ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьафизаш хилар дика ду, ... ткъа хьан кхобур ду къам?


Нохчийчоь --хьафизаш, 2015
Нохчийчоь --хьафизаш, 2015

Шо шаре мел долу шорлуш, чIагIлуш ду Нохчийчохь ийман, бесташ бу Iилма Iамо луучийн могIарш. Ийман чIагIдан, Iилма Iамо мел оьшу хьелаш кхоьллина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Иштта дуьйцу махкарчу зорбанан хаамаша.

Нохчийчохь болх беш ю 5 хьафизийн доьшийлаш: Соьлж-ГIалахь, ГIуьмсехь, Хьалха-Мартанахь, Аргун-ГIалахь, Хоси-Юьртахь. БIеннаш бераша дагахь Iамийна КъурIан.

Оцу доьшийлашкахь лаккхара хьелаш кхоьллина мехкан дайша.

Ша Кадыров Рамзана чIагIдарехь, Iаламат мехала ду Нохчийчохь хьуьжарш алсам хилар, харц идеологашка кегийнах Iеха ца байтархьама а - Шемахь тIемашкахь бохкурш санна, мостагIашка Iехалур бац уш.

Кху деношкахь СаIуда Iаьрбичуьрчу Джидда шахьарахь дIабаьхьна Дуьненаюкъара 8-гIа хьафизийн къовсам. Къовсамехь дакъалаьцнера Нохчийчуьрчу хьафизаша а.

«Уггар тоьлла хьафизийн хьуьжарш йолу меттиг» цIе йолчу къовсаман декъехь хьалхара меттиг яккхина Нохчийчоьно.

И толам базбеш ду Дуьненаюкъарчу Исламан Лигин Къуран доьшу нах кечбечу хьукмато совгIат далар а.

Оцу хьукмато бусалба къаьмнашлахь кечвина шовзткъе кхойтта эзар (53 000) хьафиз, 70 пачхьалкхехь ехкина КъорIан Iамочарна леррина доьшийлаш.

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президент Гапуров Шахьруддис шен къамелехь билгалдаьккхира дукха хан йоццуш, Нохчийчохь санна, хIора регионера Iеламнах цхьабарт болуш хилча бен, вахIабизм а, терроризм а эшалург яц, аьлла. «Церан цхьабарт хилар бахьана долуш, дIаяьлла Нохчийчохь лаьттина терроризман агресси, бохура Гапуровс.

«Тахана Нохчийчоьнах Оьрсийчоьнан исламан туш хилла. Вайн республикехь деш ду маьждигаш, хьафизийн школаш, хьуьжарш. Иза иштта доллушехь, дуккха а кегийрхой муьлш бу а ца хуучу, хьуьнхахь лелаш болчу нахах хIунда беттало теша?», – бохуш, хеттаре вуьйлу академин президент Гапуров Шахьрудди.

Ткъа я Iилманча а, я Iедална гонахболчу нахах а вац Нажи-Юьртара Саламу. Цуьнан ойла гарайолу академикна хетачух.

Саламу тешна ву еккъа цхьаьна хьуьжарший, маьждигашший, хьафизийн школаший нохчий къам дуьненан боларна тIаьхьакхиор дац. Цунна хетарехь, институташ а яьхна, Iилманехь, бизнесехь, дахаран кхечу а тIегIанашкахь ирхенаш яха еза вайн къомо шена кхечу къаьмнел тIаьхьадиса ца лаахь.

Саламу: «Хьуьжарш, маьждигаш вайн дукха ду, цхьана агIор и дика а ду. Дин лело маршо ю вайн,цкъа а ца хиллачу кепара. Иза гена дIадоьдуш хIума хеташ ву со. Маьждигаш а, хьуьжарш а йича хуьлуш яц тIаьхьало, рицкъ даккхаран аьтто. Вайна ма-хаъара, дуьненахь банкаш ю, финансийн хьукматаш ю, заводаш, фабрикаш ю, бизнес ю...Оцу юккъе вай ца гIертийта, шайн дин лелош, шайн хьуьжаршка а, маьждигашка а лелаш шу Iе, нохчий, светски дешаршка оха тхайн бераш дохуьйтар ду, бохуш, генна йоьдуш политика ю аьлла хета суна».

Ша дуьхьала вац стаг суьпа хила гIертарна а, нохчийн къам иймане дерзарна а, мелхо воккхаве, амма деккъа цхьана динах лаьтташ а дац дахар, Дала ваха гIерта, дахар тодеш бахьанаш а леладе аьлла, боху Саламус кхидIа шен кхамелехь. Iаламат дика хир дара Нохчийчуьра дешар, Iилма а дуьненаюкъарчу барамех дIатардича, боху цо. Хьал хийца ца лахь, школа яьккхинчул тIаьхьа ши некъ бен хир бац кегийрхошна бусуш - маьждиге, я хьуьжаре, аьлла хета цунна.

Саламу: «Кхечу пачхьалкхашкахь санна, шен стандарт йолуш, массанхьа а санна ЕГЭ а йолуш хилча вайн доьшийлаш. Дешар а хила ма деза, кхечу пачхьалкхашкахь санна. берийн хьашташ кхочушдеш хила а деза. 10 шарахь и бер хецна дуьту, 11-чу шарахь цунна ЕГЭ хIоттайо. Цо и дIацаяларах хьехархочун бехк а ца хета. Школера арадаьлча иза я институте гIур доций ма хаьа вайна, иза Гарварде гIур вац, я кхечу пачхьалкхашка деша а гIертар вац, иза хьуьжаре гIура вуй хаьа вайна, эцца шен ламаз деш Iийра ву.

Вайн шортта хьуьжарш, маьждигаш ма дуй! Цига а воьдуш, шен ламаз деш дIалелар вара хIара-м, хIокхунна оьшуш дац дакхара дешар олий. Цу тIе догIуш ду и. ХIорш хьаха беза вай хьуьжарш чу а, маьждигашчу а бохка аьлла вайна деш ду и маьждигаш а, хьуьжарш а. ХIунда дац вайна оьшуш я Iилма а, я дешар а, вай а дац дуьненахь мел долу къаьмнаш санна даха дезаш. Дуьненаюкъарчу хьекъал оьшучу белхашна юкъа вай дуьтур ма дац! Цуьнах кхеташ хила дезара вай!

Саламу: «

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG