Оцу кхачано вузош, оьзда, дегIаца совнаха хьаса боцуш, хьалакхуьуш хилла къонахий, иштта мехкарий а. Вайнехан кхачанца гуш ду хьаша-да веза лоручу хьусамехь иза товш, чоме хилар.
Токхе ду вайнехан даарш
Ца хеддаш хьоьгучу къино дахчадечу дегIана аьхна, ехха токхо латтош кхоьллина вайнаха шайн кхача.

9
Демах йина локъамаш...Бераллехь, нана йина яллалц собар ца хуьлий, еччура йовха йоллуш, катухий, масех буйна а юллий ураме ловза идаза мила ву?!

10
Бежанан жижигца йина ахьаран галнаш. Луучо хохийн а бо берам, амма къаьсттина чомехь хуьлу самарсекхан берамца юуш.

11
Вон-м дац йоьIан пхьор!

12
Дуьзина йоьхьаш.