Нохчийчохь мультфилмаш гочъян йолийна ненан матте. Оцу проекто меттигерачу кинематографистийн а, актерийн а, похIмалла мел ду гайтина а ца Iаш, коьрта Iалашо билгалйоккху - нохчийн мотт юккъараллехь шуьйра баржабар а, иза марзбар а.
ХIара белхан кийсак ю мультфильмаш гочъяран. Дуьххьара и болх болийна «Лунтик» олучу мультфильман тIера. Тахана бен иза болийна бацахь а, цуьнах йоккха дегайовхо ю оцу проектехь дакъалоцучеран. Дуьххьара дIа цуьнах хинболу пайда, берашна нохчийн мотт марзбар а, цьунан хазалла йовзийтар ду. Нохчийчоьнан кинематографийн урхаллийн куьйгалхо волчу Терекбав Беслана иштта дийцира Маршо Радиога.
Терекбаев: «И болх оха болабаран бахьана дара тIекхуьучу чкъоре нохчийн мотт бийцитар. Шен мотт ца хаар, шен къам ца ларар ду. Нохчий мотт а ца хууш, нохчо муха хир ву? Iовдал хIума ду иза. Шен мотт а, къам а ца лоручу стага, кхин къаьмнаш а, меттанаш а лорур дац. Ша стаг велахь, шен цIахь нохчийн мотт бийцита беза цо».
Нохчийн матте яьхна йолу мультфильмаш, хьажархоша тIе муха оьцур ю теллина оцу проектан авторша. Шуьйра гайтаме яьккхале берашна гайтина иза. Кегийчарна хьов, баккхийчарна а чIогIа хазахетта иза, бохуш билгалдоккху Терекбаев Беслана.
Терекбаев: «И чIогIа хаза болх хиллера. Суна иза берашна бен хазахетар бац моьттинера. Суна а хаза хета цуьнга хьожуш. Ша тайпа хаза хуьлу нохчийн маттахь мультфильм а, кино а. Къена а, хаза а бу вай мотт. Бераш хьовсийтина оха. Тесташ йина. Оьрсийн маттахь юьллура дуьххьара. Хазахетара.
ТIаккха нохчийн маттахь ерг хIоттийча, гуттара а хазахетара. Лунтикех Бетталг олу. Ца лелош долу дешнаш а леладо оха. Поездах-цIерпошт, соках мутт олу, слонах-пил олу. Тахана кIезга нах бу-кх иштта олуш. Цара мультфильмехула уьш доьвзича, иза дуьйцура ду».
Кино а, мультфильм яккхар санна ала мегар долуш, ондда болх бу, царна аьзнаш далор. Ткъа гочъечу хенахь, васте а хьожуш дан дезаш ду иза. Цу тIехь халонца Iоттабелла оцу проектан декъашхой. Актераш хIинца а хоржуш бу шаьш, элира Терекбаев Беслана.
Терекбаев: «Актераш тахана а хьоьржуш бу. Кхо бутт бу оха хIара проект йолийна. Оцу хена юкъана тхо дукхачу актерашка хьоьвсина. Эрна доьшуш ца хилла актеран говзалла Iамош 5-6 шарахь. Альтемиров Iальви ву дакъалоцуш, иштта Нурадиловн, Лермонтовн цIарахчу театрашкара актераш а бу».
Цкъачуьнна Оьрсийчохь кхоьллина мультфильмаш гочйийр ю нохчийн студехь. Барт бан аьтто хилахь, и болх юккъараллехь тIе а оьцуш дIабодахь, дуьненахь гIараевлла йолу Голливудо яьккхина йолу мультфильмаш а гочъан дагахь бу уьш.
Цкъачуьнна дуьххьара яьрташкахула, берийн тидаме буьллура цара шаьш бина болх.
Нохчийчохь дуьххьара дац, мультфильмаш а, фильмаш а гочъар. ХIинцалца и болх, шайна луучара бора, меттан низамаш а, къоман гIиллакхаш а дохадеш.
ХIинца, гарехь, царна тIехь Iуналла дийр ду, кинематографийн урхалло. Кхини дIа а дуьйцу Терекбаев Беслана.
Терекбаев: «Тахана дукха проекташ ю вай базаршкахь юхкуш. «Маша и медведь» хуьлийла иза, я кхиерг хуьлийла. Шай цIахь гоч йо цара. Маьттаза мотт а буьйцу. «Газа, схьайола кхуза, я «Хьайн де дакъа текхадойла ахь» олуш хуьлу. Тахана берана мультфильмехула дийца хIуманаш ма дац уьш. Беро схьа ма лоцу иза. ТIаккха ойла а иштта йоьрзу цуьнан. Оха бина барт бу низамхошца, рейдаш а еш, иштта йолу дискаш дIадохур ду оха, и болх бар а доьхкур ду».
Кино а, мультфильмаш а шай матте гоч а еш, уьш юккъараллехь яьржор, муьлххачу пачхьалкхехь хуьлуш хIума ду. Амма Нохчийчохь, ненан маттаца долу гIуллакх, иза бийцарца, тиша долу дела и проект цхьа ша тайпа жамI дахьаш хила мега. Мухха а хилахь, тешам луш ду.