Дагара ца долу суна сайн ненан хала дахар. Бедарш тоьгучу фабрикехь болх беш яра иза. ЦIенош ирахIиттийнера тхан дас, амма поппарш хьеха белхалой лаца таро ца хиларна, балхара мукъа йолчу хенахь ша хьоьхура цо.
Суьйранна диъ сахьт даьлча буьйса юккъе яххалц балхахь хуьулура иза. Балха йоьду хан кхаччалц поппарш а хьоьхий, ши куьйг дила кхиа ца еш, хьодий йоьдура фабрике. Юьрта юккъехула доьдучу Ахк-хих йолуш, цу чохь бен шен поппарх дуьзина ши куьйг дила а ца кхуьуш йоьдура иза.
Аттонаш гина боцчу яхначу заманан нохчийн зударийн кхолламера бакъдерг ду иза.
Карарчу заманахь нохчийн зуда муьлххачу а балхахь ларош, кхуьуш, кху заманца йогIуш, цуьнан кхиамаш бIаьрла гуш хазахета.
Иштачех ю Iалхан-Юьртахь еха Кудаева Мадина. Зуда, нана, хьехархо, байтанча, илланча, спортхо, фотограф.
Муха, муьлхачу Iалашонашца еха, хIун кхиамаш бу, ларайой хьо аьлла дара сан юьхьанцара хеттарш.
Кхин дIа къамел дIахьош Мадинас кIоргерачу хааршца, леррина дуьйцура берашца болхбаран шен кепех лаьцна. Хьехархо шен хаарийх тоам бина Iен ца веза, бохура цо, даима лехамашкахь хила веза.
Охан-баттахь нохчийн меттан денна лерина хиллачу къовсамашкахь толамаш баьхначу хьехархойн могIарехь а ю Кудаева Мадина."Тоьлла нохчийн меттан кабинет" мехкан къовсамехь шолгIа меттиг елира цо берашна хьоьхучу белхан меттигна.
Мадинас хьехархочун болх безаш воцург а Iехалур волуш, аьхна, дехха дуьйцура школех, берех лаьцна. Маршо Радиона хаа лиира, белхах мукъа йолчу хенахь Мадинас муха хьо шен хан.
Мадинин йиш, шуна ма-гарра, Нохчийчохь шуьйрра бевзачу, лаккхара корматалла йолчу иллиалархоша денна лоькхуш хезачу эшарел хIумма а оьшуш яц. Цундела кхолладелира рогIера хаттар, муха хадабо-те цIе яххана бевзачу махкарчу иллиалархоша цуьнан кхоллараллин мах.
Мадинас иштта жоп делира.
Кхин цхьа Мадинин кхиам а беза бовзийта - спортаца долу гергарло. Нохчийчохь хьехархойн гонехь дIаяьхьначу спартакиадехь йодуш хьалхара меттиг а яьккхира Мадинас кхушара.
Маршо Радионо муьлхха а хаттар шега дича, оцу хаттарна жоп а лой, Мадина шен къамелехь, хьавззий, кхочура шен школе, бераш долчу. ТIаккха хьесап дира оха, и санна гIуллакхе бирзина къахьоьгучу хьехархойн белшаш тIехь лаьтта тахана Нохчийчуьра дешар, Iилма, аьлла.
ХIун тIе ца тоьа хьуна тахана хьайн дахарехь, аьлла дара Маршо Радион тIаьххьара хаттар.