ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДАIИШ-на дуьхьаллаьтта ТIалибан


Пакистан - ТIалибанан лидерна Молла Омарна доIанаш деш бу иза лоруш хилла бусалбанаш, 01Мар2015
Пакистан - ТIалибанан лидерна Молла Омарна доIанаш деш бу иза лоруш хилла бусалбанаш, 01Мар2015

Маршо Радион Узбекийн декъо интервью эцна Шемарчу, Иракъерчу ДАIИШ-ан тобанашна дуьхьалльаттачу тIемалочуьнгара. Цо байIат дина деношкахь ОвхIанистанерчу ТIалибанна коьрте хIоьттинчу Мансур Мохьаммадна. Оцу тIалибах, цуьнан Iалашонех а дуьйцу Маршо Радиона репортера Паращук Джоаннас.

Шемара схьа Маршо Радиоца къамел дечу узбеко шен цIе къайлахьо, даймахкахь Iедало ша тIаме вахарна хьоьстур вацаре терра. ОвхIанистанерчу тIалибийн тобанца цхьаьна тIом беш ву иза ИГИЛ-ерчу жихIадхошна дуьхьал. Иштта дуьхьаллаьтта иза юкъахь волу жамаIат Шемарчу Асад Башаран Iедална а. Цуьнан амир ву Шемахь хьалха дуьйнна а тIемаш беш схьавогIу узбек Бухори.

Бухорин жамаIат гергарлонехь ю ша хьалха декъахь хиллачу ОвхIанистанерчу ТIалибанца. Цунах а, и санначу кхечу тIалибийн Шемарчу жамаIатех а жоп ло коьртачу амира СалахIуддин-шайха.

СалахIутдина шен бIаьхошца цхьаьна Омар Моллина байIат деш видео арахийцира яхначу гурахь, ткъа хIинца муьтIахь ю Омар веллийла хиича хаьржинчу Мансурна.

ТIалибаша-узбекаша догдоху, шайн Малхбалера Iалашонаш кхочуш а хилла, Узбекистанера хьал бусулба некъа даккха цIакхачаре.

Маршо Радиоца зIене ваьллачу узбеко хаамбо, шаьш ДАIИШ-на стенна реза дац. «Цуьнан акъида (динан къайленашка кхачавен некъ) харц бу, лидер ал-БагIдади Абу-Бакър къинош летош а, дуьненан хIума дукха дезаш а стаг ву, цуьнан го а бу ишта, цигаьрка узурш а декъахь а болуш,» - боху тIалибо.

Цо иштта дийцира шайний, ИГИЛ-ерчу жихIадхошний юкъахь хиллачу тIамех а, алссам цунна дуьхьаллаьтта шен накъостий кхалхарх а лаьцна.

Иза реза вац, ДАIИШ-о шен муджахIидашна магочу хIуманашна. «Бусалбанаш бойу цара, нахера бахамаш дIабоху, 500 долларх базаршкахь зударий бухку, тхо царех летар ду кхидIа а, оха цкъа а дийр дац БагIдадина байIат,» элира узбекех волчу тIалибо Маршо Радионе.

Цо дийцарехь, иза волчу декъахь 300 узбек ву, и санна ДАIИШ-ца тIемаш беш. Берраш а лерича, 6000 узбек ву, боху цо, цхьацца жамаIаташкахь.

Ткъа тIалибан терахьаш мел догIу долучу хьолаца хууш дац.

Узбекистанан бусалбанийн урхаллан куьйгалхочо Мансур Iабдулазиза шена хууш 200 гергга узбек ву Шемахь, аьлла Маршо Радионе. Ткъа казахийн аналитика Карин Ерлана цигахь 500 узбек ву боху.

Паьнказарчу нохчочух, амирах ал-Шишани Iумарх (Батирашвили ТархIанах) лаьцна а дийцира узбекех волчу тIалибо.

Цо дийцарехь, ал-Шишани емалбан волавелира ДАIИШ-ан куьйгалхой, цара дукха муджахIидаш бала хьийсабо куьйгалла ма-оьшшу дан ца хууш, аьлла.

«Ал-Шишани, цIена жихIад дезаш амир вара. Оцу бахьанийца лакхарчара иза вийначух тера ду, суна иза мичахь ву, цунах хилларг хIун ду ца хаьа» - боху узбеко.

XS
SM
MD
LG