ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн туьйранаш дуьненна а довзийтархьама


Нохчийн туьйранаш дуьненан меттанашка гочдан долийна Нохчийчохь филологаша а, журналисташа а. Хьалхо оьрсийн маттахь зорбане яьллачу нохчийн туьйранийн гуламан тIаьххье кечъеш ю кхин цхьаъ а.

Нохчийочхь тIаьххьарчу шерашкахь гIеххьачул а жигардаьлла доьдуш ду дуьненан туьйранаш нохчийн матте дахар. И болх беш бу гочдархой а, нохчийн меттан говзанчаш а, журналист Чагаева Тамара коьртехь а йолуш.

I5 сов тептар зорбане даьккхина цара дуьенанан бевзачу туьйранчаша яздинарш. Амма оьрсийн матте уьш дахарна тIе рагI ца кхочуш дара. ХIинца и кхачамцабар а дIадоккхуш ду.

Зорбане яьлла оьрсийн матте даьхначу туьйранийн дуьххьарлера киншка. Шаьш зийча Оьрсичохь литераторшна юккъехь а, даиманна хоьттуш хилла, оьрсийн матте даьхна долу нохчийн туьйранаш. Цу тIера дIаболийна болх, хIинца дIахьош бу цара.

Туьйранаш гочдан-м кхин хала а дацара, цаьрца доггIуш долу суьрташ дохкуш волу суртдиллархо карор атта дац, бохуш Маршо Радиога дийцира туьйранаш гочдечу Чагаева Тамарас.

Чагаева: «Гочдара-м сиха ма хуьлий, текст схьа а оьций, иза гоч а йой, охьаюьллу. Ткъа суьртдиллархо хаража веза. Евгений бохучу суртдиллархочо суна балкхархойн а, гIебартойн сибаташ долуш суьрташ дохкура. Хьуна нохчийн сибаташ довза ма девзий. ТIемаш буьйлабелча, со дIаяхана Нальчикехь I5 шарахь яьхна ю. Цундела суна балкархой а, гIебартхой а бевза.

Радио Маршо: ХIинца, гочдан туьйранаш харжа муха хоржу аш? Дукха ма дай уьш.

Чагаева: «I5 шо сов хан ю тхо вовшахкхетта. 5-6 стаг ву тхо. Оха цхана а кхетий, ойла а йой, харжа а хоржий, ойла йо. Нохчийн матте даьхна туйранаш дукха дацара. Вайл а кIезга болчу, масала балкхархойн, чIогIа дукха ду уьш. Цундела, Европан туьйранийн культурий бен яцара. Вежарий Гримм а, Андерсен а, Пьеро Шарль а, уьш дуккха а хаьржира оха.

Радио Маршо: Церан туьйранаш, нохчийн туьйранашца дуьстича, хIун башхаллаш хааелла хьуна?

Чагаева: «Туьйранаш-м маьIна долуш ма дай. ХIора къоман амале хьаьжжина. Цу тIедоьгIан хуьлу. Европехь болчеран шайн культура ю, шайна юккъехь зеделлачуьнах ду. Нохчийн фольклоро къоман дахарехь Iиттаделларг юккъе а далош ду и туьйранаш. ТIера хIума Iамош, диканиг дика а, вуониг-вуо а долуш ду уьш.

ХIинца ингалсан матте а дохуш ду нохчийн туьйранаш. Спаркс Полина ю Лондонехь ехаш. Цо ингалсан матте даьхна ду вайн туьйранаш. ХIинца Iуьллуш ю-кх сан и гулар, кхаа маттахь йолу, зорбане яьккха езаш».

Радио Маршо: «Даиманна олуш ду, кхечу къаьмнашна хьайн къам довзийта лууш делахь, хьай туьйранаш церан матте даха аьлла. И болх жигара баьккхича дика хира дацара?»

Чагаева: «Суна а хета иза иштта. Киншка, кхин дика совгIат хIун совгIат хир ду? ХIинца Нохчийчу схьаоьхуш кхечу мехкашкара дукха туристаш бу. Ас шина шарахь музейхь болх бина. Схьаоьхуш дукха нах бу. Нохчийн мотт ца хуучо оьрсийн маттахь йоьшур ю. Оьрсийн ца хуучо ингалсан маттахь йоьшур ю. Ткъа ингалсан мотт ца хууш къам дан а дуй-те аьлла, бевзаш мотт бу и. Нохчийн фольклор иштта яржор пайда хир бу аьлла хета суна а».

Туьйранаша гочдина I8 туьйранийн тептар арахецна Нохчийчох кху тIаьххьарчу массийта шарахь. Царна юккъахь цхьаъ бен нохчийн туьйранаш оьрсийн матте а даьхна яц. Амма хIинца кечъеш ю кхин а массийта. Уьш оьрсийн матте яхча, кхин дIа а, шуьйрачу дуьненахь евзар ю аьлла сатуьйсу Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG