Нохчийн къоман оьмарехь божарша, халкъан дахаран архаш шаьш шайгахь кхабаре терра, тайп-тайпана кхуллуш хилла нохчийн зудчунна иза лела догIу хьесапаш.
Цхьана юкъанна, Советан Iедал лаьттачу заманахь, коьртара йовлакх охьатаса, хьайх айхьа жоп ло, хецало-ястало, «зударийн, божарий бакъонаш цхьаъ ма ю», бохуш, тоьттура бусулба зуда.
И Iедал доьхча, дуьне-дахар кхечу кепара кхетон боьллачу оццу вайн божарша, къоман дахарехь хьалхара а хеташ, юха а болийра зударий шайна нийса хетачу хорша баха.
ХIинца вайнехан зудчуьнга доккха кортали тилла, ехха коч йоха боху.
Божарийн цхьана декъо и кортали, берриг корта а хьулбеш, тилла боху, кхечу декъо, дуьне дохон араяьлла мостагI санна, хьийзайо зуда, цо ларамза а чIениг къайла яьккхинехь.
Коч цхьаболучара лелае боху цуьнга лаьттах текхаш, ткъа вукхара - тIех еха коч йоьхна зуда туьду зуламна араяьлларг.
Шена цкъа цхьана кепехь, тIаккха вукху кепехь хатI кхуллуш хьийзачу юкъараллехь, лечкъийна а хIун до цунах, вуно хала ду зудчунна.
Доллучунна тIе а, тахана нохчий шина дуьненахь беха. Шен амалца цхьана а кхечу мехкех тера йоцчу Нохчийчохь а, шен маршонех дозалла дечу Малхбалехь а. Цуьнга хьажжина башхаллаш ю оцу шина дуьненахь бехачу зударийн хьелашца а.
Нохчий бехачу дуьненан шина а декъехь хетарг талла хьовсур вай. Оцу къастамо гойту хIун кхане ю нохчийн къоман зудчунна. Муха кхочур ю цкъа мацца а даймахка ерза лууш еха Малхбалера нохчийн зуда ша йинчу гIала, юьрта.
Муьлхачу хьелашкахь карор ю цунна шен махкахь яха йисина йиша, шича, шен къоман зуда – цунах а дозу вайн къоман менталитет муьлхачу новкъахь ю, хIун тIегIа цунна кхана кхочур ю бохург.