьо Деле цIарца ехна.

Нана йоцчохь ненан воцуш,

Ваша воцчохь бакъо йоцуш,

Иэсах валлал жоьра висча,

Ас хьо Деле цIийца ехна.

Пана махкахь пана висна,

Малик делхар сайна дисна,

Эрна арахь эрна висча,

Ас хьо Деле сайна ехна.

Ибрагимов Лоьмин синхааман турпалхо дахар девзина,цуьнан «тIум» мичахь йоллу а хууш зеделла стаг,юьхьша велахь а цо цунах кураллаш ца йо. Ша могIарера стаг хиларе терра, ша тидаме эцийта,шена тIехь бIаьрса сацийта иза кхечарех схьа а ца къеста. Цундела безам балхабо цо, говрара вуссучух тера, халкъан фольклор юкъара хIинцца схьаваьлча санна.

ХИЛЧА ХИНДЕРГ

Хьайн дагна цхьа эла лоьхучу хьуна

Дуьххьара со гур ву цIеххьана сирла...

Азаллин йозано цхьа бахьна лехна,

Вай вовшахтухур ду вовшех ца довла.

Ахь паччахь сох вийр ву, хуьлийла лууш,

Толаме кхойкхур ву, вогIийла лууш.

Сан доцчу хьуьнарийн да ван сох гIерташ,

Хьан безам гIеллур бу, кхолламца къуьйсуш.

ГIелбелла дIагIур бу, ша-шеха леташ,

Де дика, Iодика – гергарло хеташ.

Декъала мел хилларг бехказаваккха,

Декъазчун кийрара байттамал даккха.

***

Цу хьан хазаллех сан къа гIура ду,

Шена суждане сан са дигарна.

Хьанна хаьара, хьанна моьттура:

Дакъаз ца валлал, декъал хила ду.

Цу хьан сибатна сан бIаьрг хира бу,

Буьйра бIарлагIаш буоча хьестарна.

Хьанна хаьара, хьанна моьттура:

Ирсах ца хьеггал, ирсе хила ду.

Цу хьан кхолламах сан чIир хьаьрчар ю,

Юххехь лаьтта со хийра хиетарна.

Хьанна хаьара, хьанна моьттура

Шен лаамца дог хьуна къарлур ду.

Ибрагимов Лоьмин турпалхочунна муьлххачу а нохчочунна санна хийра яц забар а . ЦУьнца дерзадо ас сайн къамел а.

Долаяллалц, гIенах гира,

Долаяьлча, пах сенбира.

Ийна яллалц, са кIамдира,

Ийна яьлча, и малдира.

Яханчуьра ян ца кхеташ,

Хийла буьйса байлахьора.

Ойла екъа адам эшча,

Невцан баьрччехь карайора.

Долаяллалц, гIенах гинарг,

Долаяьлча, пах сенбинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG