ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ахматова Раиса. Дагца къамел


Ukraine, Crimea, Russia - In Crimea, passed the action "Light a flame in your heart!" - Crimean Tatars in memory of the deportation of his people ran into the sky, "Chinese lanterns".17May2015
Ukraine, Crimea, Russia - In Crimea, passed the action "Light a flame in your heart!" - Crimean Tatars in memory of the deportation of his people ran into the sky, "Chinese lanterns".17May2015

Ахматова Раиса

«Дагца къамел»

Ас хьуна чIогIа ницкъ бора,
Цаоьшу гIайгIа хьоь луш,
Хийла хьо ас хьийзадора,
Хьан декхарх ер а йоцуш.

Диц а дой хилар сов экам,
Детталун хьо ца кхоош,
Хьуна тIе беза мохь – экъа
Юьллура, цIий хьох Iенош.

Со йоьлуш – доьлура соьца,
Болх бора, кIадо ца еш.
Со йоьлхуш – доьлхура соьца,
Халонаш собарца ловш.

Гечдехьа, дог, хиллачунна,
Гечдехьа тIехиндолчунна.

Ахматова Раиса

«Дахаран некъ»

ТIаьххьара юхахьаьжча
дахаран некъе,
Гур суна кхиамаш,
лайна халонаш,
Ас сайна гулдинарг,
гулдаза диснарг…
Дуьнен чохь ас бинчу
некъан мах хадо,
ТIаьххьара бIаьрг тухуш,
со юхахьаьжча,
Ца гахь ас бехк боцуш
хьийзийнарг бIаьрга,
Ас доттагI лийринарг
мостагI ца хиллехь,
Харцо ца чIагIйинехь,
оьгIазло тоьлла, -
Кхолламан жамIашна
хилла сов реза,
Эр ду ас:
«Лаьтта тIехь со башха яьхна».

Ахматова Раиса

«Сан юрт»

Генна цигахь, лекхачу лаьмнел дехьахь,
Мархаш, тулгIе етташ, керчачохь, –
Сан юрт йисна хьаннийн IиндагIашлахь…
Хьоме лаьмнаш, шу ду сан даг чохь!

Маьлхан зIаьнарш, керла Iуьйре йогIуш,
Яьржа хир ю цигахь, хьостуш бIаьрг.
Мехкарий а – сарахь шовда оьцуш…
Йиц ма елаш шайна генахь ерг!

Цигахь ду сан дерриг – тхевнийн кIур а,
Аьрзу екар, некъийн аьрха Лар.
Дерриг цигахь – ирс а, сан кхоллам а…
Даим даг чохь лаьтта хьоме юрт!

Дуьнено ше неI дIайилли сунна;
Хийла гIала, хийла юрт а го.
Амма дог сайн дерриг иллеш – шуна,
Махкахой, ас, йоккхаеш, дIало!

Ахматова Раиса

Шераш

Сайн шераш дIаэхарх, кхерац,
Гиччош сайн къеждаларх, елхац, –
Жималлехь сатуьйсуш лехнарг
Карийна. Харц хастам лехац.

Бес-бесар Хилла сан денош…
Мел халчу новкъа со яларх,
Суо йина юрт йицой лелаш
Хилла яц минотехь цкъа а.

Пепнаш го дийна цхьа бода,
Хиш хеза эшаршца декаш,
Казбек лам, ло лепаш, дIогахь
Ойланехь кIадбелла хетта.

Шена тIе кхоьллина гIовтал,
Кхузахь цкъа Iуьйренаш кхехьна
Пушкина. Сан махках башха
Поэмаш Лермонтовс яьхна.

Нохчийчоь! Сан хьоме Даймохк,
Хьан уьйтIа кхаьчнарг ю бIаьсте!
Со, кхоллам хьайчух дIаийна,
Къоналло шозлагIа хьаьсти.

Ахматова Раиса йина 1928-чу шеран гIуран-беттан 13-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь. 1943-чу шарахь цо чекхъяьккхира Соьлж-ГIара хьехархойн юккъера доьшийла. 1958-чу шарахь иза деша яхара Москох СССР-н яздархойн Бартехула йолчу Лаккхарчу литературан курсашка. Уьш чекх я яьхна, цIа еанчул тIаьхьа Азматова Раиса Нохч-ГIалгIайн респубдикан синбахамаллин министран куьйгаметта хIоттийра. Иза Нохч-ГIалгIайн АССР-ан яздархойн Бертан гIентда а яра (1961-1983), ЧИАССР-н Лаккхарчу Кхеташонан гIентда яра (1963-1985). Цо язйина иттанаш книшкаш ю зорбанеяьхна. Цуьнан байташ дуккха а меттанашкахь арайийлина. Иза цхьаъ бен нохчийн зуда яц "Нохч-ГIалгIайн республикан къоман поэт". Цхьаболчу талламхошна хетарехь цуьнан кхоллараллин белхан ерриг архива (600 сов папка) Оьрсийчоьнна - Нохчийчоьнна (1994-1996) хьалхарчу тIамехь егира. 2012-чу шарахь Ахматова Раиса а, Жумалаева Лулала дуьненан зударийн анталоги юккъетоьхна нохчийн поэзин векалш санна. Шен дахаран тIаьхьарчу шерашкахь цо куьйгалла дира Совет Пачхьалкхан синбахамаллаин фондана. Ахматова Раисан дуьненан некъ хедира 1992 шеран 29 дечкен-беттан дийнахь.

XS
SM
MD
LG