ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хамидов Iабдул-Хьамид. ДIа - коч, схьа - коч


Хамидов Iабдул-Хьамид

ДIа - коч, схьа - коч (дийцар)

Хьалха-МартантIе шайн гергара нах болчу хьошалгIа яханчу Хелисатна хIара хьошалгIа яханчу нехан лулахо йолчу Забус, чу а кхайкхина, кучана чилланан кIади делла хиллера.

«Цкъа мацца делла а юхадала дезар ду-кх сан хIара, ма суна ца оьшу бала беш йоллу-кх хьо кхунах», аьлла, ойла а йина, ца догIучу дагца елакъежна кIади схьа а эцна, цIа яхнера Хелисат. И гIуллакх хиллера бIаьста.

Гуьйре тIекхечира. Можа бос эцна дIахIиттира дитташ. Кхинйолчу ярташкахь санна, ГIойтIахь а дукха бара керла цIенош дина бевлларш а, бовла герга баханарш а.

Бовла гергабаханчарна юкъахь яра Хелисат а. Дийнахь хьелий узуш совхозехь болх а беш, кегий бераш а Iалашдеш, чохь ша йоцург гIуллакх дан воккханиг а воцуш, цунна атта дацара цIенош дан. ХIетте а, Хелисата мало йоцуш гIуллакх дар бахьана долуш, цуьнан керла кхо цIа, рамина англи тоьхчхьана даьлла дара. Англи эца ахча а ца тоьъна, шайн лулахошка юхалург ахча доьхуш Хелисат лаьтташ, цхьаммо шайн ков тухуш хезира цунна. Чехка яхана цо ков схьадиллича, кетIахь, ела а къежна, лаьтташ яра Забу.

- Хьуна хьайн доттагIий бицбеллехь а, суна хьо-м ца йицъелла хьуна. Хьаша оьций ахьа?, - аьлла, юха а елакъежира Забу.

- Оьций бохург хIун ду, дера оьцу-кх дукха хазахеташ-м. Забу яц хIара? Хьо я марша, схьаяло чу, - аьлла, Забуна мараиккхира Хелисат.

Хелисат Забу а эцна чуяхара. ГIойтIа бевза-безарш болчу еана Забу, Хелисата ша тIе муха оьцу хьожур ша, аьлла еънера. Шал шера и хууш йолу Хелисат, шен кийчча дIаяла йоцчу кIадина жимма йоьхна яра.

Сихха йина хьешана хьалха юург а йиллина «со хIинцца схьайогIу хьуна», аьлла, Хелисат чехка чуьра араелира.

«Там бара кхо со кучана хIума а ца луш дIаяхийта» бохуш, са а гатдеш, хIума кхоллуш Iара Забу.

Карара ахча дIа а даьлла, кийчча дIаяла кIадинах хIума йоцуш сингаттаме йолчу Хелисатана дагадеара, тохара бIаьста, Забус шена кучана елла кIади, цхьаьнца хийца а хийцина, цунна юхаяла.

Йистерчу цIа чуьра и кIадинан кийсиг схьа а эцна, поппар хьохуш йоллучу шайн лулахочунна Жарадатна тIе а яхана, «Дикин зуда, схьахилахьа кхуза IиндагIехьа» аьлла, Жарадате йист а хилла, Хелисат аккази кIел дIахIоьттира.

Шен карара поппар охьа а биллина, куьйгаш хи чохь хьакха а дина, Хелисатна тIе еара Жарадат.

- Дикин зуда, хIинца ахьа гIо ца дахь чIогIа юьхьIаьржа хIуттуш ю-кх со.

- ХIун хилла? - элира Жарадата шен тIеда ши куьг кучан юхах хьаькхна, дакъа а деш.

- Тохара бIаьста, Хьалха-МартантIе тхешан гергара нах болчу хьошалгIа яханчохь, церан лулахочо чу а кхайкхина, со схьаэца ца туьггушехь, йиттане а йита а ца йитина, коч еллера суна. ХIинца и суна кIади елла зуда со йолчу еана вайн чохь Iаш ю. Карара шайнаш, хьуна ма хаъара, цIенош деш яйина аса. Йолуш йолу кIадинан кескаш а, аса берашна коч-хIума а тегна, дIаяьлла. Цо сайна елла кIади цунна юхаяла бегIийла а ца хетта, хьоьга, тарлахь, юхалург нахарташ лахьара ахьа, я кIади хийцахьара ахьа ала еанера со.

- ИбраьхIим-Хьаьжин чохь Iуьллучу къорIанор тегазчу кIадийнах кийсиг ма яц сан, вайна тIедаьндолчу Iаьржачу лаьттор, Iаьржан, горган шай соьгахь ца дуьтуш, тхан декъа тIехь йолу нахарташ а гулйина «Москвич» эца гIала вахана ма ву тхан чуьрниг. Хьо суна дуй тоьлуш а ца йоллу, вай гIон долчу кошор, сайн таро хилча, хьо гIуллакх ца деш дIа а йохуьйтур ма яцара аса, - аьлла, шен пIелга тIехь бисина хатт, акказех хьаькхна, охьабожийра Жарадата.

- Ахьа оццул чIогIа ца аьлча а теша со-м. Доцчунна дан хIума дац. Вуьшта, доккха хIума ду-кх хьуна хIара ца оьшу хIуманаш бахьана долуш вай ваьшна боху сингаттамаш. Со йолчу зударех стаг хьошалгIа ярах гIайгIа хуьлу-кх суна. Таро елахь а, яцахь а цунна кучана хIума эца еза, ца эцахь, «ша йолчу еана хьаша, кучана хIума а ца луш, дIаяхийтинера», бохуш хьо юьйцуш лелар бу. Схьаеллачунна дуьхьал юха дIа ца лахь, тIаккха а вочу агIор юьйцур ю хьо. ДIа коч, схьа коч, бохуш, ца оьшу бала бу-кх хьуна вай ваьшна бинарг.

- Биронкъин да вижинчу кошор, со цхьанхьа яхча, сайна кучана кIади елча, гIайгIа ма хуьлу суна, юхаялар муха нислур ду-техьа, бохуш, сагатдеш. Кортин Жабраила дешначу къорIанор олучух ларлуш хьешадена шуьйттазза кучана кIади ма елла аса, цхьайттазза суна схьа ма елла. Елла юьсийла сан, цу сайна схьаделлачу кIадинах аса сайна цхьа коч тегнехь, я доьхкина, я хийцина юха дIаделла-кх. Мурца-Iелас дешначу къорIанор дац уьш совгIаташ даларш, дош доцурш ду-кх.

- Ой, ахьа-м и дуьйцу, хьуна ма хаъара, цIийнан да а велла, кхо бер а кхобуш, хала йоллуш ю-кх со, елахь а, сайн тароне хьаьжжина, аса ша кучана кIади а елла дIаяхийтича, Доча-борзерчу Аьрсмирзин йоIа Бикатус, шайн юьртахь йийцина ца юьтуш, аса шена елла кIади «стагана лойла эхь дара» бохуш Олхазаран кIотара базара баьхкинчу нахе а тIехь дийцинер-кх хьуна. ТIаккха дош ду и, совгIат далар ду и, марзо ю и? Коч яларш дац, хьашт доцурш ду.

- Мадин Сапис дешначу къорIанор лур яц хьуна и кхин Жарадата-м, лахь сан цIе Жарадат ма яц хьуна, - аьлла Хелисатана тIе а таьIш, шен некха тIе тата доккхуш, буй туьйхира Жарадата.

- ДIаяла, вайшиннан къамел хьелуш лаьтта, сан хьаша а хир ю сагатдеш, - аьлла, шайн важа лулахо, Iайнаъ йолчу дIахьаьдира Хелисат. Ша деана гIуллакх Хелисата дийцича, шена кучана ша эцна штапельни кIади а елла, дIаяхийтира Iайнаа Хелисат. И кIади а яхьаш, мох санна хьаьдда, цIа кхечира Хелисат.

- Са-м ца гатди ахьа, Забу? Цхьа гIуллакх ца нислуш хьеелира со. Бехк ма биллалахь, - аьлла, Забуна чай дотта безам болуш чайник схьаийцира Хелисата.

- ХIан-хIан, аса ца молу хьуна, - аьлла, бошхепара схьа а эцна, стака бертал хIоттийра Забус. - ХIинца со юза а юьзи, хьо мичахь Iаш ю а, муха Iаш ю а хии. МартантIе ягIахь, йола со йолчу, суна хазахетар ду, - аьлла, маьнги хьалха лаьтта шен каралоцу тIоьрмиг схьа а эцна, неIарехьа дIайолаелира Забу.

- Хьо Iийча, луьйш-олуш, хаза буьйса йоккхур яра вайша, Iехьа?

- ХIан-хIан, йиш яц сан. ТIаккхахула цхьаъ дийр ду вай. Iодика йойла хьан,- аьлла, Забу, неI а йиллина, араелира.

- ХIара, Забу, бе-берса яцахь а, хьуна хIара кучана хIума яла лаьа суна, - аьлла, шен карара кехата юккъе хьарчийна долу кIади дIакховдийра Хелисата.

- Деллахь ма ца оьшура хIара. ХIунда хьоьгура ахьа хIара лоьхуш къа? - аьлла кIади схьа а эцна, шен карарчу тIоьрмиг чу тесира Забус.

- ХIара, Хелисат, хьайна ян лаахь, йогIур ю-кх хьо. Марша Iойла хьо. Со дIагIо? - аьлла, кех а яьлла, Забу дIаяхара.

Хелисат и новкъа а яьккхина. «Ма дика ду-кх хьо кочара яьлла», аьлча санна доккха са а даьккхина, ков тIе а оьзна чуяхара.

Кхан доххал генаялале, газета даьстина, шена еллачу кIадине хьаьжира Забу. Дукха цунна резацахиларна, цуьнан лахара балда деман гала санна хьаьвзина дIахIоьттира, ши цIоцкъам айаделира, ши бIаьрг гонаш оза а бина, эрчабелира, ирахъхьаьдда цуьнан хьаж, пондар санна хебаршка а дахана дIахIоьттира. Дукха оьгIазъяхана, дог а даьттIа лаьттачу Забуна цкъа дагадеара «дош ма дацара хIара, юха а дихьна, цуьнан чу охьа ца кхоьссича», аьлла. ТIекIелдаьккхина кхин цкъа а кIадине хьажа а хьаьжна, и тускар чу а кхоьссина, ГIойтIара шайн шича волчу дIаяхара Забу.

Забу керта йогIу яйча, учахь куьйра лестош Iа кхуьнан шичин зуда Курбика хьалагIаьттира.

- ЙоI, хьо ма хьеелира? Хьо схьая хьеелча, хьо дIа-х ца яхний-техьа, бохуш, сагатдеш Iий-кха хьуна со.

- Мичара дIаяхнера хьуна со, цIарна а цIе яханчу Цхьоьгин Исраьпилан йоI Хелисат йолчу яхнера-кх. Евзий хьуна иза? - аьлла, Забу уча а яьлла, аннаш тIе тесначу палса тIе охьахиира.

- Евза дера-кх, суна муха ца евза иза. Хьо хIунда яхнера цаьрга? - аьлла, хаттар а дина, Курбика, яйн куьйр а ластош, Забуна юххе охьахиира.

- Кхушара, бIаьста, чуяха меттиг а боцуш, МартантIехула йорт етташ лелаш, иза цхьа адам ду моьттуш, со йолчу а йигина, йоцуш ца тору хьаша а йина, тхешан ден да Мусост веача санна, сайн долу-доцу хьошалла а деш, лелийра аса. Сийначу стигалор аса цунна йийна нIаьна, цул хьалхарчу дийнахь пхи туьма делча, дIа а ца луш, цIа еана ма яра сан. Цу тIе, дIайоьдуш, тхешан вашас сайна Бакухара совгIатана еана, олхазар санна хаза чилланан маркизет а елла, ма яхийтира аса иза, - бохуш, язъяла гIерташ, аьшпаш буьттура Забус. - Тахана со ша йолчу яхча цо суна еллачуьнга хьажахьа, - аьлла, тускар чуьра схьа а яьккхина, Курбикина хьалха охьакхоьссира цо Хелисата шена елла кIади.

- Ватта, ватта, ватта, дера елла хир яц-кх хIара-м. СовгIатана ло хIара. Кхуьнан-м цхьа бос а ма бац. ХIара хIун кIади ю, басма бу хIара? Гомашан неI санна ма екъа а ю, - бохуш, дIай-схьай а керчош, кIадине хьоьжура Курбика.

- Эхь дац, совгIатана ло, аьлла, хIара далар. Тхан ненненан Жогин кIалд чуьрчу шелага тIетосуш йолу кIади кхул дика ма яра устазор, - аьлла, гIадъяхана елаелира Забу.

Кхеран гIовгIанаш хезна тIееара КурбикгIеран ши лулахо а.

- Ой, ахьа хIун дуьйцу, йоI, хIара-м эхь ду! Хьовсийша, Исраьпилан йоIа Хелисата ша чилланан маркизет а елла яийтича, дуьхьал еллачу кIадине? Вайн эвларчу ДIобин Жабраьилан кертарчу ниттийн сурташ дац кху тIе дехкинарш. ЙоI, кхунах коч ма яйталахь, вайн цIийнах болчу зударшкахь товр яц кху тайпанчу кIадинан коч, - аьлла, куьйр ластор сихдира Курбикас.

ТIееанчу шина зудчух цхьаммо, кIадине а хьаьжна, элира: «хIинца хьуна тIехь йолчу штапелал хаза ма хета суна-м хIара штапель. Вукхо а, «суна-м дика кIади ма хета хIара», элира.

- Мичара штапель яра хIара? Штапель ца евзаш-х яций со? Гоьна тIе тухург санна моха а йоьдуш, кхо сом метарх доккхучех болу вон басма бу-кх. Тхан ден вешин Эламирзин шен говран баабеллачу когана йоьхкуш лелош яра кху тайпана кIади. Доккха хIума ду-кх, оццул лерина ша лела а йина, дIаяхийтича, Хелисатана сел вон, сел ирча хIара кIади суна яла эхь цахетар, - аьлла, оьгIазъяхана Забу ша муха лестайо а ца хууш Курбикица цхьаьна куьйр лесто елира.

Кхо дечу къамелана резайоцуш учин бIогIамна юххехь лаьттачу Курбикин лулахо йолчу зудчо элира:

- Забу, массарел а дика и дIа коч, схьа коч, боху хIума вай ваьшна юкъара дIадаьккхича хир дара. И совгIат дар дац. Цкъа-делахь, ваьшна и коч юхалур ю аьлла хетачунна бен вай и луш а яц. Цул совнах, ваьш и елларг кех яьлла а ялале, «оха кучана кIади а елла яхийти иза», бохуш, дозаллин къамелаш деш, ваьш елла коч массарна а хаийта гIерташ лела вай. Иза а оьзда хIума дац. Ваьшна схьа коч елча, «аса дIа диканиг еллера, суна вониг елла», бохуш, тIекхаьчкхаьчначохь и дуьйцуш а лела вай. Нагахь санна, цхьа хIума ца нисделла, дIа кIади еллачо схьа кIади ца луш меттиг нислахь, цунах дийнна эладита до вай. Ма аьлла дIадан нислуш дац и совгIат. И шен цанисделларг и нисдан гIерташ холчухIуттий бIаьрза хьаьвза.

Уьш совгIаташ дарш а я гергалонаш чIагIдарш а дац. Мелхо а вавшашна цатамаш бар а ду, вовшашна ца оьшу сингаттамаш бахарш а ду.

Стеган вахарехь цхьа дезде деана - зуда ялийна меттиг хилча, кIант я йоI дешна даьлча, я хаза шен гIуллакх дан гIерташ воллу да-нана доцу жимха хьаста, цунна я уьш санна долу кхидолу гIуллакхаш бахьана долуш, шен дан тарлуччул совгIат дар хаза ду. Амма схьаелла дела, дIаяла еза, бохуш, и кучамаш дIай-схьай хуьйцуш лелош дерш ца оьшурш ду. Уьш дита деза вай.

- Деллахьа ма нийса къамел ду иза. Кхул тIаьхьа и дIа коч, схьа коч, боху хIума аса леладахь, аса дуьйцург дош дац-кха хьуна, - аьлла, ша лестош лаьтта куьйр саца а йина, шена Хелисата делла кIади тускар чу кхоьссира Забус.

Хамидов Iабдул-Хьамид вина 1920-чу шеран гIадужу-беттан 15-чу дийнахь. Иза нохчийн яздархойх тоьллачех ву. Цул сов иза актёр а, байтанча а, драматург а, гочдархо а, театран кхолларалийн белхахо а, Нохч-ГIалгIайн АССР-ан Хьалкъан артист (1959), Совет Пачхьалкхан яздархойн декъашко (1943), Нохч-ГIалгIайн яздархойн Бертан гIентда (1959-1961). Цуьнан дахаран некъ цIаьххьана хедира машенан бохамехь 1969-чу шеран товбеца-беттан 6-чу дийнахь.

XS
SM
MD
LG