Сатосучу хенахь Несар-Кортара бахархой, шай марха а лаьцна, Iуьйра ламаз а дина, наб озийначуьра самабаьхнера деттачу герзо. Юьртан йистехь цхьана агIорара хезаш дара детташ герз, лелхаш гранаташ а, тIеман техникантIера масатоьпаш а. Бакински а, Дидигован а, Тутаеван а,Эсмурзиеван а, урамашкахь кхерамазаллийн сервисан урхалло динчу омрийца терроран дуьхьала операци дIахьош йолу зона дIакхайкхийра.
Массийта сахьтехь лаьттина тIеман тасадаларшкахь дийна ду цхьа стагий, зудий. Жимма Iийно къаьстина, и шиъ мар-зудий дуйла. 43 шо долу Алиев Iела а, 36 шо долу Алиева Лейлаъ а.
Цул тIаьхьа, оцу меттигашкахь таллам дIабаьхьна, герзаца кхин цхьа а вуй хьожуш. Кхин цхьа а стаг ма ца карийнехь, бархолгIачух ах даьлча, оцу урамашкара и чIагIдарш дIадехира.
Несар-Кортехь иштта шуьйра операци дIаяхьанза дикка хан яра. Бахархой мал а беллера, иштта хIуманаш кхин хир дац моьттуш. Амма царна дIахаийтина моьттург бакъ доцийла, бохуш Маршо Радиога дийцира «Мемориал» бакъонашларъярхойн цхьанатохараллийн Несар-Кортехь долчу декъан куьйгалхочо Акиев Тимура.
Акиев: «Тхуна республикан бахархошна хIара цхьа цIеххьана хилла хIума дара-ницкъаллийн и операци, герз деттарца а, лелхаршца а, нах байарца а. Нахана дицделлера и хIуманаш. наггахь бен хуьлуш а дац иштта хIуманаш кху махкахь. Цундела, дукхаберш, оцу хаамо цецбаьхнера. Байинчарах, тахана хIума ала хала ду».
Iуьйрана Несар-Кортехь дийна долу Алиев Iела а, цуьнан зуда Алиева Лейлаъ а, низамхоша баржийначу хаамца, тIемалойн тобанашкахь долу дикка хан хилла. И шиъ, Шемахь тIом бина, хIинца цига баха лууш болу кегий нах гулбеш а дара.
Иштта, чIагIдеш дуьйцуш ду оцу хьостано и шиъ имуннодефицитан вирус йолуш хилла бохуш. Бакъонашларъярхошкахь, дукха хаамаш бац дийначу оцу шинах, амма и фамили ялх шо хьалха дуьйна йоьхьарлаьцна яра низамхоша, аьлла хаам бира «Мемориалан» белхахочо Акиев Тимура.
Акиев: «Тхан цхьанатохараллехь хаам бу 2009 шарахь, Карабулак гIалахь низамхоша лерина операци дIахьош вийнера оцу Алиев Iелин ваша. Цуьнца Несар-Кортера кхин цхьа вахархо вара Патиев фамилии йолуш. Церан машенна туьканна уллехь го а бина, герз диттина, уьш байинера. Цул тIаьхьа иза дийца долийнера, цара дуьхьало йича санна.
ХIара бен дац сан цкъачуьнна цуьнах ала. Ткъа ша и Алиев Iела, ас хIинца схьабоьллу цуьнах хаам. Иза 2009 шарахь дIалаьцнера. Гарехь, вийначу цуьнан вешийн бахьнехь хила а мега иза. Цул тIаьхьа, иза дIахецнера. Тхоьгахь, кхин хаамаш бац, цо хIун лелийна, дIахецначулла тIаьхьа».
Несар-Кортахь зудий, стаггий а дуьйш, лерина сервисаш дIаяхьана йолу операци хилла Iаш яц, ГIалгIайн махкахь долчу хьолан экаме хилар гойтуш.
Масех де хьалха, муьлш бу а цахуучу герзахоша, «Тойота» машенна кIело а йина, маса тоьпаш йиттина, вийнера цу чуьра ши стаг. ТIелатар динарш а, байинарш а, я бахьанаш а гIарадогIуш дац.