ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТховкIело йоьхурш стигал кIел бисина


Австри - Кхерч боцуш бисинчу мухIажирийн гулам, Вена, 2Мар2015
Австри - Кхерч боцуш бисинчу мухIажирийн гулам, Вена, 2Мар2015

Масех бутт бу Австрерчу мухIажирш тIеоьцучу Трайскирхен лагерехь эзарнаш мигранташ, чубаха тховкIело йоцуш, арахь Iен. Доккхачу декъанна, Шемара а, Иракъера а, амма иштта Нохчийчуьра а бевдда баьхкина нах бу уьш.

Гуманитаран катастрофин зил тIе кхаьчна Австрехь мухIажарш тIеоьцучу Трайскирхен лагерера хьал. I800 стаг тIеэца а, царна тховкIело Iалашйан а таронаш йолчу цу лагерехь карарчу хенахь 4800 стаг ву гулвелла.

Ткъа и терахь хIора дийнахь алсам долуш а ду, хIунда аьлча тIаьхьарчу беттанашкахь цхьа де а ца долу мел лаххара а цхьа бIе а стаг я совнаха цу махка тховкIело еха ца вогIуш. Коьртачу декъехь Шемара а, Иракъера а, ткъа иштта Африкера а тIамех а, баланех а бевдда, Европехь кхерамазалла лоьхуш баьхкина болу и нах, дагахь а доцуш, эрна арахь бисина.

3000 герга мухIажар, 40 градус тов йолуш а, догIуш догIу долуш а, ша бетташ а – доцца аьлча, муьлха а хенан хIоттам белахь а, стигал йоцург кхин тхов боцуш вехаш кIиранашкахь. Цу юкъана Австрин урхалла беттанашкахь цу мухIажаршна хIун дийр дара бохучу хаттарна жоп лоьхуш ю.

Стенна ду Европехь уггаре а таронечех пачхьалкхе йолчу Австрина масех эзар мухIажар дIатарвар сел хала бохучух кхета хала делахь а, амма мелла а цу хаттарна жоп серладоккху, цу пачхьалкхийн низамийн башхалла евзича.

Трайскирхен – иза Австри кхаьчна болу мухIажарш дуьххьара, богIуш лаьтташехь Iедална тIе а боьлхий, нохчашлахь, кхечу къаьмнашлахь а шуьйра девзаш долу „азюль“ дош олу меттиг ю. Аьлча, цара шаьш тховкIело лоьхуш дуйла дIахоуьйту а, церан гIуллакх талла доладо а меттиг.

Австри - Кхерч боцуш бисинчу мухIажирийн гулам, Вена, 2Мар2015
Австри - Кхерч боцуш бисинчу мухIажирийн гулам, Вена, 2Мар2015

​Цу нахе бан безаш болу хеттамаш бинчул тIаьхьа а, церан могашалла а, уьш бовда хIиттина хилла бахьанаш а теллина даьллачул тIаьхьа, мухIажарш цу лагерера цхьацца пансионашка а, юкъараIойлашка а, петаршка а дIасахьовсабо. Ткъа лагерера меттигаш керла тIе богIучу мухIажаршна мукъайоху.

Амма тIаьхьарчу беттанашкахь и система галйаьлла, тховкIело лоьхучийн терахь Шемара тIом бахьана долуш цIеххьана вуно лакхадаларна. Кхин дIа цуьнца доьзна цхьа могIа проблемаш гучуевлла.

Масала. Федерала урхаллехь хилла ца Iаш, коммунийн а, лаьттанийн а куьйгаллашкахь вуно яккхий саршонаш ю цигахь, шайн, меттигера, низам а, къепе а билгалйаккха. Цул совнаха, меттигерчу коммунийн а, бундеслаьттанийн а куьйгаллехь болу нах тайп-тайпанчу партийн векалш бу.

Ткъа цу партешна юккъехь мухIажаршца къинхетаме йолу баьццара я социалхойн партеш хилла ца Iа, консервативе йолу Халкъан парти а, гаррехь мигранташца гома йолу Маьрша парти а ю. Нагахь санна цу шина партин векалш коммунийн куьйгалле кхаьчна белахь, цара Трайскирхенера мухIажарш шаьш дол-долче тIе эца ца туьку. Иштта гул-гуллуш вовшахкхетта цу лагерехь цхьанна а ца оьшу, массарна а совбевлла болу и мисканаш.

Политикаш а, урхаллин декъашхой а хIоттаделлачу хьолана бехк вовшашна тIе туьттуш, эрна вовшахбетталуш а, охьахуьйшуш, къамелаш деш лелачу юкъана Австрера бахархой а, юкъараллин жигархой а шайн ка долллучу кепара мухIажаршна орцах буьйлу.

ШозлагIа кIира доладелла Венин юккъехь, меттигерчу Оперина хьалха цхьа могIа меттгерчу исбаьхьалхоша мухIажаршна белшашгIорторан акци дIахьош йолу. Дийнахь а, буса а, сахиллалца а буьйшуш а боцуш, 24 сахьтан хьесапехь митинг ю цара уггаре а дукха адам дIасалелачу Вена гIалин дега юккъехь дIахьош. „Бист ца хуьлуш Iаш йолчу юкъаралло хIаъ боху мухIажаршка!“ аьлла ю цу акцин цIе.

Австри - Кхерч боцуш бисинчу мухIажирийн гулам, Вена, 2Мар2015
Австри - Кхерч боцуш бисинчу мухIажирийн гулам, Вена, 2Мар2015

Ткъа иза йолийначу артисташ а, яздархоша а, сарташ дахкархоша а чIагIдо, Австрин урхалло я мухIажаршна орца кхачоллалца я и урхалла балхара йоххалца шаьш дIасадевр дац бохуш.

ХIора дийнахь шайн чотах Трайскирхене а боьлхий, цигарчу мухIажаршна юург а, тIеюху хIума а, молхнаш а латтош болчу акцин декъашхоша мукъаденошкахь цу лагерера масех стаг валийнера, Венерчу Оперна хьалха пресс-конференци яла. Даханчу Iай вуно къиза тIемаш хиллачу Шемарчу Кобане гIалара бевдда Австре баьхкинчу кхурдойн доьзалан нанас иштта дийцира шайн Трайскирхенерчу Iер-дахарх лаьцна.

Кхурдойн зуда: „ТIе хи кхарза а меттиг бац тхан цигахь. Цхьа а тайпа гигиена ларйан аьттонаш бац. Хала ду-кх цигахь Iен, вуно хала. Бераш цомгуш ду сан. Эзарнаш нах бу цигахь чу баха меттиг а боцуш, арахь Iаш, урамашкахь дIа а буьйцуш. ХIора дийнахь, хIора мIаьргонехь гуш бу тхуна и нах а, и хьал а.

Масала, тхо лийча хIоттахь, 15 стаг цхьаьна лийча хIотта веза тхан, зударий а, божарий а цхаьна. Амма къаьстина зударшка да ма ца ло иза- божаршца цхьаьна чохь лийча ма ца ло уьш. Цхьа жимма хилла а меттиг езара суна цигахь, сайна, кхечаьрца екъа а ца езаш, хи доцуш, хьелаш доцуш а, амма цхьа къаьстина четар мукъане а, маьрша сайн доьзалца со чуерза йиш йолуш.

ТIом болчу меттера схьадаьхкина ду тхо, Кобане гIалара. Тхан гIала ерриге а йохийна дIаяьккхина ю. Ишколаш а яц цигахь, цхьа а хьелаш а дац. Тхайн бераш бахьана долуш даьхкинера тхо кхуза схьа, берашна цхьа хиндерг хилийта а, цхьа машаре дахар хилийта а. Амма иза кхузахь тхуна гуш дац. Тхо-м даккхий дара, тхоьга-м и йоллу халонаш ла а лора. Амма тхан берашка ма ца лало и хьал“.

Цу юкъана Австрин Iедал Трайскирхенехь совбевлла мухIажарш цхьана ханна луларчу Словаке хьовсон гIулчаш йохуш ду. Цигахь шайн махкахь чул а алсамох еса лаьтташ гIишлош а ю, цигахь тховкIело йоьхуш сов кIезиг мухIажарш а бу бохучу бахьанца. Цуьнца доьзна дара кIирандийнахь мухIажарш тIеоьцу вай я ца оьцу боху хаттарца Словакехь референдум дIаяхьар а.

Цецволийла дац референдумехь дакъалаьцначу словакахойн 97 процентано мухIажаршна дуьхьал кхаж тассар. ХIинца цу жамIашца доьзна кхин дIа а дуьненна а совбеллачу мигрантийн кхолламах керла сацамаш лоьхуш ю Австрин урхалла.

XS
SM
MD
LG