ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн къам цхьаьнаэйта некъаш лоьху адыгаша


Чергазийн шира абат
Чергазийн шира абат

Хьалха Кавказан къаьмнашна автономеш йохкуш кхаа махке бекъна адыгаш дикка хан ю шайн абат хIотто гIерта. Цхьаболучарна бакъахаьа хета кириллицин бухатIехь, вукху декъана тов латиницехь хIоттор.

ДуьнентIе дуьххьара девллачу адамийн могIаршлахь Къилбаседа Кавказан къаьмнаш ларалахь а, тахана а бац церан меттанашна оьшшу йозанан бух биллина. Коьрта бахьана лору Iилмано, и къаьмнаш шайн лаамехь а доцуш, юьстахарчу, уьш долаэцначу Iедало царна кхуллучу пачхьалкхаллах дозуш хилар.

ТIаьххьарчу бIешерачохь, нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш санна, кхузза графика хийцинчу меттанех бу массо а Дагестанан а, адыгIийн а меттанаш, масала.

20-гIа бIешо чекхдолуш жигара хьаьвзира Къилбаседа Кавказан а, Идал-хица дехачу къаьмнийн а филологаш шайн меттанашна аьтто боллу графика харжа. Цхьадолчу меттанашна бIешераш хьалха Iаьрба йозантIехь лелийна элпаш догIу, вукхарна – латинан графика, бохура говзанчаша.

Кремло а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан думано а шогга хадийра Iилманчаша графика хийца болийна болх – царна хетарехь, йиш яц оьрсийн маттаца шалха йийла кхечу, кегийчу къаьмнийн графикаш.

Делахь а, филологаша хIинца а ца буьту шайн меттанийн графика маттана гергаялорхьама шаьш бен некъ.

Цунах бу деношкахь Дуьненаюкъара чергазийн ассоциацино шен кхеташонехь тIеэцна сацам: Iилманчаш юкъа а балош, адыгийн меттанийн абаташ цхьана кепе ерзор.

Гезгамашан-баттахь ассоциацин хин йолчу I0-чу конгерссехь кийча хила езаш ю абатан проект.

Билгалдаккха деза, карарчу хенахь ира лаьтта адыгашлахь шайн меттанех сингаттам. Коьрта бахьана ду дуьне ма-дду баьржина бехачу чергазийн 250 диаспорах шайн мотт хууш кхоолгIа дакъа бен цахилар.

Хьалха Кавказан къаьмнашна автономеш йохкуш кхаа махке бийкъира адыгаш: - Адыгейн, Кхарачой-Чергазийн, ГIебарта-Балкхаройн республикашка.

Оцу кхаа а махкахь шайн-шайна, вовшех къаьсташ хIоттийра цхьана могIара болчу церан меттанийн абаташ а.

Iилманчас Тимижев Хамиша билгалдоккху, адыгийн къаьмнийн элпаш вовшех башха къаьсташ а дац, фонетикехь, орфографехь къастамаш бу, цундела чолхе хир дац цхьана бараме дерзон.

Халонаш Iитталур ю боху Тимижевс дешаран-яздаран матте элпаш даха. Къаьсташ билгалонаш ю чергизийн а, гIебартойн а, адыгей а, шапсугийн а меттанашкахь. Амма хIетте а дан дезаш хIума лору Тимижев Хамиша меттанашна юкъара цхьа графика къастор .

Чергазо Абазов Руслан юкъараллахо ву, Норвегехь веха иза. Латинин элпашца цо ша хIоттийна абат. Маршо Радиоца хиллачу къамелехь цо дийцира шен хьесапехь юкъара абатан кеп эшаран бахьанаш.

Абазов: «Нагахь санна халкъ цхьаьна хила лууш делахь, уггар хьалха буьйцу мотт цхьаъ хила беза церан. Дуккха а балакхаьчнарш бу тахана оцу тIехь къахьоьгуш. Кхуллуш ю юкъара абат, и оьшу деша а, яздан а. Йоза къаьсттина оьшу аьлла хета суна. Iаламат чIогIа оьшуш ю цхьана кепара абат. Иштта нисделла, чергизий тайп-тайпанчу мехкашкахь баха къастийна.

Оьрсийчоьно цкъа а могуьйтур дац цхьаьна тхешан махкахь тхо дахийта, амма оцу агIор къийсам латто аьтто болуш а дац тхо. Делахь а буьсуш цхьа некъ бу: цхьана барамехь абат кхоллар. Кхоьллича, синошца мукъа а хир дар-кх тхо цхьаьна. Кхарачойн-Чергазийчохь арахецна чергазийн жайнаш деша хаа деза Туркойчуьрчу чергазашна, иштта еша хаа деза Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхарачохь а арахоьцу литература.

Цунна гIоьнна кхолла еза цхьана кепара абат. Цхьаболучара хоьтту, хIунда ца мега абат кириллици тIехь йита, бохуш. Дера ца мега, дукхахболу чергазий 50 пачхьалкхашкахь бехаш хиларна. Цундела оьшу латиница. Дуьненахь ингалсан мотт бу хьалхара, оьрсийниг бац. Цундела оьшу-кх абат латиницехь арахеца».

Даккхий къаьмнийн меттанаш юкъахь чергизийн мотт уггар гIо оьшучарех бу. Чергизийн юкъараллашкара жигархойн маьхьарий оьху гIо доьхуш.

Ткъа Кремл ши лерг таIийна Iа, къора а хилла.

XS
SM
MD
LG