Хотдог (хьокхамна юкъайоьхкина бецаш, хасстоьмаш, юьхь).
Бодибилдинг (дегIан дилх дебор, хаздар).
ДиКаприо Леонардо (Iамеркара киноактёр).
Шатайпа месаш ларгар – Титаник.
ТIаьххьарчу шерашкахь офхIанхойн шахьарахь баьржина Малхбузенан битамаш бу уьш.
Оцу башхаллийн могIа шорбо кегийрхоша аьхкенан тевнехь алкогол шеца йоцу йий мийларца а. Мел-мухха а баьхча а, Малхбалерчу кIенташна лаьа шайн Iадаташна, динан бехкамашна тIехула ца лелха-аш, Малхбузенан чам бовза!
Йий – хIаъ, вахош доцу йий! - лечкъа а ца деш духку Кабулерчу туьканаша, карадо базаршкахь а – иза дезачара баркаллаш баха догIу Атлантикан тIеман альянсна (НАТО-на). Цуьнан базанашкара карадогIу совдегаршна.
Фарукъ баккхалан да ву (иза реза хилира Маршо Радиога шен сурт даккхийта а). Цо къинойх цIандо алкоголах мукъа хиларна ша духку йий. «ХIара йийнан овхIанхойн тайпа ду – Амстел, мах 20 овхIани бу (30 цент гергга). ХIумма а ца хуьлу хIара маларх» - боху Фарукъа.
Малхбузенан чам иштта бевзина а, бовза аьтто бу лаам болучеран.
Iамеркара духар, даар, цхьацца кхин хIума эцало Кабулерчу Буш базарахь. Цигахь ю Кабулерчу совдегаран Икбалан туька. (Реза вара иза а Маршо Радион сайт йоьшучарна суьртахь вовзийта). Ша дийнахь бIе гергга йийнан гIутукх духку боху цо. Цуьнан эцархой бу кегийнаш, доккхачу декъанна таксилелорхой.
«Шийла морса-м ду духкуш, амма иза мерза ду, ца деза цхьаболучарна, йий гIолехьа хета,» - боху Икбала.
Йий шайна контрабандин кепехь тIеман базанашца юкъарло леладечара дохьу, боху туьканхоша.
ОвхIанистанехь 13000 волчу Атлантикан тIеман альянсан эскархошлахь дукхахберш Iамеркахой бу. Царна дихкина кху махкахь корта бахош долу малар мала.
Ткъа алкоголах мукъадаьккхина йий кхочу уггаре хьалха "Буш" базара (и цIе кабулхоша 2001-чу шарахь ОвхIанистане эскарш хьовсийначу Iаьмеркан президентан хьомара тиллина).
Бакъдац Кабулехь ша ма-дарра долу къаьркъа ца карадо аьлча а. Шар-э-Нау олучу агIонехь – еза туьканаш цигахь ю - эцало, шех «хьанал» малар мел ала лиича а, ала бух боцуш, корта дIахьошберг!
Пайде бизнес а ю, иза лечкъош дохка бен ца дисахь а, дохкар. 200 доллар доьху шишанах.
Кабулера аэропорт ю, низам а кагдеш, къайлаха къаьркъа, чагIар духку кхин цхьа меттиг. Цигахь кест-кеста дIадоху Iедало нахера къаьркъанаш. ОвхIанхошна магош дац кеманца кхечу пачхьалкхера цIабогIуш малар шайн махка дан. Амма мега арахьарчу, кхечу махкарчу хьешана шеца цхьа шиша чудан.
Ткъа корта бахош доцчу йийно низам бахьанехь а ца боккху корта лаза – иза дохкарх я маларх олуш хIума дац кхузахь. ЦутIе механа дораха а ду.
ХIетте а резабоцурш а бовлу. Таксилелорхо ву Хан Молхьаммад. «Цхьадолу йий дика ца хуьлу, цхьа а чам бац цуьнан. Амма мухха а делахь а, Малхбузенера ма ду иза»...