ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дакъа дIадоллийтарх а баккхийбе нохчий


Пхи бутт бузуш боллу, официало кхайкхорца, Соьлж-ГIалахь эккхийтар дан гIоьртина кхо жима стаг кхелхина. ТеркйистерчуIелин-Юьртара вара шиъ, Лаха Неврера - цхьаъ. Уьш, доьза байча санна, дIабохка дIалуш бацара Iедало гергарчаьрга. ХIинца царех цхьаннан дакъа дIадоллийтина юьртахошка.

Кху беттан 24-чу дийнахь пхи бутт бузу, оьккху хIума югIуш воллу Теркйист кIоштера кхо жима стаг, ларамаза нисделлачу эккхийтарехь велла. ХIетахь чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостано официала Iорадаха эшна а доцуш, цхьа хан яьлча эккхийта, тIаьхьалонна шайн куьйга кечйина оьккхург югIуш белла кегийрхой.

Цу хенахь дуьйна царех хилларг хууш дацара. Махкахь а бохаме зов даржош, уьш ницкъала зулам дан лоьруш хиллера аьлла, балхара бохийна иттаннаш гергарниш, ткъа юххера чуьра гергарниш цIера а баьхна, лула-кула мехкашкахь шайн каяьлла-яьлчохь Iаш бу.

Цу кхааннах цхьаннан ПарамазовгIеран кIентан дакъа схьа а дела лаьтте дерзадайтина Iедало. Цу хиламах хьааме кхаъ хилла гергарчарна а, юьртахошна а. МогIарерчу наха сатуьйсу велларг дIаверзо бакъо еллачул тIаьхьа цуьнан гергарчарна Iедало цIа берза пурба даларе. Цу хьокъехь дуьйцуш ву могIарера юьртахо Ахьмад.

Ахьмад: «Цу кхааннах хилларг хууш дацара,декъий схьа ца деллера. ХIинцца тхан юьртахочун цхьаннан дакъа схьа а дела, цу буссехь каш а даьккхина дIаверзийна. Ишта меттиг нисьеллла хилча наха сатуьйсу церан гергарниш цIа бахкийтаре. Уьш балхара бохабар а,цIийнах,цIарах бахар а ца тов юьртахошна. Царна хууш,цара де аьлла дина хIума ма дац иза».

Биъ-пхи бутт хьалха веллачу шайн стагна тIехIотта йиш а йолуш каш –барз бан таро хиларх Iаламат тайна цIерачарна. Бакъду уьш хIиттац вонна а, диканна а цуьнан дакъа схьадаларх дийца. Беа баттахь сов ладегIамехь а латтийна, схьаделлачу шайн стеган чарх муьлхачу хьолехь хилла дуьйцуш ву, ас цIе яккхаза вуьту геннара гергара стаг.

Гергара стаг: «ДIа а кхайкхина, дакъа схьада бахнера гIала. Схьакхачарций буьйсанна дIа а воьллина. ХIинццалц мичахь латтийна хууш дац. Цхьанхьа холодильник чохь латтийна хир ву-кх. Схьавелларг цхьаъ бен вац цкъачунна. Экспертиза ян йиш йоццучу хенахь схьавелла, кехат а яздайтина и гIуллакх ахкаме даккха гIертар дац, Iедале девр дац аьлла. Дакъа схьаделлехь а цIерачарна цIа берза пурба делла-м дац. Чоконаш яц. Когаш а къаьстина бу, куьйгаш а дац. ДIа а бихкина лелхийтина, схьахетарехь.»

Соьца къамел деш волчу юьртахочо хьасартне билгалдоккху шен лааме ваьллачу доьзалхочо цхьа вон дан леринера аьлла цIерачарна тIеIаткъам бар, махках бахар-м муххале а, нийса а, я лартIа а дац аьлла.

Гергара стаг: «Нийсонна тIе даьккхича, динарг нийса дац, арабахар, цIа ца битар. ХIунда аьлча.дас-нанас,зудчо гIо аьлла вахна ма вац иза. Бухабуьсу доьзалан хIун бехк бу. Уьш махках стенна боху? Цхьана Iедало лелийна хIумнаш ма дац уьш, ур-аттал Сталина а…»

Чиллан-баттахь эккхийтар дан а гIоьртина белла бохуш кхайкхийна и кхоъ бахьанехь лаьцна, кху сохьта а набахти чохь валлош ву, цаьрца зIенехула а, вуьшта а тIекаренаш, чукренаш лелийна 4-5 жима стаг. Кху деношкахь дов а хаьттина уьш мукъабовлуьйтур бу аьлла дегайовха бу церан цIераниш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG