ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оспанов Къосам. Шозза тIекIелдина..


Нохчийн кешнаш
Нохчийн кешнаш


​Оспанов Къосам

***

Шозза тIекIелдина
Каш-лахьта шелдина,
Сацо безаш бара цхьамза,
ГIамар-сахьтан гIамар-цхьамза;
Сацон дезаш - маьлхан сахьт а,
Цуьнца цхьаьна массо сахьт а;
Сацо езаш яра хан а,
Йоьду хан а, йогIу хан а;

Сацо езаш яра хьо а,
ХIара де а, хIара шо а;
Нахах яьлла нахе гIойла
Хьох ца йина йолу ойла:
Са цо оту, са цо огу,
ДIа ца йолу, схьа ца йогIу.
Сацо дезаш дара латта -
Стенгахь ю хьо, хьоьга хатта.

Оспанов Къосам гоьваьлла нохчийн байтанча ву. 1960-чу шеран лахьан-беттан 7-чу дийнахь Хьалха-Мартанан кIоштарчу СаIди-КIотарахь дуьнен чу ваьлла ву Оспанов Къосам. Цуьнан 17 шо кхачале Хьалха-Мартан кIоштан газетехь зорбане йийлина поэтан дуьххьарлера байташ. 1977-чу шарахь ваьлла иза СаIди-КIотарара юккъера школа чекхъяьккхина. 1979-чу шарахь эскаре гIуллакх дан ваххалц оццу школехь хьехархочун болх бина. Эскарера цIавирзинчул тIаьхьа а масех шарахь шайн юьртарчу юккъерчу школехь хьехархочун болх бина. Ткъа 1983-чу шарахь кхолламо Урале кхачаво байтанча. Магнитогорскехь чекхйоккху цо хьехархойн институт а. 1991-чу шарахь Уралера цIавоьрзу Оспанов Къосум. ХIетахь дуьйна Нохчийчохь зорбане мел долучу газетехь а, журналехь а луьста гучаюьйлу шатайпачу башхаллица къеста цуьнан байташ. Цу муьрехь зорбане дуьйлуш хиллачу «Маьлх-Аьзни» журнале балха хIутту къона поэт. Кхоллараллин гергарло тасало цуьнан «СтелаIад», «Вайнах», «Орга» цIе йолчу журналашца. Оцу журналийн агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу Къосуман чулацаме байташ. Уьш билгалъюьйлу авторна кIорггера ненан мотт хууш хиларца, цуьнан хьалхарчу хьаьркаца дешархо цецвоккхий, чекхъяллалц байт еша сакIамдеш, йийсарехь латторца.

XS
SM
MD
LG