ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Facebook - Кремлан эвсара гIирс?


Оьрсийчура а, Украинера а бевзаш болчу наха кхайкхам бина Facebook-ан долахошка цу социалан машанехь цхьаболчу нехан агIонаш политикан бахьана долуш дIакъовлар сацаде аьлла. Цара динчу дIахьедарна тIехь аьлла ду, пачхьалкхан балхахь болчу питанчаша эзарнаш латкъамаш бина, бевзаш болчу блоггерша Facebook лелоран ниазамаш дохийна бохуш, Оьрсийчоьнан Iедалшна критика ян церан майралла тоарна аьлла. И бахьана долуш дIачIаьгIна дуккха а Оьрсийчура а, Украинера а блоггерийн агIонаш.

Кхайкхаман авторшна хетарехь, Facebook-ах хилла эвсаре болу Кремлан гIирс. Дукха хан йоцуш украинахоша латкъам бича Facebook кхоьллинчу Цукерберга даре дира шаьш гIалат дина хилар. Амма кхайкхаман авторшна хетарехь, цул тIаьхьа хийцаделла хIумма а дац, ткъа Оьрсийчоьнан Iедалшна критика ечу нехан агIонаш дIакъовлуш ю. Цу кехатан къел куьйг яздина Навальный Алексейс а, Акунин Бориса а, Пионтковский Андрейс а, кхин болчара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG