ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгехь стенна лецна нохчий?


Бельги --полисхойн машен, 2015
Бельги --полисхойн машен, 2015

Белгерчу масех гIалахь лаьцнера шинарийдийнахь I6 стаг, террорхошца уьйрашкахь хилла бохучу шеконца. Царех дукхахберш нохчий бу аьлла дара. ХIинца гучудаларца, лецначех 2 воцург, вуьйш бехке бац аьлла, дIахецна.

Белгин тайп-тайпанчу гIаланашкахь полисхоша йиначу 2I леринчу операцина жамIехь I6 стаг лаьцнера. Уьш берриш а нохчийн къомах бу аьлла хаам а баьржира оцу сохьта, полицин хьосташна тIетевжачу хаамийн агенталлашкахула.

Белгерчу Остендехьий, Антверпенехьий, Намюрехьий, ткъа иштта царна гуонахь Iоьхкучу кхечу масех кегийчу гIаланашкахьий йинера Iедалхоша шайн рейдаш. Церан бахьана – террорхойн маша а кхоьллина, кегирхой Шема а, Иракъе а тIаме бигархьама кечбеш хиларна шеконе лаьцначу нехан хьокъехь схьадиллина шиъ бехкталламан гIуллакх хидар дара.

Цул совнаха, белгихойн полицин шеконаш яра, тобан декъашхой цу пачхьалкхехь терроран тIелатарш дан кечлуш бу аьлла. Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисашца цхьаьна болх беш хиллачу меттигерчу Iедалхоша коьртачу декъехь WhatsApp цIе йолчу социалан машанехула дечу къамелашкахула гучубаьхнера шаьш потенциала террорхой лоруш берш.

Даханчу Iай цкъа хьалха, Iедалхоша дийцарехь, Левен цIе йолчу гIалахь вехачу масех нохчичо вовшашлахь ватцапехула дечу къамелаш тIе тидам бахийтинера полисхойн. Церан хьокъехь къайлаха бинчу талламаша кхин хIара аьлла бух болуш къепедацар гучу ца даьккхинера.

Амма цу махкахь бехаш болчу нохчийн кегирхойн кIирбелла терго еш болчу Iедалхойн кеста кадаьллера, Шемахь тIом а бина, Белге юхавирзинчу цхьана нохчочун лар лаца. Остенд гIалахь вехаш волу иза кху шеран чилла баттахь, шена Шемахь чов йинчул тIаьхьа, дарба дан юхавирзинера масех шо хьалха, ша Оьрсийчоьнан къизаллех ведда, ДегIастанара араваьлча, шена политикан тховкIело а, кхерамазалла а еллачу махка.

Цуьнгахула тIаккха Iедалхой кхечу радикалан хьежамаш болчу нохчийн кегирхойн леламаш талла а буьйлабелира. Эххар а, кху деношкахь цара шеконе ларалуш болчу нехан петаршкахь талларш а дина, царех I6 стаг дIалецира.

Ала догIу, лийцинчех I4 стаг дукха хан ялале маьрша ваьккхина хилар, ткъа шиннан хьокъехь зуламан гIуллакх схьадиллина, Шемахь Ал-Къаидин дакъа ларалуш йолчу Джабхат ан-Нусрах а, цигахь тIемаш беш йолчу Имарат Кавказ тобанах а дIакхетон кегирхой гулбелбеш хилла аьлла.

Цул совнаха, лийцинчарна юккъеь ца хилла волу кхин кхоъ нохчо оццу шеконашца лаха сацам а бина Iедалхоша. Царех цхьаберш, Iедалхоша чIагIдарехь, Шемахь а, ОвхIанехь а тIемлой кечбечу лагершкахь кечамаш а бина, юхабирзина бу.

И хIинца Белгехь санна тобанашкахь нохчийн кегирхой дIалийцар дуьххьара хилла дац Европехь. Иштта Австрехь даханчу шарахь лецира пхиъ вайнехан жимстаг, Оьрсийчохь олимпикан ловзарш дIадахьа кечам бечу муьрехь уьш терроран эккхийтарш дан Iалашо йолуш хилла аьлла.

Ши шо хьалха Испанехь а лецира йоккхачу гIовгIанца нохчийн кегирхойн тоба. Дукхахьолехь, ишттачу IалагIожца лийцинчехь доккхах долу дакъа де-буьйса даьлча, я оццу дийнахь дIахоьцу Iедалхоша. Амма и бохург дац данне а цхьа бахьана а доцуш и нах полицино дIалуьйцуш бу, бохуш дуьйцу Австрерчу нохчийн диаспорин векала Исханов Хьусейна.

Цара вовшашлахь дIасакхоьхьуйтуш долу радикала чулацамаш болу йозанаш а, видеогайтамаш а, ткъа иштта цара шайн тIеман джихадца йолу марзонаш а, хьул ца еш, социала машанашкахула массарна а гойтуш, кхайкхош хилар ду дукхахьолехь цу кегийчу нахах доьдуш дерг.

Исханов: „Вай кхуза Европе схьадахкийна долу хIинца 20-22 шераш долу и вайн бераш, тIом бахьана долуш мегарг деша аьтто ца хилла болу, уьш хIинца хьалакхиина. Цара дешна ца хиларна я хIинца а уьш деша лууш ца хиларна, церан шорта мукъа хан хуьлу, кхечу хIуманийн ойланаш ян а, кхечу, харцахьчу некъа тIе бовла а. Уьш харцахьчу некха баха гIертачу питанхошна кара а бо царна тIеIаткъам бан аьттонаш.

Ткъа полицино цхьаьна дийнахь цIеххьана чу а лелхий, иштта хазхета дIалуьйцуш бац ьш. Беттанашкахь царна тIехь терго а йой, цара хIун яздо, я уьш муьлхчу сайташна тIе буьйлу, церан хьаьнца зенаш ю бохург толлу цкъа хьалха. ТIаккха и бераш дукха генадовла дуьйладеллча цара рейд а йой, уьш дIабуьгу.

ДIабигича оцу сохьта хенаш тухуш яц царна. Цкъа хьалха цаьрца къамелаш до, гойту царна шаьш лелийнарг низамцашца мегаш доцийла. Ткъа цул тIаьхьа уьш тергонехь латтабо. И вайн кегирхой лабала лууш ца хилар а, царна деша ца лаар а ду кх царна бале долуш дерг“.

Белги, Австрица цхьаьна, уггаре а алсамох нохчийн мухIажарш Шема я Иракъе тIаме баханчу Европерчу пачхьалкхех ю. ХьастагIа рогIера Белгера ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан могIаршлахь тIом бан вахарн волу цигара нохчи жима стаг вийра. Вийра цуьнца цхьаьна иштта цо и кху лаьтташ мел волчу воккхачу Iелим стаго бусулба динан мостагIийн тоба аьлла билгалйаьккхинчу ДаIиш тобан исбаьхьалла марзйина, Нохчийчуьра дIавигина волу цуьнан ненан вешин кIант а.

Ткъа оршот дийнахь Венехь дIайолаелла ю даханчу аьхка ДаIишах дIакхета новкъабевлла хиллачу Австрерчу итт нохчочунна тIехь кхел. Царна юккъехь цхьа къона зуда а ю, доьзалхочух а йолуш тIаме яха араяьлла хилла йолу. Набахтехь цуо дина долу 4 бутт кхаьчна бер а ду, иза ша кхеле озийна дацахь а, амма шен ненан тамашийначу Iалашонийн, кхетамийн а закъалт а хилла, Австрерчу уггаре а чамбоцучу Йозефштадт набахтехь дуьненчу даьлла а, шен дахар дIадолийна а долу.

XS
SM
MD
LG