Вуно дукха Оьрсийчура бахархой реза бу дешан маршо цахиларна а, кхечу пачхьалкхашка баха аьтто цахиларна а, Iедалша шайна лортIехь алап а, пенсеш а лахь. Цу тайпан нах бу оьрсашна юкъахь 42 процент. Иштта жамIаш ду Левада-центро Мангал-беттан 19-чу а, 22-чу а деношкахь бинчу талламан.
Шайгара дешан маршо дIаяккхарна а, дIасалелар дехкарна а дуьхьал бу 49 процент бахархой. 11 процент оьрсий дала жоп а доцуш бисина. Дуккха а наха дакъа а лоцуш Оьрсийчохь дуьхьалонан акцеш хир ю аьлла хеташ бу 18 процент цу талламехь дакъалаьцнарш. Цу акцешкахь дакъалаца кийча бу 10 процент бахархой.
69 процент бахархоша жоп делла шаьш Iедалшца цхьа а юкъаметтигаш цалело хьовсу аьлла. Оццул ала мегар долуш нахана хета Iедалш юкъараллана жоп дала дезаш дац аьлла.
Левада-центро шен таллам бина 46 регионехь йолчу 134 гIалахь а, эвлахь а. Цу юкъаозийна хилла 1600 стаг.