Адвокатан Кузнецов Борисан кхоллам лачбаьккхина, ирча хилам бу «Курск».
Хинкема муха, хьан, стенна дахийтира хибуха бохучу хаттарна жоп лохуш тIех чIиркъе хьийзарна, и жоп Кремлна ца товчу хьесапехь карорна цуьнан дийзира Оьрсийчуьра ведда, Iамеркан Штаташкахь ваха охьахаа.
Прокуратурано хьийзо волийра иза, цуьнан талламаш ца товш а карийна. Цо «Курскан» къаьхьачу кхолламах лаьцна арахецна жайна а ду оццу Iазапна кIел тахана – даржадойтуш дац Оьрсийчохь.
Кузнецовна карийна жоьпаш иштта ду. Цхьаъ делахь, «Курск» иза хIаллакдинчу тайпанара торпедаш кхийса кечдина ца хилла – «муьстачу хIаваан» торпедаш кхийса Iамийна ца хилла хIордхой. Ткъа тIаьхьа хIиттийначу харц кехаташа-м Iамийна хилла боху.
ШолгIа делахь, и тайпа герз кхосса кема оьшшучу технологин декхаршна кечдина а ца хилла. Амма хIумма а ца лоьруш, хIордхой, шайна буьйр даре терра, кхосса гIоьртича, шена, кеманчохь, иккхина иза. Цунна бехке лору Кузнецовс хIордан эскарийн коьрта хьакамаш.
КхозлагIа, бохам а хилла, кема хIаллакьхила доьлча, аьшпаш а буьттуш, ерриг Оьрсийчоь Iехийна Кремло, уггаре хьалха президента Путин Владимира, боху Кузнецов Владимира.
Путин адвокато бехкево, цо халкъе телевизионашкахула хилла бохам балхош, белла хIордхой бехке а беш, шен доттагIий - хIордан тIеман эскарийн куьйгалхой - бехктакхамах хьалхабахарна. «Курскан» трагедица доьзна жоьпе ца озийна цхьа а инарла. ХIетахь дуьххьара балийра Путина шен балха кIел аьшпаш, боху Кузнецовс.
«Курскан» экипажехь кхо дагестанхо хилла, кавказхойх дериг аьлча, масала. Царех цхьаьннан а доьзал тергоне ца эцна, кхоччуш тидам а боцуш битина Iедало.
Гаджиева Iайшат хIетахь, 15 шо хьалха, кеманчохь кхелхинчу гIазгIумкин Ахты кIоштарчу Хьруьг юьртарчу хIордхочун Гаджиев Мамедан йиша ю.
Иза а, Мамедах бисина доьзал а шайн чоьтах юьртахь хIолламбеш карийра Маршо Радиона. Ца диллина оцу наха дог: хуьлийла доцург хир доццушехь, Мамед цIаваре сатуьйсу цара. Телефонехула шайгахь ца буьжучу лазамах дийцира Iайшата.
Гаджиева: «Дера сатийсам бан ма бу. Цхьа сатийсам бу, иза могуш-маьрша цIакхачаре. И сатийсам даим а бу тхоьца. ХIетахь, декъий хIордачуьра хьаладохуш ма тийссара, сатуьйсу-кх тахана а. ...Мел боккха бохам лайна оха, иза-м дац дийцалур а.
Цхьа а, хIара аьлла, гIо дац хилла доьзална. Iедална тхо дицделла. Берриг лазам дIабийцалур бац соьга – ца буьжу иза, 15 даьллехь а. Цхьаъ мукъане а велара къинхетамбина, вист хилла! ХIан-хIа, вац. Оха-м, бакъду, дог а ца доху Iедало тхаьшка кадам баре. Иза тхуна тхаьшна бисина бохам ма бу. ...Баркалла шуна, тахана, кху дийнахь, телефон тохарна. Хьо цхьаъ ву тахана тхоьга вистхилларг...»
Оьрсийчоьно тахана а теллина дац хилларг, бехк къастийна бац «Курск» хIалладиначеран. 200 гергга доьзал, церан гергарнаш бу Кремлна къадоьхуш.
ХIетахь, 15 шо хьалха, Iамеркарчу журналиста Кинг Ларрис шега, хIун хилла «Курскна» хаьттича, шех тахана а дуьне кхаьрда жоп делира Путин Владимира: «Иза хибуха дахана-кх»...