Гайтукаева Бана. «Хьан яра-кх со...»
Хьан цІийнах яра-кх со, Нохчийчоь, хьан цІийнах яра.
Нахана дІайийца ворхІе а ден цІе а хилла.
Хьан цІарца яьхна со, Нохчийчоь, хьан цІарца яьхна.
Хьешана хІоттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан юьхь ас ларйина, сайн эхь-бехк, сайн сий санна,
Къа доцчу сан сина теш хІотта Терк а ду дийна...
Хьайбахахь ягийна, да вийна мостагІа санна!
Сайн кхерчах йохийна, мисккъал а бехк боцуш бийца.
Безам а сан хилла, дуьненал лекха со хІотто,
И тешо са оьзда кІентий а сан новкъахь хилла.
Дуьнен чохь мел болчу зударел со маьрша къасто
Бахьана цхьаъ хилла-кх – со ларъян къонахий хилла.
Ткъа тахна со лаьтта хьан лаьмнийн когашкахь йоьхна,
ХІара дуьне Іададал мохь-цІогІа сайн кийрахь къуьйлуш.
Яхь йолчу сан сица хьагІ лаьцна йилбазан мохо
Доккхачу дуьнен чохь яржийна сан деган аьхкаш...
Хьан къина йилхина, бІаьрхиш а чекхдевлла лекъна.
Нохчийчоь, со йисна ца кхеташ хуьлучух тахна.
Йилбазо чІабанаш лачкъийна, йовлакх а дайна.
Орцаха ялахьа! Сан сих ма хьаьрчиний лаьхьа.
Гой хьуна, къийгаша го бина дІалаьцна стигал?
Царна, ма гома хилла-кх сан гІаргІулийн илли.
Ас лоьху сайн хилла аматаш хьан бІаьвнийн кхерчахь.
Ас лоьху... Ткъа суна жоп дала цхьа а вац уллехь...