Хатаев Хьусайн. "ХIай, Нохче, къайленан болам..."
ХIай, Нохче, къайленан болам, дависа цкъа кхиа хьох,
Гур бара суна сайн толам, гIайгIа дIакъаьстина cох.
Малх богу бIов марахь шена. Нахана бен доцу сурт.
Ца оьшу теш хилла хенан, хи йистехь деха буо-чурт.
Кхайкхам бу техкарехь хьаннийн, хишча берг кIуон узам бу.
Лазам бу кIоргаллехь Iаннийн, бIаххьашкахь тIех собар ду.