Закан-Юьртахь дешархочунна полисхоша еттар а, меттигера мехкарий, церан чIенгеш йовлакхашца дIахьерчийна хиларна, кхетош-кхион шаьш болчу бигар а дайдеш, адамийн бакъонаш полицино ца хьоьшу ала, Iедалан хьажам тIечIагIбан лерина яра ток-шоу.
Полицино шайн юьртахь харцо лелор ца лалуш, Закан-Юьртара кегийрхой полицина гобан бахарна а, и санна болчу кхечу хиламашна а тIехьа лаьтта Малхбале, цигара журналисташ, политикаш, бохура тележурналисто.
Закан-Юьртахь бахархойн Iедалца иккхина конфликт хаамийн гIирсашлахь дуьненна массарел а хьалха йовзийтарна бехкейора тележурналисто Маршо Радио, цигахь болх бечу нохчашна хIуй а кхайкхош.
Тхо хуьттур дац ток-шоу башхаллица листа. Иза оха дуьту тхаьшка ладугIучарна а, тхайн сайт йоьшучарна а. Махкарчу журналистикерчу а, адамийн бакъонаш ларъечаьргарчу а хьолах лаьцна тхаьш хIинцца дийцина хиларе терра.
Ток-шоу YouTube а йиллина «Грозный» телевизионо. ХIара ю иза.