Шо хьалха «Акха дивизи» цIарца кхоьллинера Нохчийчохь байкерийн тоба.
Амма и цIе кхин лелор яц Соьлж-ГIаларчу мотоциклан фанаташа – Оьсийчуьрчех дIатарлуш, Кремлна томана, «Буьйсанан берзалой» хилла нохчийн байкерех.
Цул совнаха, оцу тобанна юкъа а вахана, декъашхо хилла шех, Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах а.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир ша вац берзалойн могIарехь, амма кесст-кесста байкершца цхьанакхета, гIолоцу байкерийн хьашташ кхочушдеш, деха къамелаш до байкерийн лидерца Залдостанов Александрца (халкъалахь «Хирург» а олу цунах).
Ткъа Путинан Владимиран ша гIаш-салти ву бохуш лелачу Кадыров Рамзана масал муха оьцур дацара иштачух, олуш хеза мехкан коьртачу хьакамо лелочух цу махкахошкара.
Нохчийчуьрчу «Буьйсанан берзалой» мотоклубехь I6 декъашхо ву, Кадыров Рамзанца цхьаьна.
Стигалкъекъа-бутт болалуш Кадыров-воккхачун, Ахьмадан цIарахчу юкъараллин фондан чоьтах нохчийн байкершна I6 мотоцикл эцна ша аьлла, яздинера Кадыров Рамзана шен Инстаграмерчу агIонтIехь. Бахьана а билгалдаьккхинера цо «Оьрсийчоьнна хьалха шайн декхарш байкерша кхочушдарна» аьлла.
Шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун резиденцехь гулам хилира Оьрсийчоьнан, Нохчийчоьнан «Буьйсанан берзалойн». Церемонехь байкерша махкана тешаме хила чIагIо йира.
Кадыровс а бохура, ша ницкъ кхоор бац байкерийн лаамашна оьшучунна тIехь. ТIаккха
Оьрсийчуьрчу байкерийн а Залдостанов Александра Кадыров Рамзанна а, тобане хIинцца юкъабаьхкинчу декъахошна а совгIатна елира байкерийн жилеташ, клубан байракх а. Керлачу тобанан декъашхойн цIераш а ю йовзуьйтуш, уьш бу Кадыров Рамзанан Администрацин куьйгалхо Даудов Мохмад, шех Лорд олу, Соьлж-ГIалин мэр Кадыров Ислам а.
Лахарчу барамца тахана цхьана мотоциклан мах бу 50 эзар доллар. Ткъа фондан цIарах нохчийн байкершна эцна I6 мотоцикл.
Ца торийла яра-те Нохчийчохь мотоциклаш эца я турбанашчухула хинан меттан шура а оьхуш, хьелаш тоделла беха-те махкахой?
Маршо Радиоца къамеле буьйлучу бахархоша даима ялхош ю белхан меттигийн къоьлла, чохь Iе хIусамаш йоцуш бисина доьзалаш, арахьара дарба оьшуш, меттахь Iуьллу цомгаш нах…
Соьлж-ГIаларчу вахархочуьнца Батаев Сайпудица зIене елира Маршо Радио.
Батаев:«Бакъдерг дийцича "Буьйсанан берзалошна" хIета а оьшуш яцара и мотоциклаш оццул мах а белла. Чу ваха меттиг боцуш, балха баха меттиг йоцуш, хьала кхалла хIума а йоцуш дукха нах бу вайн. Церан хьашташ кхочуш дийра дар-кха ас. Дала схьакхоьллина пайда бац царех схьаболуш, буьйсана ара а бовлий, мотоциклаш хоьхкуш, хьовзам боккху цара нахана, гIовгIа ма йоккхий цара.Шайна самукъа доккхуш хоьхкуш ю, схьагуш бац-кх царех болу пайда».
Еххачу хенахь Нохчийчохь байкерийн «Акха дивизи» тобанан декъашхо лаьттина ву Аласханов Турпал. Амма масех бутт хьалха царех къаьстинехь а, мотоциклах къастаза ву иза. Цуьнга а хаьттира Маршо Радиос, хIун пайда бохьу байкерша шайн махкана, доьзална, я ша шена, аьлла.
Аласханов: «Пайда хIун пайда хуьлу? Вайн некъа дика ду, тIебаьхкинчу хьешаша, вайн некъаш гича, шуна мотоциклаш хехка мегар ду олу. Царна вайн гIиллакх-гIуллакх гойту, тхайга далучу агIор накъосталла а до оха. тхо шаьша долчу даьхкича. ишта хьошалла тхуна а до, цецбовлу "Хьажахьа, Нохчийчохь тIом хиллашехь, байкерш бу-кх церан.Вай долчу нах схьа а лела, бандиташ ду вай бохуш кхолладелла сур а дов».
Байкера деллачу жоьпехь «мехала» пайда бу къомана а, махкана а. Амма хIоранга а ойла яйттал ша тайпа бакъонаш-м ю байкерийн Iедална хьалха. Царна стаг вийча а могуьйту.
Масала, кIира хьалха Краснодарехь оьрсийн байкеро вийна Нохчийчуьра вахархо, цхьана а Iедало-м дуьйцур а дацара, зорбанаша а тидаме ца ийцира.
Ткъа кху деношкахь Москохахь нохчочо ларамза машентIе тоьхна вийначу байкеран доллу тайпа-тукхам гIаьттина, больницехь лазийна Iуьллу Мирзоев Дени вадарана кхоьруш, ха деш беха Оьрсийчуьра байкераш, жоьпаллера ца валийтархьама.