Хала ду ваха
Со матто хьистина,
Чийхийна иштта,
Дукха нах гIиртина
Тхан девнаш листа.
Тахана цуьнгара
Ледарло яьлла,
ДоггIуче и цхьа дош
Цо дIа ца аьлла.
Матто и беза бехк
Суна тIе тоьтту.
«Хьо воцург мила ву
Бехкениг?» - хоьтту.
Оьшшучу киртигехь
Само ца ярна,
Берриг бехк тIе тетти
Оха цу дагна.
Амма дац иза цу
Балхана реза.
Сайн хила дийзи сан
Бехкана къера.
Кхолламийн духаршна
Вайн денош доруш,
СхьадогIун дахар ду
Со гIалатвохуш.
Дахаро садуу.
Дахар бу бала.
Дахаран йовхо ю
ХIораннан канахь.
Цо мотт а, цо стаг а
Дагах дIахутту,
Стаг дийна кхосаберг
Хуьлий дIахIутту.
Вовшашна Iитталуш
Ирий и сенаш,
Вай хала йохуш ю
Дуьненчохь хенаш.
Шайх тарван гIерта нах.
Хьийза во наха.
ТIаьхь-тIаьхьа хала ду
Стагана ваха.
2012-шо.