ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пушкин, Александр Сергеевич. ЧIерахочуххий, чIераххий



ЧIерахочуххий, чIераххий

/Туьйра/

Дада, баба хилла хьалха
ХIорда йистехь дехаш цхьалха;
Хилла, тиллина эрз шера,
Тиша тоьла хIусам церан.

ЧIара лоцуш хилла дада,
Улх[i] шен хьовзош хилла баба.
Цкъа ов[ii] тесча хи чу еха –
Цо баьццара беа Iеха.

ШозлагIа чутесча ов –
Цо ма беа бецийн цIов.
КхозлагIа чутесча ов –
Цо цхьа чIара беа, тов,

Башха, башха, башханиг,
Иштта боцург – дашониг.
Дашо чIара бист ма хили,
Адмийн маттахь цо ма дийхи:

«Со дIахеца, къано, ахь!
Аса лур бу беза мах:
Хьан дош кхочуш дийр ма ду,
Ахь цIе тоьхнарг хIоттор ю».

Дада, кхеравелла, висна,
Олу дош легашкахь дисна, –
Оццул чIара лоцуш ша,
Иза луьйш ца гина цкъа;

Шега хьоьжу чIара, тийна,
Цо дIахецна, дош карийна:
«Дела накъост, чIара, хьуна!
Мах ца оьшу цхьа а суна;

ХIорда чу хьо берза маьрша,
Цу чохь ловза хьайна аьрха».
Дадас, веъча мацца цIа,
Дийци хилларг бабе дIа:

«Тахна чIара – ду и дерг –
Леци аса дашо берг;
Вайн мотт чIеро буьйцура,
Ша дIахеца бохура,

Ткъа дIахоьцург мах цо лора,
Аса аьлларг кхочушдора.
Цуьнга оьшург ас ца йийци,
Иза иштта ас дIахийци».

Эццахь баба лен ма ели,
Дада, дарвеш, цо ма эли:
«Ва, ма Iовдал стаг ву хьо!
Хьоьца муха еха со?

Мах ца хии хьуна биэха,
Дерриг деза аса хьиэха,
Ной ца ехна керла вайна,
Вайниг йоьхна гушшехь хьайна».

Дада хIорда йисте ваха
(Ткъа хIорд миэлла дIа-схьа баха).
Кхайкхи чIара-хьаша цуо,
И тIебеа, боккхуш гуо:

«Къано, лаа кхойкхий ахь?»
Дадас эли, йоцуш яхь:
«Паччахь-чIара, бехк ма билла,
Сан бабина цатам хилла,

Къоьлла бехке цунна, тешна,
Керла ной бабина эшна,
Тхайниг, йоьхна, дIа ма яьлла».
ЧIеро цуьнга кIеда аьлла:

«Са ма гатде, цIехьа гIой,
Ларъе ахьа керла ной».
Дада веъча цIехьа, хьуна,
Керла ной цIахь карйо цунна.

Амма баба ма яц реза,
Гарехь, деза совгIат деза:
«Ва, ма Iовдал стаг ву хьо!
Хьох цец юьйлу чIогIа со!

Ткъа хIун бахам бу и ной?
ЧIере хIусам еха, гIой».
ХIорда йисте дада вахи
(Сийна хIорд хебаршка бахи).

ЧIара кхойкху цо, дог доцуш,
ЧIара кхочу, хало йоцуш:
«Къано, лаа лелий хьо?»
«Паччахь-чIара, бехке со!

Баба хьийза, холча хилла,
Со ца вуьту вижа, Iилла,
Сан са дуу цо цхьа вуон,
ХIинца хIусам йоьху цуо».

Ткъа бистхили чIара вайн,
Дош дадега олуш дай:
«Са ма гатде, цIа гIуо хьайна,
Хир ду шуна цIенош тайна».

Дада вахна цIехьа шен,
Цунна хьалха сурт дац къен:
Лаьтта лекха хIусам меха,
Кира тоьхна, туьнталг еха;

Ножах дина ков ма ду.
Кора кIеллахь баба ю,
Амма луьйш ю кхунна иза.
Генара мохь бетташ къиза:

«Хьо ма-варра Iовдал хьо!
Хьох ца кхуьу, хьуна, со!
ХIара хIусам ма яц гIала,
ГIой, ахь чIере – хьеше ала,

Хир яц Iаьржа белхало,
Хир ю кIайн со хьолахо».
ХIорда йисте дада вахна
(Ткъа хIорд сийна шалха бахна).

Цо схьакхайкхи чIара юххе,
Дашо чIара беа улле:
«Къано, хьо хIун аьлла лела?»
«Паччахь-чIара, сох ма бела!

И сан баба яла хIуьтту,
Со садаIа цо ца вуьту:
Хир яц боху белхало,
Хир ю боху хьолахо».

ЧIеро эли, доцуш дов:
«Са ма гатде, къано, сов».
Дада веа юха схьа,
ХIун го цунна? ГIала-цIа.

Учехь лаьтта цуьнан зуда,
Еза силга[iii] йоьхна, кура,
Коьртахь – куьцалг[iv] махмаран[v],
Кочахь – туьтеш жовхIаран[vi],

Дашо, башха мухIарш – пIелгахь,
Когахь – эткаш цIечу басахь.
Цунна хьалха леш бу дукха,
И, уьш чехош, лиэташ ю-кха,

Дада бабина тIевогIу,
Реза ю и моьттуш, олу:
«Сан маршалла, ва, сту – эла!
ХIинца-м бевзи хьуна мела».

Амма иза дера ю,
Лоллийта и божли чу.
Цхьа, ши кIира даьлча вайна,
Баба леш ю, дахар хьайна;

Дада цо схьавоьху сиха:
«ГIой, ахь чIере диэха дика –
КIайн хьолахо дарж ца деза,
Маьрша паччахь хила реза».

Дада хьоьжу цуьнга гIийла,
Ойла йой, цо олу шийла:
«ЧIимаш биъна, баба, ахь?
Кхардо йоллу хьо хьайх нах.

Хьо цхьа тайпа дешна яц,
Ур-атталла мотт хьан бац».
Циггахь баба йолу чуьра,
Цо дадега олу луьра:

«Мила ю дицдина со,
Соьца къийса ваьхьа хьо!
ХIорда тIе, «ахI» доцуш, гIуо,
Ма вигийта ахь хьо вуон».

Дада хIорда йисте вели
(ХIорд, макхбелла, техка бели).
Дан цхьа хIума доцуш кхин,
ЧIара кхайкха хIоьтти и.

Иза богIу, тулгIе йоьжна:
«Стенна хьийза, къано, воьхна?»
Дадас эли, доккхуш са:
«Паччахь – чIара, пурба хьан!

Хила цкъа ца Iемина,
И сан баба телхина,
КIайн хьолахо дарж ца деза,
Маьрша паччахь хила реза».

Бакъо ца луш вуон бехк баккха,
ЧIеро жоп ло цунна тIаккха:
«Са ма гатде ахьа, дада,
Йийр ю паччахь и хьан баба».

Баба йолчу веъча и,
Цунна хаза шахьар[vii] ги:
УьйтIахь шун ду тадийна,
Баба баьрчче хаийна,

Хьолахой бу бацархой, ЯахIума цара юьллу,
Куьйгаш дила хи а дуьллу;
ГондIа цунна ха ду дера,
Шайгахь дигарш – ира, шера.

Баба схьагуш, патар баьттIа,
Дада, раз а ваьлла, лаьтта,
И бабина герга вогIу,
Цо дош олу, ала догIу:

«Сан маршалла, паччахь-сту!
ХIинца-м хьо, кхаъ хилла ю.
Aмма бабас лерг ца Iуху,
Дада човхош, цо ког туху,

Элий, хьолахой тIебаьхки,
Цара дада араваьккхи.
НеIрехь ха тIедеди цунна,
Дигарш детта дагахь кхунна;

Халкъ а доьлу дадех шорта:
«Хьо, баккъала, Iовдал корта!
Хила дезарг хиллий хаа,
Хьайн биэн вордана ма хаа;

Хилларг хьуна масал ду,
Кхи дIа лела Iемар ду».
Иштта, долуш, кIира дели,
Баба, йолуш, галаели –

Майра шен цо, боцуш хьем,
Каравойту, байна тем,
Цунна керла хьехам бо,
ЧIерана тIе хьажаво:

«Ма бе ахьа хьайна бала,
ГIой, ахь чIере-хьеше ала,
Кхи хир яц со паччахь-сту,
ХIордан нана со хир ю,

Яха лаьа хи чохь тайна,
Дашо чIара бецаш сайна».
Паччахьашна атта ду, –
Церан карахь ницкъ ма бу;

Дада хIорда йисте волу,
Хи тIехь Iаьржа мох ма болу:
ТулгIенаш ю, еъна моха,
УгIу буьрса, бина могIа.

Ткъа беш шена хорам дашо,
Дадас кхойкху чIара дашо.
ЧIара, хан ца йойуш дукха,
Дадина тIебогIу мукъа:

«Лаа вуй хьо, къано-хьаша?»
«Паччахь-чIара, хьо сох баша!
И сан баба гIайгIа – суна,
Кхи дарж деза хIинца цунна:

Дарж дац цунна паччахь-сту,
ХIордан нана дарж ма ду,
Хьо хьадалча лаьа ган,
Кийча болуш аьлларг дан».

ЧIара, цхьа ца олуш хIума,
ЦIога тоьхна, баха буха.
Дада, хьежна чIере веха,
Цхьа жоп доцуш, веа цIехьа.

Ткъа дIакхаьчча, го шайн тоьла,
Массо Iуьргахь йоьлла къоьлла;
УьйтIахь Iаш ю баба кхуьнан,
Йоьхна ной – когашкахь цуьнан.

[i] Хьовзо кечбина тIаргIа.

[ii] ЧIара лоцу бой.

[iii] ТIехула юху пхьуьйшаш доцу йовхачу бедаран тайпа.

[iv] Кхузахь – коьрта туьллу исбаьхьа хIума.

[v] Дарин тайпа.

[vi] Лахьарчонахь кхуьу кIайн я Iаьржа беза буьртиг.

[vii] Йоккха тайна гIишло.

XS
SM
MD
LG