Баварера Элмау гIап лекха лаьмнашкахь Iуьллуш ю. Гуонахьа бIаьрг тоьхча массо а агIор гуш Алпийн тарханаш йолуш, Германехь уггаре а хазчех а, механа езчех а меттиг ю иза, G7 саммитан декъашхошна хьошалла дан немцойн урхалло хаьржинарг. Британин, Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Германин а, Италин, Канадин а, Францин, Японин, ткъа иштта Евробертан куьйгалхой бара кIирандийнахьий, оршот дийнахьий цу дуьненан елсмане санна хазчу лаьттан кийсак тIехь карарчу хенан политикан, экономикан а, экологин а чолхе хеттарш дийцаре дан гулбелла.
Ма-дарра аьлча, церан алсамох сагатдеш дерш экономикан хеттарш ду. Масала, Грецин декхарийн кризисах муха чекхйала йиш ю дуьненан экономика, шена кхин башха даккхий зенаш а ца хуьлуьйтуш. Я финансийн хьал муха стабила латтон йиш ю. Дуьненаюкъара мах лелор хIинцалерчу хьолехь муха дуьтур дара, тароне берш шайн таронех мискъазараттал къаста а ца безаш. Иштта дIа кхин а. Иза дерриге а цара саммитан хьалхарчу дийнахь дийцаре дира, мехалох дерг хьалхоха къасто деза бохучу принципца.
Дийцаре дира дера иштта Украинера хьал а. Саммит дIайирзинчул тIаьхьа цуьнан декъашхоша цхьаьна юкъара тIеоьцуш долу жамIийн дIахьедар хIинца а зорбане даьккхина дацахь а, амма хIинцале а кхеташ ду- Кремлана кхаъ хир болуш сацам бац даханчу шарахь ГIирма ахгIайренна аннекси а йина, украинин Малхбузехь къепедацаршна белшаш гIорторна Малхбузено емал а йина, хIетахь шех G8 олуш хиллачу кхинчу пачхьалкхийн клуб юккъера Оьрсийчоь ара а кхоьссина, хIинца юха а шайн готтачу гонехь G7 санна вовшахкхеттачу нуьцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхоша тIеоьцу берг.
Цуьнан тоьшалла ду кIирандийнахь немцойн канцлера Меркел Ангелас журналисташка цу хьокъехь аьлларг а. Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна йолу санкцеш малйар Минскера барт ларбарца цхьаьнадоьзна ду бохург кхин цкъа а билгалдаьккхира цуо. „Нагахь санна массара а цу тIехь къахьегахь, тIаккха вайн шанс хир ю хийцамаш бан. Иза коьртачу декъехь Оьрсийчоьнах доьзна а ду“, - элира Меркела, ша тешна ю саммитан декъашхой цу хаттарна тIехь цхьа ойла йолуш хирг хиларх аьлла тIе а тухуш.
G7 тобан саммит дIайолаяллле а, иза дIайоьдуш йолуш а эзарнаш глобализацина а, шогачу капитализмана а резабоцу Германин а, йоллучу Европера баьхкина а дуьхьалончаш бара арахь, беза хьешийн тIеэцначу Элмау гIопан когашкахь Iуьллучу немцойн Гармиш-Партенкирхен гIалахь демонстрацеш еш. Цара кхайкхамаш бора, гулбеллачу нуьцкъалчу пачхьалкхийн куьйгалхошка, эххар а таронечу нехан бакъонаш ларйар дита а дитий, кху дуьненчуьрчу гIийлачу нахана жимма шайн тидам тIебахийтаре.
Лаьтта тIехь къелла яржар а, цкъа а ца хиллачу кепара дукха адам, тIемаш а, мацалла а бахьана долуш шайн даймокх а битина, бевдда, мухIажарийн новкха бевлла хилар, G7 саммитан декъашхой даима а банкийн а, совдегарийн а интересашка хьовсуш а, ткъа къелла ловш берш а, Iалам хIаллакхилар бахьана долуш баланехь берш а цара моттагIана багахь хьахор бен, тергал беш ца хилар – иза дерриге а дара протестийн декъашхоша G7 тобанна бехке дуьллуш дерг.
Инзаре дукха полисхой кху деношкахь немцойн Баваре саммтан декъашхойн паргIато ларйан дIагулбина хиллехь а, амма дуьхьалонан акцийн декъашхойн каделира, гул-гуллуш масех эзар стагах лаьттачу боламе и саммит дIайоьдучу Элмау гIопан неIаршка кхачалца аьлча санна кхача. Цара детташ долу маьхьарш безчу хьешашна, шеко а йоцуш, дика хезаш дара.
Дуьхьалонан акцин декъашхо: „Иштта кхин дIа а Iен йиш ма яц вайн дуьненчохь оццул дукха Iенаш долу цIий тергал а ца деш. Иза сацорхьама вайн кхин мел оьшу а дуьхьало йийр ю. Юха ерза е тхан адамийн бакъонаш. Сийдойла дуьненаюкъарчу солидаритетан!“
Дуьхьалонан акцин декъашхоша айдинчарех уггаре а мехалчех хаттар дара Евробарто а, йоллучу Малхбузено а мухIажаршца лелош йолу бендацаран политика а, хIора дийнахь аьлча санна Дуьненаюкъарчу хIурдалахь и политика бахьана долуш бIеннашкахь къиза леш болу нах а.
Европано шена аьхна хилийтархьама юккъедаьккхина долу Дублин-2 цIе йолу низам дIадаккхаре а кхойкхура цара. Маршо радиоца къамел динчу Баварерчу Про Азюль цхьаьнакхетараллин жигархочу Штайнер Маркуса билгалдаьккхира, хIора шарахь Малхбухенан мухIаршца йолу харц политика бахьана долуш леш болу нах хIинца Элмау гIопа чохь гулбеллачу G7 саммитан декъашхойн бехканна а леш бу аьлла.
Штайнер Маркус: „Адамаш, гIо лоьхуш лелаш долу, Iедалша хаддаза цхьанхьа хьовсош, вукханхьа хьовсош, дIасалоьхкуш ду. Шайна хаа а хууш, лериначу Iалашонца адамаш къелла а, болхьбацар а йолчу Европин йистошкарчу пачхьалкхашка дIахьежадо. Ткъа цигарчу Iедалшка Евроберто омранаш до, мигранташ тIе ма бита, уьш ка ма-доллу дIакъехкабе, генабаха бохуш. Йоккха скандал ю иза, мигранташна тIехь лелош ерг.
И харцо сацон гIерташ дукха а боламаш бу Европерчу бахархошна юккъехь. Ша-шах хийцалур долуш хьал дац, протесташций, юкъараллийн тIеIаткъамций бен. Амма вай хIинцалца цу тIехь бина болх тоьуш бац. Окху сохьта, сихонца сацадайта дезаш ду и хIума“.
Цу юкъана саммитан декъашхоша шайн цхьаьнакхетаран шозлагIчу дийнахь, кхечарна юккъехь, дийцаре дира Iалам дохдаларан а, и бахьана долуш адамашна кхоллалуш болчу кхераман а хеттарш. Хууш ма-хиллара, Iалам дохдаларан бахьанех цхьаъ дуьненан бахархойн таронаш кхиар бахьана долуш, уьш кеманашца дукха дIасахехкабалар ду.
Делахь а, Iалам лардаран мехалла йийцаре йиначу саммитан декъашхошна марта а, пхьор а даа лерина тIаьхьа кеманаш а дохуьйтуш, Итале дуьненчохь уггаре а деза ларалуш долу трюффел цIе йолу жIалинускалш а, Японера лерина вибромасаж а еш, классикан мукъамашка ла а доьгIуьйтуш кхиочу Кобе цIе йолчу бежанийн киланах I000 доллар сов доьхуш долу жижиг а иштта кеманца схьадаийтина дара.