Советан Iедал доьхначул тIаьхьа, Оьрсийчохь, иштта, Къилбаседа Кавказехь а цхьаьна, маса кхиа юьйлаелира тайп-тайпана керста динан гаранийн тобанаш. Меттигерчу бусалба наха дуьхьалонаш йора, баптистийн, адвентистийн, евангелхойн тобанаш ца йоржуьйтуш. ХIетте а Къилбаседа Кавказехь орамаш а тесна, адамаш декъаозош хьийзара и тобанаш.
Инжилхойн миссонерийн фондаша доккхачу декъанна бусалба нах бехачу мехкашкахь а даржадо шайн хьехамаш баржош тайп-тайпана жайнаш. Масала, немцойн «Малхбалера серло» («Свет на Востоке») цIе йолчу юкъаралло арахецна цхьамогIа жайнеш «ХIунда хала ду бусулбанна керста дине вала?», «ЖIар Инжилехь а, КъорIанехь а», кхин а масех жайна.
Керстийн тобанашна Советийн заманчохь бусалба нахана юкъахь Инжил даржорхьама иза гочден институт кхоьллира Стокгольмехь. Юхьанцарчу шина шарахь оцу институтехь арахецна 19 пачхьалкхерчу меттанашкахь Инжил. Оцу меттанашца дара башкирийн, гIезалойн меттанаш а.
Цул тIаьхьа Институтан белхахоша гочдира Инжил нохчийн, суьлийн, гIумкийн, кхарачойн, кхин а дуккха Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн меттанашка.
1990-чу шарахь Малхбузера миссионераш гIоьртира суьлийн керста тобанаш кхолла. Цул тIаьхьа пхи шо даьлча World Team (Вёрлд Тим) юкъараллан декъашхочо Iамеркарчу Грегг Герберта Дагестанан коьртачу шахьарахь ХIинжа-ГIалахь кхоьллира «Благая весть» («Беза хаам») цIарца килс.
ХIетахь Грегг ингалсан мотт хьоьхуш вара Дагестанан хьехархойн универститетехь. Махачкаларчу да-нана доцчу берийн цIийнерчу берашца цхьаьна а кхеташ, динах къамелаш дора цо.
Каелира Грегган Дагестанехь суьлий декъахь а болуш, 7 керста динан тоба вовшахтоха. ХIора а тобанехь вара мел лаххара а 50 стаг. 1998-чу шарахь нохчийн гIаттамхоша лачкъийна, Нохчийчу дIавигира Грегг Герберт. Шо даьлча йийсарера а ваьлла, Грегг Оьрсийчуьра дIавахара. Ткъа цо кхоьллинчу 7 тобанах йисира цхьаъ, шена юкъахь 50 хьехархойн университетан студенташ а болуш.
Жимма хан яьлча суьйличун Сулейманов Артуран керста динан урхалле динчу дехарца схьайиллира Махачкалахь «Осанна» цIе йолу килс.
200I-чу шарахь «Осанна» килсан декъашхошлахь вара 500 керста хьежамаш болу стаг, царехь 80 % бусалба нахах лаьтташ яра. КIиранденошкахь хьехамашка гулбарал совнаха, килсо гIодора Нохчийчуьрчу мухIажиршна а, да-нана тIехь доцчу берашна а, керста жайнеш гочдора, суьлийн маттахь даржадора керста доIанаш.
Иштта, массех дешаран проект а кхочушъйира «Осанна» юкъаралло, школашкахь лелачу хьехарна тIекхийтира керста динан бух бовзийтар а.
Дагестанехь Инжил марсадаьлла кхуьура, бара царлахь баптисташ, ВорхIолгIачу дийнан адвентисташ, Пятидесятникаш, Иегован тешаш.
Килсаш, тобанаш яьржира Избербашехь, Каспийскехь, Хасу-Юртахь, ГIизларахь, Дербентехь, Къилба-Сухокумскехь.
Бакъду юьхьанца дуьйна «Осанна» килсан балханна дуьхьало яра дуккхаъчу бусалба. МозгIаран Сулейманов Артуран хьехамаш юкъахбохура кест-кеста.
Оьрсийчоьнан бусалба нехан юкъараллан лидера Хачилаев Надира масийттаза а кхерамаш тийсинера Сулейманов Артурна. Иза 2010-чу вийна карийра шен машенчохь, рогIехь хьехамаш бан араваьллачу хенахь.
Тахана хIун хьал ду бусулбаллера керста дине нах бийларца, аьлла, Маршо Радионо динчу хаттарна иштта жоп делира Дагестанерчу политолога Гереев Руслана.
Гереев: «И юьцуш йолу юкъараллаш юй, царех х1инца олу керла динан боламаш. Къилбаседа Кавказерчу къаьмнашна уьш ян а ю керла. Нохчийчохь т1емаш болчу хенахь, т1емаш бирзинчул т1аьхьа а, пачхьалкх д1амалъеллачу заманчохь керстан аьтто белира тайп-тайпана динан тобанаш яржо. Цара схьайоьллура шайн килсаш, офисаш, белхан меттигаш, х1унда аьлча, х1етахь церан карахь дуккха а таронаш яра.
Ма дарра аьлча, тахана Къилбаседа Кавказехь 15 ю керста динан гаранийн тобанаш, суна хууш. Ткъа экспертийн талламашца 19 ю жигара белхаш беш. Уьш католикийн, протестантийн, ламаистийн-буддистийн а тобанаш ю. Цхьана Дагестанехь протестантийн тобанашкахь ву масситта эзар бусулба. Ишта сурт ду кхечу республикашкахь а».
Кхарачой-Чергазийчуьрчу муфтийца Бердиев Исмаь1ал – Хьаьжица а з1ене елира Маршо Радио. Оха хаьттира юй керстанийн тобанаш шун махкахь, аьлла.
Бердиев: «Хила тарло кхузахь а и тобанаш, амма эццахь ю, х1оккхахь ю ала ца хаьа суна».
Баптистийн, инжилхойн, кхиболчу а керста динан миссионерийн цхьа Дагестан я, Кхарачой-Чергазийчоь хилла ца Iа Къилбаседа Кавказехь тергоне эцначу мехкашлахь. Нохчийчу а кхочу уьш шайн тобанашка нах ийзош. ТIемаш бирзинчу Нохчийчохь шатайпанарчу халачу хьелашкахь нисло церан болх.
Делахь а, нохчашлахь а бара инжилхойн тобанашка бевлларш, дукхачу хьолахь баптисташ. ГIарабийла ца лууш, къайлаха лелара уьш тобанийн цхьанакхетаршка.
ШолгIа тIом бирзинчул тIаьхьа баптистийн килсан виъ декъашхо лецира тIемалоша. Цхьаьнан баьккхина корта карийра баптисташа ламаздеш хиллачу цIенна уллехь. Вукху кханнан кхолламах дерг хIинца а хууш дац. Амма мухха делахь а, баптисташ къар ца луш, жигара болх бо Соьлж-ГIалахь, шайн килсаш схьа а йиллина, нохчийн оцу тобанашна юкъа а балийна.
Бакъду, ма-хуьллу къайлах до цара шаьш керла тIеэцначу динна гIуллакх. Нохчех лаьцна иштта хаам бийриг ю «Кавказан политика» газетан журналист Манафова Алина.