ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Исламан пачхьалкх" тобанах болу хаамаш тоъал бац нохчашна


Иракъ --"Исламан пачхьалкх" тобанца тIом беш ду Иракъан эскар, 15Ман2015
Иракъ --"Исламан пачхьалкх" тобанца тIом беш ду Иракъан эскар, 15Ман2015

Гена белахь а, Iаьрбийн пачхьалкхехь боьду тIом бийцаре бо Нохчийчохь а. И тайпа къамелаш марсадохуш нисделла Кавказерчу массо а тIемалоша «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанна байIат дар.

«Исламан пачхьалкх» кхолларан агIончаша Iаьрбийн мехкашкахь беш болу тIемаш а, цигахь дакъалаца Оьрсийчуьра а, Европера а вайнехан векалш лестаран а хьокъехь, бала цакхочурш а хилла, бендацарийн тIегIана тIехь Iаш бу нохчийн бохург, бакъдолчунна гена ду.

Цара жигара бийцаребо цигара мел кхочу хаам,нохчех боьзна белаххьа-м ирх-пурх а. Хьалха а дийцина ма –хиллара, дукхахболчу вайнаха банне а къобалбеш бац бусалба наха вовшийн бойуш, Исламан пачхьалкх кхуллу бохуш, Iаьрбийн махкахь дIахьуш болу тIемаш.

Кху тIаьхьарчу беттанашкахь къаьсттина бакъонашларьярхоша а, бен-бечу тIегIа Iилманчаша а, ишта а, вуьшта а хила тарло бохуш, марсадаьхна и тIом бахьнехь, тайп-тайпана шеконаш Iорайохуш, хетарехь деш долу къамелаш.

Цкъа а,шозза а хьехийна хиларе терра, цIерш а ца йохуш аьлча, тIемалойн баьччанаша ИГ пачхьалкхана тешаме хила дуй баар хьокъехь, цхьаболчу эксперташа боху «Имарат Кавказ» тахана бегашена а доцуш гIаддайна ю, цундела цуьнан ницкъ кхачац Къилбаседа Кавказехь тIеIаткъам-олалла деш, « Исламан пачхьалкхаца» къийса.

«Имарат Кавказан» оьмар чекхъяьлла аьлла хьажам бу цхьаболчеран. Кхечарна хетарехь Къилбаскеда Кавказера 5-6 эзар тIемало ву цу хийрачу мехкан Iоттабаккхамехь дакъалоцуш,цундела цкъачунна гIорасиз хетало кхузахь бухабисна ницкъаш.

Имарат Кавказан баьччанаша «Исламан пачхьалкхана» муьтIахь хила дуй баар чIогIа кхераме хаам лоручех ву бакъонашларьечу «Мемориалан» центаран кхеташонан хьаькам Черкасов Александар. «Уьш бокъал а халифат куьйгакIел гIуш белахь иза тоьшалла ду цара беш хьулам а боцуш террор(талор) харжаран»- яздина Черкасовс Фейсбукехь.

ХIун хетта могIарерчу нахана цу геналлехь боьдучу тIамах? Муха туьду цара цхьаболчу Кавказерчу тIемалойн баьччанаша Iаьрбошна муьтIахь хила чIагIонаш яр? Цу могIарерчу цхьадолчу хетаршна жоьпаш дала гIоьртира сан къамел хилла Идрисов Мохьмад.

Цунна хетарехь Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша цхьа дика йийца къаьстачу дахкарлахь гучу гIалартах террий бен дуьззина дуьйцуш дац «Исламан пачхьалкхан» агIончаша бечу тIамах. Цу тIера доладелира тхойшиннан къамел.

Мохьмад : « Хадам боллуш цу тIамах жоп дала бух хаа беза. ИГИЛ, цара и тIом стенна беш, Iалашо хIун ю хаа деза. ЧIогIа кегаделла гIуллакх ду. Цунах лаьцна хаамаш кIезга бу, массо хIума а «гIарчI» аьлла къевлина ду. ХIара ишта ду-кх аьлла нийсонца жоп дала хала ду. Росси а оцу ИГИЛ-на дуьхьал ю, Европа а ю.

Вукху агIор уьш вовшийн резайоцуш сурт а ду схьагойтуш,вовшашна санкцеш а кхайкхош, вовшийн пехаш даъал резабоцуш. Ткъа цу хаттар тIехь а, цу гIуллакх тIехь а лелориг цхьаъ ду – «Исламан пачхьалкхана» дуьхьал хилар. ТIаккха суна уьш бусалба дина нийсонна тIегIерташ санна хета-кх».

Машо Радио: Телевизионехь гайта а гойтуш бIеннашкахь го цигахь тоьпаш етташ бойу нах,бераш…

Мохьмад: «Ца хаьа. Ца гина. Дийца а,гайта а мегар доцуш боьха хIумнаш ду уьш.Оццул къизалла гойту телевидении хьенан карахь ю? Со ца теша. Уьш емалбан бехбан гойту моьтту суна и эрчонаш. Суна ца хетта цара ишта нах хIаллакбо аьлла. Уьш бусалба белахь,уьш адамаш делахь уьш маьршачу нахана тIекхевдира бац, муьлхха динехь хилча а».

Орсийчоьнан политикна а, Iедалан хаамийн гIирсашна а мел реза вацахь а, соьца къамел деш волчу Идрисов Мохьмада а шеконца тIеоьцу Кавказан тIемалойн баьччанаша биъна боху дуйнаш. Цунна хетарехь цара и биънера аьлла хийцаме дер долуш кIадда а дац.

Мохьмад: «Суна ца хаьа царна муьтIахь хилла кхузахь кхара хIун нисдийр ду. Шаьш уьш саннарш ду ала цара иза ца динехь суна-м ца хаьа. Кхузахь кхара нисдина ,тадина хIун ду? Берриге а кегаре бу-кх. Дахар тодан , берта а бахна.цхьаъ а хилла дIахIитта безар-кх. Ца хIуьтту. Схьагарехь царна,шина агIонна и кегаре оьшу-кх…»

Шина агIор бусалбан нах бойуш, Iаьрбийн махкахь кхехка тIом хьокъехь къамел динчу Мохьмадан санна цигара хиламаш тIеоьцурш кIезиг бац. Цхьаболучара-м бусалбан дин дуьненнна къахьдан, цунна тIаьхьабозачийн могIарш лилхадаха леррина болийна лору и генара тIом. Иза къизаллех,акхаллех буьзна бу алийтархьама гойтуш лору цара кест-кеста бойу бехк-гуьнахь а доцу маьрша нах.

XS
SM
MD
LG