Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло денна Iорабохучу хаамашца наггахь доцург де ца догIу наркотикаш йохкарна а, эцарна а, дIаIалашьярна а махкахь куьг бехкенаш леца ца лоьцуш.Бакъду,атта нислуш хIума дац юкъараллехь гIара а долуш-м муххале а, кIомалх пайдаэцна эскархой лецар.
Низамо магош доцчу кепара наркотикаш лелорца къийсам баллочу урхалло дIасадаржорца, церан а,къайлахчу сервисан а белхоша цхьаьна дIаехьначу операцехь лаьцна «Северный» олучу тIеман гарнизонера кхо эскархо. Дийцарехь цара цигга шайн тIеман декъехь, хьалххехь кечбинчу шайн бустам-барамашкахь юхкуш хилла и зуламе коьчал.
«Наркополисхоша а, федералан кхерамазаллин сервисан белхоша а, хьашто йолу кеп а хIоттийна, шаьш тешам белла стаг тIе а хьажийна, цкъа хьалха шаьш эцна, цунах бизнес йинчу салтичуьнгара 11 гарам сов марихуана. Цу меттехь схьалаьцна йохкархо», - боху наркоурхаллин хьостано.
ТIаьхьо цигга тIеман гарнизонехь дIадехьна зераш бахьнехь, бензин-солярка дуттийлехь гучуяьлла хьуламехь дIайиллина латтош йолу кхин а 38 гарам марихуана. И меттиг нисьеллачул тIаьхьа, бехктокхаман гIуллакх а долийна, шуьйра талламаш дIабаьхьначу говзанчаша бечу чIагIамашца «Северный» тIеман декъехь бен-бен наркотикаш йохкаран некъ чIогIа караберзийна хилла эскархоша.
Цара уьш схьайохьуш хилла ХIирийн мехкан Мазалк гIалара схьаоьхучу тIеман машенийн ковранех пайда а оьцуш. Талламхоша кхобучу шеконашца церан кхин а масех гIоьнча-накъостий хила а сахьт дац. Уьш царна латтош наркогеланча мила хилла? Мичара схьайохьуш хилла? Эпсарша дакъа-м ца лаьцна те цу зуламехь? Цу могIарерчу хеттаршна жоьпаш лохуш бу низамхой.
Лакхахь хьахаелла «Северный» цIе йолчу гарнизон санна Соьлжа-ГIалахь цхьана тIеман декъехь гIуллакх деш волчу, ас цIе ца йоккхуш вуьтучу нохчийн эпсаро зIенехула диначу къамелехь гучу ма даллара кIомалх са еш лаьцнарг виъ эскархо хуьлчух тера а ду: цхьа гIумкхи, цхьа эрмало, ши оьрсий. Шена хуучух зIенехула дуьйцуш ву и эпсар ша.
Билггала хIуъчара дийцарехь кеп-кепарчу наркотикех беттабаларал сов вайнехан кегийрхошлахь вуно чIогIа даьржина,шуьйра пайдаоьцуш бу, корта дIонгIаз боккхачу буьртигашкахь духкучу бен-бечу молханех а, уьш чу а кхуьссуш муьйлучу мерзачу а, тезачу а хишах а.
«Пхи-ялх бIе низамхо волчу цхьана урхаллехь нуй-горгамца цIано еш белхало ю сан шича. ХIора дийнахь чIурам тIоьрмиг буззий и энергохишийн шишанаш а, буьртиг молханийн беттанаш а дIахьокху ша боху цу кертара.» Ишта дуьйцу гIалахь оцу полисхойн урхаллина лулахь вехачу соьлжагIалахочо.
И магийна доцу,могушаллина Iаламат зене долчу молханех, хих чот йоцуш дукха кегийрхой марзбалар цхьаболучара дузу, хьалханча муфтият а йолуш, махкахь йий, чагIар, къаркъа, кхин маларш дохкарца луьра къийсам баллорца. И бахьанехь хьожа ца кхетчахьана бохуш шайн кара еа-еънарг муьйлу кегийцрхоша а, кхиазхоша а бохуш даре до лоьраша а, хьехархоша а, тIекхуьучу чкъуран бала мел кхочучара а. Уьш кхетац кхузахь кIоршаме низамаш талхор пачхьалкхан куьйгалхойн тидамза дисарх.